Кхиазхойн толамаш
ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин «Олимпийск» спорткомплексехь кхиазхошна юкъахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула республикин схьайиллина турнир. Кхузахь дакъалоцуш бара вайн республикерчу берийн-кхиазхойн спорт школашкара (РДЮСШ, ДЮСШ) спортсменаш.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Хь.Комаев (39 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, 1.Ибрагимов (39 кг.) – №4 йолу ДЮСШ, I.Эскерханов (54 кг.), – Грозненски районера ДЮСШ, С-М.Магомадов (58 кг.) – РДЮСШ, И.Калаев (69 кг.), – №7 йолу ДЮСШ, С.Сатуев (72 кг.) – РДЮСШ.
Нальчикера – дашочу мидалшца
Дукха хан йоццуш ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьенехь – Нальчикехь – дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кхиазхошлахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан регионашкара классикаш. Вайн республикера 8 спортсмен вара къийсадаларшкахь.
Турнир дIаяьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамаш бехира вайн махкахоша: А.Сукаевс (55 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, С.Бекаевс (58 кг.) – РДЮСШ.
ХIокху къийсадаларшкахь вайн спортсменаша лаккхара хьуьнарш гайтира.
Республикин берийн-кхиазхойн спортивни школин директора Гучигов Аптис гIо-накъосталла дира вайн спортсменаш турнире бохуьйтуш.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо