Дош ца лардича…

Россин Федерацин Идала йистерчу (Приволжски)  федеральни округана чуйогIу Саратовн  область 101,2 эзар кв.км. майда йолуш, боккха мохк бу.

Советан заманахь, 1934-чу шеран 10-чу  январехь къастийначу оцу губернехь (иштта олу кхузарчу бахархоша шайн махках) кегий ярташ а, кIотарш а йоцуш 18 гIала а, 38 район а, 26 гIалин кепехь поселкаш а ю. Цигахь Iаш ду шина миллионе ца кхоччуш адамаш. Царах 80 процент сов оьрсий а, 20 проценте ца кхоччуш кхидолчу къаьмнийн векалш а бертахь беха цигахь. Вайн боккхачу мехкан алссамчу  субъекташкахь санна, бусалба нах а беха Саратовн губернехь. Нохчий а бу царна юккъехь.IMG-20160311-WA0011

Губернин коьртачу шахьарна Саратовна цхьа бIе километр генахь ю Калининск гIала. Цунна гуонахарчу  ярташкахь беха нохчий, кхузара гIезалой а, кхиболу бусалба нах а санна,  пIераскан дийнахь гIаларчу маьждиге рузбане  боьлху. Кху тIаьхьарчу иттех сов шарахь маьждиган  имам гIезало Iусман ву.1999–2000-чуй шерашкахь тIамах бедда беана  нохчийн масех доьзал бара Калининскехь.

Шен бусалба йиш-ваша дукхадезаш, царах къахеташ, церан дахар аттачу даккха шен ницкъ кхочург  деш волчу Iусманна тIевеара царах цхьана доьзалан да. Нохчийчохь хьанна а евзачу йоккхачу юьртара вахархо вара иза. Ала деза, Теркайистехь Iуьллу и юрт тIамо йохийна  а яцара, делахь а, шен цхьана аьттонна махках ваьлла хир вара иза.

Цомгашчу хIусамнанна операци яйта юхалург 3 бIе эзар туьма дийхира цо маьждиган  имаме. Оццул ахча дацара имамехь, амма оцу механа масех тонна маьлха хIуш делира цо. Уьш дIадоьхкина, царах ахча гулдина, хьалха Дала, шолгIа Iусмана дина гIуллакх бахьана долуш, доьзалан нана а тоелла. Шен, ницкъ ма кхоччу, маьждиган имаман даьхни юхадерзор ду ша, элира нохчичо, цкъа-шозза. Кхин иза ца нислуш шен юьрта цIавирзира иза. Делан къинхетамца, вайн  мехкан коьртачу  шахьарахь, Москвахь, бизнес а йолийна, цунах доккха беркат а хуьлуш когавахара.

Шарахь цкъа-шозза телефон тухий, шен декхар хьахадора Iусмана. Ша цхьа гIуллакх нисдеш вара, кIирнах – шина кIирнах собардахьара, хезара хIоразза а имамана. Эххар а телефон схьа а ца оьцуш дIавайра декхар доллург. 2013-чу шарахь, дагна операци ян езаш хилира Iусман. И операцеш ярехь доккха зеделларг долчу Москварчу больницехь  рогIе  а хIоьттина, ахча гулдан волавелира иза. ХIуъа дича а, оьшучул ахча вовшах ца кхеташ, операцин хан тIекхочуш йиш йоьхначу Iусмана, шена вевзачу кхечу нохчичуьнга дийхира, шена орцахвалар, шен декхархо веха юрт, фамили, цIе  йийцира.

Шайга баьхкинчу «чоьхьарчу» наха деанарг девзича, «куьгбехкечун» вашас хаьттира: «И Iусман шун гергара ву?».

–Хьол а, хьан вешел а гергара-м ву, – хезира цунна, – хIунда аьлча, шена дина дика ца хуучуьнца, гергарло хьовха, дика-вуон а ца догIу. Ша телефон дIа а тухур ю, декхар дIа а долуьйтур ду, шаьш нехан даьхни дууш а дац, мелхуо а, нехан гIуллакх деш а, далуш а ду вашас аьлла, Iусмане и хаам бира «чоьхьарчу» наха. Декхар доллучун телефонан керла лоьмар а дIаелира.

Кхин а мелла  хан яьлча, Iусмана хаийтира, дуьххьара ша мила ву ца хууш телефон схьаийцира шегара, амма цул тIаьхьа «тIитI» дIа а ца олу, аьлла.

– Деллахь, Iусман, хьуна кхин дан вошалла-м дац, вуьшта, зIе дIайоьдуш елахь, хьуо Саратоверчу къедина тIегIур ву, цуьнга орцадаьккхина, Москварчу къедига хаам бойтур бу, хьан цIе, фамили, телефонан лоьмар  дIалур ю, нагахь и дойла  ца лаахь, 13 шо даьлча мукъане а, сан декхар юхадерзаде, кхо де хан ю хьуна,  алий «смс» язъехьа цуьнга, – аьлла динчу хьехаре ладуьйгIира имама.

Цул тIаьхьа, мелла а хан яьлча, Iусмана дийцира:

– Хьо хIун дан воллу, кхаа дийне а ца делира сан гIуллакх, цхьа сахьт далале маситтазза телефон схьатуьйхира: «Ахча тIедаккха карточкин лоьмар яийта» аьлла. Зама йоцуш хIумма а дац-кх. Цунах дика гIуллакх хилира, сайна операци а яйтина, и бахьана долуш, Дала сайна елла хан дагца бала-сингаттам боцуш йоккхуш ву со.

Дийнахь деш долу пхи ламаз ша имам волчу маьждигехь дечу Iусманна вас лаьттара,  масех шо хьалха,  меттигерчу нохчийн диаспорин векалша гуонаха ян йолийна керт чекхъялаза йисина, дийнахь-буса  жIаьлеша керт бехъярна. Цул сов, мацах оьрсийн гоьваьллачу яздархочо Гогола дийцинчу Россин махкарчу некъех къаьсташ боцу кху гIалин урамах къаьхкий,  жимачу басахь лаьттачу маьждиган уьйтIа схьахьийзон машенаш ларйина цаваларна а дог эшадора цуьнан.

Стохка мархин баттахь, Iуьйранна маьждиге схьаькхаьчначу цунна, керт чекхъяккха оьшу гIирс карийра охьабиллина. Дукха хан ялале белхалой а схьакхечира. Уьш тIом болчу шерашкахь кхузахь Iийначу нохчех бара.

Iусманца лараме хиларна, шаьш мел говза белахь а имаме хоттий, цо къобал динарг кхочушдора цара. Мало йоцуш, са гучу заманчохь букъ хьала ца саттош болх барна, ши-кхо де далале кибарчигийн когаш чекхдевлла, сварщик ийшира эчиган керт дIахIотто.

Луларчу юьртахь говза сварщик ву аьлла, цуьнга телефон тоьхна, боьху мах белча, керт дIахIоттон вогIур вацара хьо аьлла, барт бира кхара.

ШолгIачу дийнахь, дукха тиша хиларна, хIинцца массо а меже охьаюжур ю-кх кхуьнан аьлла хетар долчу машенахь схьакхечира сварщик Рома. Белхалойх воккханиг а эцна  вахана сварка ян оьшу гIирс эцийтира цо.

Аьллачу дийнахь схьавар ца хилира Ромин. Кхеташ дара, «мемсан молха» коьрте даьлла хир ду, цхьа кхин амал бан беза бохуш, хIорш ойла еш болуш, шеца накъост а валош, кхоалгIачу Iуьйранна, са тоссушехь,  схьакхечира Рома.

Ялта чудерзочохь гIуллакх деш вара ша аьлла, хьеваларна бехк цабиллар а дехна, болх дIаболийра цо. Шеца волу накъост садаIа а, хIума кхалла а юьстах  ваьлча а, садаIа а, я  делкъе ян а юкъах ца волуш, бода боллалц болх бира  Ромас.  Иштта кхин цкъа катоьхча, шеко йоццуш, дукха башха чубоьрзур бара маьждиган гуо. Делахь а, иза а дийца дезаш дара, ткъа тахана бинчу белхан  мах бан а бацара. И дика девзачу нохчичо элира:

– Рома, баккъал а говза сварщик а, башха белхало а хилла хьо. Ахь цIе тоьхна мах  бу хьуна, схьаалал хьайна дезарг!

СадаIа хьовха, маьждигехь шортта лаьтташехь, делкъанна хIума кхалла а юкъах ца волуш болх бинчу Ромас, шен гIелваларца, велааьшна, бода боларна наггахь бен кIайдарг ца гучу стигала пIелг хьажийра:

– Вай муьлхха йорт йиттича а, Цунна (АллахIана)хьалха даха дезаш дуйла хууш ду-кх вай.

Хазахетий, синкъерамний  Цо вай ца кхоьллиний-те аьлла,  шек ву со.  Механа  болх беш хиллехьара, ас сайн гIийла цигаьрка узуш, са а доIуш, кхача бууш, тIе чайнан стака а молуш бийр бара. Ткъа таханлера къа, Цуьнгара сайна хинйолчу йолана хьегна ас. («Авось, зачтется») …

Коьрта тIе хьалаоьзна, чекх са ца гун шен Iаьржа куьзганаш схьадаьхна, каралаьцна, Iодика йира Ромас…

Т.САРАЛИЕВА

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: