Шен балхо ирсе йинарг

9RRcyLhZJWgКурчалой-Эвларчу №1 йолчу юккъерчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархо ю Татаева ХIазан. Оцу школехь дешна ю иза. 1971-чу шарахь Гуьмсера хьехархойн училище чекх а йоккхий йогIу иза хIинца ша болх бечу школе балха. Цул тIаьхьа, 1977-чу шарахь, деша йоьду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете (заочни кепара). Ша балха еачахьана, цкъа а шен белхан меттиг хуьйцур яра ша аьлла ойла хилла яц ХIазанан. ХIара 45 шо ду цо шен болх, безаш, бен. Хетарехь, безаш хилчий бен-м оццул дукха бабелла а хир бацара цуьнга иза. Дешархошна ненан мотт хьехарал сов, и безар а дуьллу цо церан дегнашка. Цо дешархой кхетош дуьйцу шен мотт цабезар эхь хиларх а, нохчичунна шен мотт хаа безарх а лаьцна. Вайн республикехь а, шайн районехь а дIахьочу тайп-тайпанчу конкурсашкахь хьалхара а, шолгIа а меттигаш йоху цо хьоьхучу дешархоша. Дала къаьмнашна шайн-шайна совгIатна делла ду меттанаш. Вай нохчий а кхоьллина Дала, вайна нохчийн мотт баларца. Кхидолу меттанаш хаар дика ду. Амма, цкъа хьалха шен ненан мотт Iамо беза. Иза дерриге а хууш йолчу ХIазанна дика хаьа дешархой кхетар болчу кепара царна мотт а, мохк а безуьйтур болу агIо лело. ХIора а шарахь санна, кху шарахь а дика вовшахтоха дагахь бу уьш нохчийн меттан денна (25-гIа апрель) лерина даздаран гIуллакх. Цунна кечамбар дIадолийна дешархой оцу денна кечбарца а, кхидолчуьнца а. Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо ю ХIазан. Тахана, ша къоначу тIаьхьенна ненан мотт хьоьхуш хилар шен ирс лору цо.

– Кхин цхьа а болх а ца оьшу суна. Оьшуш хиллехь суна хир а бара кхиболу белхаш. Даима сайн ирс хетта суна айса дешначу хIокху школехь нохчийн мотт хьехар, – боху Татаева ХIазана.

Цо болх бечу школин директора Бишиев Сайд-Эмис а чIагIдора ХIазан дика хьехархо хилар.

– ХIазан яцахьара тхан йиш а яцара. Тхайн кхиболу хьехархой вон бу аьлла а ца боху ас, дикачу хьехархойн могIарера цхьаъ ю иза. Шен мотт, мохк, халкъ дукхадезар дикачу агIор къахьегарца гучудоккху цо. Дела реза хуьлда цунна, – элира цо.

Татаева ХIазан дика хьехархо хиларна тоьшалла ду Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Курчалойн районан администрацин а цIарах цунна елла ткъех сов Сийлаллин грамота хилар.

Дала латтабойла вайн махкахь ХIазан санна болу дика хьехархой!

И.МАТАГОВ

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: