Историн агIонаш
МАГАС. 246 шо кхаьчна гIалгIайн халкъ шен лаамехь Россин пачхьалкхех дIакхетта. Цуьнца доьзна дукха хан йоцуш йоккха митинг-концерт дIаяьхьира Несарехь культурин цIенна хьалха. Масех эзар стаг вара цигахь дакъалоцуш. Халкъан даздаршкахь беза хьеший бина тIеийцира Россин могашалла Iалашъяран министр Скворцова Аероника, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон куьйгалхо Кузнецов Лев, ГIалгIайн Республикехь волу федеральни инспектор Ошноков Рашид, регионан Куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.
Митингехь дийцира гIалгIайн халкъо оьрсийн пачхьалкхех дIакхета бинчу мехалчу сацамо цуьнан кхолламехь бинчу мах хадийна ца валлал баккхийчу хийцамех, халкъан кхиарехь хиллачу башхачу Iаткъамах лаьцна.
Оцу хиламна лерина республикин культурин министерствос кечйинчу программехь дакъалецира «Лоам» тобано, бевзаш болчу артисташа Барахоева Любас, Имагожев Османа, Базоркина Зараа, Мархиева Людмилас, Мальсагова Розас, дуккха а кхечара.
Оццу дийнахь республикехь билгалдаьккхира ГIирма Россих схьакхетта ши шо кхачар а. Ткъа гIалгIайн 80 студента дакъалецира Москвахь дIаяьхьначу «Вай цхьаьна ду» аьлла йолчу митингехь-концертехь.
«Исламан бустамаш»
ЭЛИСТА. ГIалмакхойн Республикин Къоман музейхь схьабиллина «Исламан бустамаш» аьлла болу гайтам. Иза вовшахтоьхначара дийцарехь, гайтам лерина бу, бусалбанийн гIиллакхашца догIуш ма-хиллара, бIаьсте тIекхачарца керла шо тIедогIуш хиларца доьзна дIахьон долчу даздаршна.
Гайтамехь хьалха хIоттийна цхьа бIе ахбIе сов экспонат, шайна юкъахь регионехь дехаш долчу халкъийн векалийн зударийн а, божарийн а къоман духарш а долуш. Долуш ду гIарадаьлла девзаш долу верта а. Ткъа кхузахь бехаш бу Iаьрбий, нохчий, гIезалой, казахаш, алтайцаш, гIиргIазой. Иштта Iалашо ю оцу халкъийн культура куьйга динчу кузийн, истангийн бустамашкахула йовзийтар а.
Йоккха меттиг къастийна гайтамехь бусалбанашна уггаре а деза, сийлахь ларалуш долчу Къуръанна, суьлхьанашна, ламазан кузашна.
Гайтам вовшахтоьхначарна хетарехь, цо таро хуьлуьйтур ю регионехь бехаш болчу бусалбанийн культура, гIиллакхаш, ламасташ шуьйра довза.
Харжамашна кечамбеш
ВЛАДИКАВКАЗ. Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарахь схьайиллина харжаман бакъонан школа. Цигахь дIахьон йолчу лекцешка ладогIа лаам болчарна тоьхна цхьа а тайпа доза дац. Иза гIуллакх деш хир ю Къилбаседа ХIирийн пачхьалкхан университетан юридически факультетан буха тIехь.
ХIокху деношкахь хьалхара занятеш дIа а яьхьна школехь. Хьалхарчу дийнахь лекцешка ладугIуш вара 40 стаг. Кхин а иттех ладогIархо тIеэца таро а ю. Оцу дийнахь школин ладогIархошна бовзийтира Моздокан харжамийн комиссис дIахьош болу болх, цуьнан башхаллаш, хинболчу харжамашна йолу комиссин планаш.
Дика кечамбарца дIадолийна гIуллакх ду иза. Школа схьайоьллучу юьххьехь цуьнца боьзна хинболу университетан а, Владикавказан урхаллин институтан а студенташ цхьаьнакхийтира районийн харжамийн комитетийн председательшца а, секретарашца а. Чулацаме дара царна юкъахь хилла къамел, дуккха а керланиг девзира цигахь дешаран заведенийн векалшна.
Уггаре а деха лента
СТАВРОПОЛЬ. Керла рекорд хIотто кечлуш бу Георгиевск гIалин бахархой. Цигахь сацам хилла Толаман Денна лерина уггаре а деха георгиевски лента кечдан а, иза гIалин урамашкахь гайта а.
И тайпа толамаш дуьххьара баьхна ца Iа гIалахой. ДIадаханчу шарахь, масала, цара Бештау лома тIе даьккхинчу георгиевски лентин йохалла 70 метр яра. Делахь-хIета, кху шеран 9-чу Майхь керлачу рекордан тешаш хир бу даздарийн дакъалацархой.
Ларамаза дац меттигерчу бахархоша и гIуллакх къаьсттина доккхачу маьIне лоруш хилар – гIалин герба тIехь верг Георги Победоносец ву – нийсо ларъеш верг.
Метеорит карийна
НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь лаьмнашкарчу Арик юьртана уллохь метеорит карийна. Регионан Iилманчаш экспедици дIахьочу хенахь тIеIиттабелира метеоритан гаьргашна. Стиглара «хьаша» цигахь цхьа бIе шо сов хьалха охьайоьжна хиларна тоьшалла дара цунах лаьцна 1914-чу шарахь газеташа яздина хилар. Карийначу метеоритах дерг довзийтира Оьрсийн географически юкъараллин регионан отделенин председатела Котляров Виктора.
Метеоритан гаьргаш гучуяхарехь доккха гIо дира меттигерчу бахархоша. Бакъду, уьш билггал йолу меттиг цкъачунна юьйцуш яц, «космосерчу тIулган» мах Iаламат лакхара хиларна. Амма «Мир-24» телеканало хаамбарехь, герггарчу хенахь стигланан Iаьрчашкара веана «хьаша» цигара дIа а ваьхьна, регионан уггаре а алсам адамаш хуьлучу майданахь дIахIоттор ву.
Йоккхачу жигараллица
НАЛЬЧИК. Эльбрусски районан ерриге а ярташкахь шуьйра билгалдаьккхира балкхарийн халкъ юхадендаларан де. Цунна лерина яра концерташ, тайп-тайпана гайтамаш, тематически суьйренаш, литературин-музыкин композицеш. Меттигерчу стадионехь дIаяьхьира «Журтуму жарыкъ танглары», аьлла халкъан дахар гойтуш йолу фольклоран фестиваль-конкурс, дакъалоцуш районан ерриге а яртийн, Тырныауз гIалин векалш а болуш.
Конкурсан жюрис шен-шен номинацехь мах хадийра балкхаройн ков-кертан, фольклоран концертан программин, къоман духаран, къоман даарийн, юьртан, гIалин истори гойтуш йолчу стендийн.
«Зазадаккха сан Даймохк, сан Балкхари!» аьлла йолчу дезачу дийнан йоккхачу концертехь дакъалецира Къилбаседа Кавказан а, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин а эстрадин артисташа. Циггахь вовшахтоьхнера къоман кухни, хIораннан а таро яра къоман даарийн чам баккха.
Стадионе баьхкинчеран иштта таро хилира меттигерчу спортсменийн хьуьнарийн мах хадо. Леррина программа кечйинера берийн «Солнышко» паркехь а.
Яйна йоI карийна
ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийн коьртачу гIалин яхархочо полице хаамбира шен 16 шо кхаьчна йоI яйна хиларан хьокъехь. Цо дийцарехь, 24 сахьт даьллера иза цIахь йоцу, йоI мичахь хила тарло а ца хаьара цунна.
Полицин белхахой каде хьовзар бахьанехь дукха хан ялале схьакарийра яйнарг. Иза гIалин коьртачу базарна гена йоццуш хиллера.
Оццу деношкахь синтемана гIаролехь лаьтташ болчара Каменомост кIотаран вахархочунна юхаерзийра кхетамчуьра йолуш хилла шен нана.
Керла 253 хIусам
МАЙКОП. Кху шеран хьалхарчу шина баттахь Адыгейхь гIуллакхана юкъаялийначу чохьIачу ерриге а хIусамех кхоалгIа дакъа долахошна кхочу. Цара оцу балхана йина юкъара харжаш 622,2 миллион соьман барамехь ю.
Оцу муьрехь йинчу ерриге а гIишлош чохь 86 процент чохьIачу хIусамийн Iалашонна лерина ю. Иштта, январехь-февралехь бахамлелоран ерриге а хорманийн организацеша йина 253 хIусам. ГIуллакхана юкъаялийна 15 778 квадратни метр – дIадаханчу шеран оццу муьрехь хиллачул 28,7 процентана алсам. Цу юкъахь долахоша йинарш 6208 квадратни метр ю.
Федеральни «Мир квартир» портало хIоттийначу рогIерчу рейтинго чIагIдарехь, Россехь механа дикка йораха ю регионехь юхкуш йолу хIусамаш.
Хин дуьненаюкъара де
МАХАЧКАЛА. Кхузахь Дагестанан гидроэнергетикаша дIадолорца Гамзатов Расулан цIарахчу Къоман библиотекехь билгалдаьккхира хин тIаьхьалонийн Дерригдуьненан де. 1993-чу шарахь ООН-н Генеральни Ассамблейс хIоттийна долу иза хIора шарахь билгалдоккху 22-чу мартехь.
Республикехь гIуллакх деш ю хи Iалашдаран ворхI меттиг, шайн цигахь болх беш гидроэлектростанцеш а йолуш – Чиркейски, Чирюртски, Миатлински, Гунибски, Гергебильски, Ирганайски. Билгалдаккха хьакъ ду аьлла хета хин тIаьхьалонех пайдаэцаран чоьтах регионехь ерригенах а 99 процент электроэнерги йоккхуш хилар.
Библиотекин гайтамаш дIахьочу зала чохь берийн-кхиазхойн хин тайпанашкахула йолчу спортан «Касрий» цIе йолчу школин дешархоша шаьш кечдинчу хинкеманийн тайп-тайпана моделаш гайтира, ткъа Гамзатов Расулан цIарахчу гуманитарни гимназин дешархоша хьалха хIиттийра адамийн дахарехь хи мел мехала ду гойтуш долу шаьш дехкина суьрташ. Даздарийн гурашкахь иштта дIаяьхьира «ЧIогIа мехала хи» аьлла йолу гайтам-конкурс.
Даздарийн берриге а дакъалацархошна дагалецаман совгIаташ дира.
Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо