Кхолларалло серлабаьккхина некъ

Дукха хан яц нохчийн къоман драматически театран 85 шо кхача йисинарг. 2016-чу шеран май беттан хьалхарчу дийнахь кхочур ду иза. Дуьххьара театръезархой вовшахкхетта къоман студи 1928-чу шарахь кхоллаелира. Иза вовшахтохаран гIуллакх дIадолийнарг Яндаров Мохьмад вара. Цуьнан лаам къобалбан кийча кегийрхой а кIезиг ца хиллера. Кегийрхошна шайна карийра, еса хIусам а, цара шаьш йира, аьтто болчо шайн цIера аннаш схьа а кхоьхьуш, сцена а. Церан корматаллин шовкъо йийсаре лаьцна Бадуев СаьIид а студина цхьацца забаре интермедеш язъян волавелира. Цуьнан жимах волу ваша – Мовжди вара Iаламат чIогIа артист хила лууш, студина юкъавеана. Делахь а, вайн  хьалха цкъа а театр хилла ца хиларна, къоначу артистийн деша дезара, корматалла караерзо езара. Цундела цхьацца хьехархой балийра луларчу гIаланашкара, артисташ хила луучу кегийрхошна театран говзаллин баххаш Iамадайта. Шина шарахь къахьийгира къоначу артисташа дийнахь доьшуш, суьйранна шайга хьовса баьхкинчу гIалахошна цхьацца сценкаш хIиттош. ХIорш къарбала а, юхабовла а дагахь боций хиъча, 1931-чу шарахь республикин совнаркомо сацам бира, Яндаров Мохьмада куьйгалла дечу тобанах театран студи ян. Бакура режиссер валийра. Цуьнан цIе Али Мамед яра. Цо дукха къахьийгира вайнехан кегийрхойх артисташ бан болчу лаамца. Эххар, 1933-чу шарахь Бадуев СаьIидан «Цен гIап» цIе йолчу пьеси тIехь изза цIе йолу дипломни спектакль хIоттош, дешна бевлира уьш. Нохчийчохь театр хилар тIечIагIдеш яра 1933-чу шеран 11-чу июнехь арадаьллачу «Известия» газета тIехь цунах лаьцна хилла статья. Статьян авторо билгалдоккхура, Советийн Iедалан беркатечу зIаьнарийн сирла нур Кавказан къоьжачу лаьмнашка дIакхаьчна хилар а, цу нуьран серлонехь нохчаша яьккхина мехала гIулч кхиамца кхоьллина къоман театр хилар а. 1934-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан сацамца нохчийн, гIалгIайн мехкаш вовшахтоьхна цхьа республика йира. ТIаккха цхьаьнатоха дийзира церан театраш а. Аьлча а, Нохчийн къоман театрах Нохч-ГIалгIайн драматически театр хилира. Нохч-ГIалгIайн Автономни Республикин куьйгалхоша кехат дахьийтира Гуьржийчоьнан куьйгалхошка, вайнехан къоман театр кхиорехь гIолацар доьхуш. Гуьржаша Нохчийчу режиссер Чхартишвили Арчил ваийтира. Театран говзалла кIорггера йовза лууш болу кегийрхой шайн махка Iамо дIабигира.б

1936-чу шарахь  Москвара театральни институт кхиамца чекхъяьккхина цIавоьрзу нохчийн дуьххьарлера режиссер Батукаев ХIарон. Боккхачу кхиамца чекхйолу цуьнан дипломни спектакль «Майра Кикила». Гуьржийн халкъан туьйра бухе диллина хIоттийна и спектакль мерза кхаъ хилла дIахIоьттира вайнехан хьовсархошна. Ишта-м Батукаев ХIарона  Бадуев СаьIида язйина масех пьеса а хIоттайо: «Дашо Iам», «ЖаIуьнан доьзал», «ЦаIебас зудаялор». 1937-чу шеран гуьйранна дIаволало режиссер Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолчу драми тIехь болх бан. Амма цу муьрехь и спектакль чекхъяккхар ца хуьлу, 1938-чу шеран февралехь Бадуев СаьIид НКВД-с чуволлар бахьанехь. Вайнехан театрана эшам хилла Iаш бацара яздархо  чуволлар а, тIаьхьо НКВД-с иза бехк боцуш вер а. Иза дерриге а нохчийн къоманна эшам бара. 1944-чу шеран 23-чу февралехь махках даьккхира дерриге а нохчийн къам. Цуьнца махках елира къоман театр а. Амма къар-м ца йира Сталинан хьадалчаша кхолларалин коллектив. 1946-чу шарахь, ша цкъачунна дIатарвеллачу Лениногорскехь, режиссера Батукаев ХIарона гергахьа беха нохчийн артисташ схьа а гулбой «Халкъан театр» вовшахтуху. Цара нохчийн маттахь «Аршин мал Алан» спектакль хIоттайо. Кхийолу спектаклаш хIиттайора нохчийн маттахь. Мел доккха самукъадолура Даймахках хьоьгуш Iачу вайнехан цу спектаклех.

1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо елира. Кхойтта шарахь шайн хьовсархойх а, дай баьхначу лаьттах а хьегна къоман театран артисташ а бара цу ирсан декъехь. Цкъа мацца а цIадоьрзур дуйла хууш санна, нохчийн яздархой хиллера керла пьесаш язйина Iаш. Цундела ,1958-чу шарахь керла мур схьабиллира хIинца Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIе лелош йолчу вайнехан къоман драматически театро. Ошаев Халида язйинчу «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь хIоттийна изза цIе йолу спектакль яра Нохчийчохь театро дуьххьара гайтинарг. Мусаев Мохьмада язйинера «Теркан тулгIенаш» цIе йолу пьеса. Иза фашизмана дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь дакъалаьцначу вайн турпалчу махкахойх яра. Хазахетарца хьовсархоша тIеийцира, театран боккха кхиам хилла дIахIоьттина «Теркан тулгIенаш» цIе йолу спектакль. Доцца аьлча, Нохчийн къоман театр даима хилла шен халкъан лазамашца ехаш а, цуьнан диканаш кхайкхоран шатлакхан илли хилла лаьтташ а.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь СССР-хь тоьлла ларалучу итт театрана юкъайогIуш яра Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театр. Шекспир, Шиллер, Гольдони, Чехов, Островский, иштта кхийолчу сийлахьчу цIерша серлайоккхуш яра театран репертуар. 50 шо гергга ду цуьнан репертуарехь «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу спектакль йолу. Испанхойн поэта, драматурга Гарсия Лоркас язйинчу драми тIехь режиссера Хакишев Руслана хIоттийна шатайпанчу башхаллица къаьста и маьIне спектакль, нохчийн къоман культурин хазна хилла дIахIоьттина. Иштта мехала лар йитина къоман театран исторехь похIмечу режиссера Солцаев Мималта. Цо хIиттийна «Сид», «Ричард-3», «Кориолан» спектаклийн лаккхара мах хадийна Москварчу, Санкт-Петербургерчу театральни критикаша. Амма и данне а дац къоман драматурги вайн режиссераша тидамза йитина бохург. Нохчийн къоман культурин мах боцу беркат хилла дIахIоьттина Хамидов Iабдул-Хьамида  язйинчу «Бож-Iела» пьеси тIехь театро хIоттийна изза цIе йолу спектакль. 50 шо ду цуьнан забарша, ирачу матто, актерийн башхачу ловзаро вайн самукъадоккху. Делахь а, вайна цкъа а кIорда-м ца йо массарна дукхаеза «Бож-Iела» спектакль.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзина баланаш халкъаца цхьаьна лайра театран актераша. ТIеман кхийсарш лахъяла евлча, хIусам яцахь а, декорацеш яцахь а, ахча дацахь а болх бан дIайолаелира къоман театр. Буьрсачу тIамо йохийна яра Соьлжа-ГIала, шен хьовсархошна Iаламат мехала совгIат театро деш. Французийн яздархочо Антуан де Сент Экзюперис язйина «Жима эла» повеста тIехь спектакль хIоттийра режиссера Хакишев Руслана. Повесть нохчийн матте яьккхинарг Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Леча вара. Цул тIаьхьа, мел дукха дара иштта мехала совгIаташ, нохчийн къоман театро шен хьовсархошна хаддаза латтош. Ша кхоллаеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна таханене схьаеана вайнехан театр шен къомах дIа ца къаьсташ. Иза даима ю халкъан лазамашца, цуьнан кхиамашца ехаш. Цкъа а кIад ца луш нохчийн къоман истори а, цуьнан майра турпалхой а гойтуш схьайогIу, Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолу Нохчийн къоман драматически театр. Цунна къеггина тоьшалла ду театро (Дала гIазот къобал дойла цуьнан), Россин Турпалхочух, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна гайтина масех спектакль. «Нигат», «Къонахчун дош», иштта литературни-музыкальни композицеш яра уьш. Цундела, хIора шеран 27-чу мартехь билгалдоккхучу Театран Дуьненаюкъарчу денца  нохчийн артисташ декъалбеш, тIечIагIдан мегар ду: шен 85 шо кхачаран юбилейна хьаналчу къинхьегамо серлбаьккхинчу некъаца  тIейогIуш ю Нохчийн къоман драматически театр.

А.ГАЗИЕВА

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: