Стаг лачкъийна бохург – бух боцуш карийна

     Февраль беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Ленински районехь жима стаг лачкъийна бохуш, баьржина хиллачу хаамна цхьа а тоьшалла ца карийна. Цу хьокъехь, дIахьедар дина Россин Федерацин Талламан комитетан Нохчийн Республикехула йолчу урхалло.

   WhatsApp приложени чухула баржийначу хаамца, Соьлжа-ГIаларчу Ленински районера Митаев Iелин цIарахчу урамехь, 5-чу февралехь суьйранна 6 сахьт даьлча, вевзаш воцчу кхаа стага жима стаг, нуьцкъаха схьа а лаьцна, Iаьржачу басахь йолчу «Лада Приора» чу а тоьхна, дIавигнера. Цул сов, хаам баржийначо ма-аллара, «лачкъийна» волу жима стаг, «Мансур» аьлла, шен цIе яккха а кхиънера.

«Республикин Прокуратурин тIедилларца, 5-чу февралехь суьйранна 6 сахьт даьлча Митаевн цIарахчу урамехь жима стаг лачкъийна хиларан хьокъехь баржийначу хааман леррина, талламаш бина. И хаам соцсеташа баржийна ца Iаш, республикин шуьйрачу хаамийн масех гIирсо а баржийнера. Цу урамехь бехаш болчу Соьлжа-ГIалин бахархошца а, оцу суьйранна цу урамехь хиллачу нахаца а, хаттарш деш, болх бина. Амма, стаг лачкъийна бохург цхьа а бух болуш ца карийна тхуна», – аьлла Россин Федерацин Талламан комитетан Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин векала.

Кхузахь ала догIу, хьалхо Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон векала вайна аьлла, шайга цхьа а хаам ца кхаьчна аьлла хилар. 

И.ИСЛАМОВ

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: