Хьалха-Мартан районан ГIойтIарчу №2 йолчу юккъерчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Яхъяева Iайнаъ.
ХIораннан жимачохь къастийна ловзар хуьлу дахарехь ша хоржур болчу некъаца доьзна, иштта хилла Iайнаан ловзарш а. Юьхьанцарчу классашкахь доьшуш йолуш, хьехархо ю ша бохуш, бераш гулдой, царна яздан а, еша а «Iамош» ловзура. ХIетахь дуьйна а хаьара цунна ша муьлха говзалла хоржур ю. Дешаран декъехь къахьегна болчу гергарчу наха, «и боцург кхин болх ца мега хьуна, ма хала а, догэтIош а болх бу-кх иза» аьлча, кхин цхьа а болх шена ца беза, олуш хилла I.Яхъяевас. Хьехархо хила лаам чIогIа хиларна, итт класс чекхъяккхалц Iийча дукха хьелуш хеташ, бархI класс чекх а яьккхина, деша яхана иза Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище.
«Нохчийн къам махках даккхале ГIойтIарчу №4 йолчу школехь хьехархочун болх бина ша, олура тхан дас (Дала гечдойла цунна), – долийра шен къамел Яхъяева Iайнаа. – Суна хетарехь, иза а, сан хьехархочуьнга хилла болу безам а бахьана хир ду со хIокху балхахь хилар. Цкъа а ца хетта сайга кхин болх балур бара аьлла. Тхан нанас олура: «ЙоI, со-м латта ахка гIур яра, бераш Iамо ца йоьдуш». Делахь а, суна хIара бен кхин болх ца безий хиъча, хьайна луъург де аьлла, тIетайра». (Юккъехула аьлча, Iайнаан нана Асмаъ лаьтта тIехь дукха къахьегна а, къинхьегам мидалшца билгалбаьккхина а ю. Ша дешна яцахь а, шен берашка дешийтина а, уьш ийманехь, гIиллакхе, оьзда кхиийна а ю.)
Училищехь доьшуш йолчу хенахь №18 йолчу школе практике яхийтича, цигахь хьехна Яхъяева Iайнаа шен дахарехь дуьххьара дарс. Бераша тIе муха оьцур ю те бохуш сагатдеш, хIора дош Iамош, леррина кечам бина а хилла. Цо шен къинхьегаман некъ дIаболийна 1977-чу шарахь ГIойтIарчу №2 йолчу юккъерчу школехь, директор Зелимханов Зиявди Даутович волчу хенахь, юьхьанцарчу классийн хьехархо йолуш. Альтемирова Лидас нулевой класс вовшахтухуш, цуьнца нийсса нулевой класс схьа а эцна, Лиде шена ца хуург хатта а хоттуш, цо гIо а деш.
Юьхьанцарчу классийн берашна хьоьхуш волу хьехархо психолог а, кхетош-кхиорхо а хила веза. Иштта, берашна дуьнен тIехь шаьш дехачу хенахь хаа дезаш долчух массо агIор а хьехарш дала деза. «Кхин даккхий гIуллакхаш дац динарш, – бохура хьехархочо. Делахь а, хIокху цхьана школехь дIаяхна сан ерриге а хан. Кхузахь ас болх бен 38 шо ду. Берашна хьехар до ас: «ХIинца шуна ца хаахь, кхана оьшур ду шуна. Деша. Дай-наноша шуна оьшуш дер дерриге а латта ма до, царна хазахетийта ца лаьа шуна? Лаьа. ТIаккха аш деша ма деза. Книгаш еша. Нахана юкъахь лела дезча дуккха а ду хаа дезарш. Телефонаш, компьютерш, мультфильмаш мичча хенахь хир ю шуна. Ца дешча цхьа а хIума ца хуьлу. Сан хиллачу цхьаболчу дешархоша хIинца а, дешна хилла делара шаьш, олу шуна. Дешнарш, хьажал, цхьаъ эццехь ву, важа хIоккхехь ву, бохуш, сайн хилла дешархой масална а хIиттош, бераш йохье даха гIерта. Хуур ду-кх хIун хир ду».
Яхъяевас балхахь пайдаоьцу юьхьанцарчу классашна леринчу журналах а, «Орга», «СтелаIад» журналех а, «Даймохк», «Маршо» газетех а, хьехархочун гIоьнна интернет чохь йолчу пособех а. Iайнаа дийцарехь, дешархойн къаьсттина самукъадолу «СтелаIад» журналах.
ЦIахь йолу проблемаш, шен лаамаш дIа а теттина, берийн дахарца, царна оьшучуьнца, пайдехь долчуьнца еха Iайнаъ. Дешархоша дерриге вуониг а, сингаттам а, бала-гIайгIа а йицйо цунна.
«Кхузаманан дешархойн хилла аьтто ца хилла хьалха дешначеран. ХIинца дерриге а ду: интерактивни у, компьютерш, кхиерг, – кхидIа а дуьйцура I.Яхъяевас. – Электроникица долу хаарш дика делахь а, цхьаболчу дешархойн дешар ледара ду хьалхалерчу дешархойнчул а. Цхьаболчу дешархоша мало йо деша. Хьалха бераш, баккхийчаьрца кхиъна хилар бахьана долуш, ийманехь, гIиллакх долуш хуьлура. ХIинцалерчу берашна «ца мега» бохург хIун ду а ца хаьа. Дай-наной хуьлу, хIуъа иза делахь а, шайн беро аьлларг дан лууш».
ХIинца 2-гIа классерчу берашна хьоьхуш ю Iайнаъ. Ткъе вейтта дешархо ву классехь, царна юкъахь еша ца хууш цхьа а вац. Дика йоьшуш а, ешначух кхеташ а, чулацам схьабийца хууш а ду цхьадолу бераш. ХIинца берийн бошмашкахь Iамийна хила дезахь а, 1-чу классе схьаэцна долу цхьадолу бераш деша а, яздан а хууш ца хуьлу. Хьехархочо дийцарехь, цаьрца дукха къахьега дезаш хуьлу.
«Со школехь доьшуш йолчу хенахь айса язйинарг нене дIагайтича, «ХIан-хIа, ахь дика ца язйина», – олий юха язйойтура соьга, – бохура хьехархочо. – Иштта, хIинца сайн дешархойн дай-наношка олу ас: «Шайн берийн тетрадашка хьовсийша, тIаккха хуур ду шуна цара муха язйо а, цаьрга юха язъяйта еза я ца еза а». Цхьаболчара иза тидаме оьцу, вукхара, шаьш балхахь ду, ца кхуьу, бераша шаьш Iамайо, олий, бахьанаш дуьйцу. Шайга хаьттича берашка дешийта а, Iамо лууш а хуьлу, амма цIахь берашца кIезиг болх бо. ЦIахь а цаьрга йоьшуьйтуш, цаьрца болх беш хилча, кхин а дика кхеташ хир дара уьш. Ас цIахь бан белла болх, хуьлда иза оьрсийн мотт, математика, талла йоьлча, «хIара муха йина ахь, цIахь хьуна гIо дан цхьа а вацара?» – олуш нисло. Цхьаболчу дай-наноша шаьш а ца кхийтира цунах аьлча, цаьрга ала хIумма а ца хуьлу. Дай-наношна юкъахь а бу дешнарш а, деша аьтто ца хилларш а».
Юьхьанцарчу классийн хьехархочо йоккха меттиг дIалоцу бераш кхиорехь. Иза адамаллин, кхоллараллин хилла ца Iаш, кхидIа йолчу говзаллин бух лоруш, уггаре а оьшуш говзалла ю. Дуьххьара школе деана долу бер тIеоьций, шен нийсархойх дIадолуьйтуш, цунна дешаран хьелашна юкъадаха гIо деш.
1979-чу шарахь дуьйна Яхъяева Iайнааца цхьаьна болх беш ю историн хьехархо Эльдирбиева Ляля. Дуккха а дара цуьнан Iайнаах лаьцна ала довха дешнаш. «Ас хIокху школехь дейтта шарахь дешаран декъан директоран заместителан а, цул тIаьхьа директоран а белхаш бина, – бохура Ляляс. – Iайнаа дарс дIахьо ша артист йолуш санна. Цуьнан дарсехь дерриге а бераш болх беш хуьлу. Муьлхха а хьал тIехIоьттина, беро нийса доцург дина, хIинца хIун хир ду те, аьлла хеттачу хенахь дешархо кхето некъ карабо Iайнаана. Цо цкъа а шен нийсархошна хьалха охьа ца таIаво вуондерг даьлла дешархо. Иза дикачунна тIе нисван а, цуьнан юьхь ларъян а, дешархо айван а хьожу иза, иштта мегар ма дац, ахь и санна дерг дича дика хир ма дац, хьо дика ма ву, хьуна эхь ма ду ишттаниг хьайгара далийтича, олий. Иза дац цо дешархошна дерриге а могуьйту бохург. Шайна дов дахь а берашна хаьа шаьш хьехархочунна дукхадезий. Шаьш кегий дара аьлла доцуш, царна гуш ду хьехархочо шайна сагатдеш хилар, цунна шайна халахетийта лууш цахилар.
Дешархочун муьлххачу хаттарна жоп дала собар тоар а, мел халачу хьолехь а шен нийсархошна хьалха юьхьIаьржа ца хIоттош, дешархо айван хаар а хьехархочун адамаллин а, хьехаран а гIиллакх ду. Иштта хьехархо наггахь бен хуьлуш вац. ПохIма долуш хилар ду иза. Яхъяева Iайнаъ оцу хьехархойх ю. Цу декъехь кхуьнан дешархойн аьтто хилла.
Муьлххачуьнца бийца мотт болуш, нахаца чIогIа ийна ю Яхъяева Iайнаъ. Дог-ойла таьIна волчунна самукъадаккха а, коллективехь муьлххачу хьолехь сий долуш, лаккхарчу тIегIанехь ша гайта а хаьа. Адамашна юкъахь къаьсташ, дика амал ю иза. Юьхьанцарчу классийн хьехархо хила хала ду. Йоккха дикалла а, собар а оьшуш болх бу иза. Дукха хенахь дуьйна болх беш елахь а, балхаца йолу шовкъ дIа ца йолуш схьайогIу Iайнаъ».
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо