Хууш ма-хиллара, 2016-гIа шо «Россин МЧС-н цIеяларх ларбаран белхахойн шо» аьлла дIакхайкхийна ду. Цуьнца доьзна Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша тайп-тайпанчу районашкарчу дешархошца а, берийн бошмашкарчу берашца а «Кхерамазалла йолу Кавказ» проектан гурашкахь дуккха а цхьаьнакхетарш дIахьо.
Иштта, хIокху деношкахь Шелковски районерчу Карагалински станицерчу школин дешархошца цхьаьнакхийтира МЧС-н белхахой. Цара йовзийтира цIеяьлча ларъян еза бакъенаш. Иштта, цIарах кIелхьарабахархоша дешархошна Iамийра цIеяьлла бохам хилча, нийса, кхоччуш, МЧС-н белхахошна сиха, бохам хилла меттиг карор йолчу агIор хаам бан. Цул тIаьхьа гайтира противогаз бетах йолла а, нийса лело а.
Цхьаьнакхетар дерзош, цIарах кIелхьарабахархоша берашна дIасадийкъира цIарах кIелхьарабахаран службин номер (112) тIехь йолу кехаташ.
З.ЧИНХОЕВА
Суьрта тIехь: дешархошца цхьаьнакхетар
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо