ХIокху дуьненахь вай мел динчу диканна вайна эхартахь ял лур йолуш ву Хастам хиларг, вайн дегнаш ялсаманица кхаъ баккхарца хьостур долуш ву. ХIокху дуьненахь вай динарг карор ду вайна къематан халачу, доккхачу дийнахь. Дала диканаш дарехь совдовлар лойла вайна. Иштта, АллахIа шена дика динчех, Ша везар деллачех цхьаъ хилла эвлаяъ Бешир Шайх. Суна цунах лаьцна дийцира Беширан тIаьхьенех волчу Нохчийчохь дика вевзачу журналиста Баширов Сайд-Мохьмада.
Бешир Шайх (Абу) дуьнен чу ваьлла 1810-чу шарахь Эндери юьртахь, хIинцалерчу Хасавюьртахь (Дагестан). ХIетахь къаьмнашний, халкъашний юкъахь таханлера дозанаш ца хилла. Нохчийн мохк Салатан лаьмнашка кхаччалц хилла. Абун да, шен дай а санна, Эндерехь ваха а ваьхна, кхалха а кхелхина. Абун йиша Жаннат-Абай а хилла эвлаяан даржехь. Иза дIайоьллина ша яьхначу юьртахь. Цигахь дIабоьхкина Абу-Шайхан дай а, гергарнаш а. Кхузахь ду церан латтанаш а. Амма цкъа а шайн латтанийн хьокъехь цхьаьнгга а дош ца аьлла Бешир-Шайхан тIаьхьенаша. ХIунда аьлча эвлаяа весет дина цаьрга цхьаьнцца а латта ма къийса аьлла. Цунах дерг дика хууш ву Баширов Сайд-Мохьмад а.
Бешир-Шайхах къамел деш хилча вайн йоцца экскурси ян езар ю оцу замане, оцу хенахь хилла хиламаш карлабахархьама. Иштта, 1831-чу шеран октябрехь Россин эскарша тIе а летта схьаяьккхира Чир-Юрт. Оцу юьртара юхаваьлла имам ГIеза-Махьма Салатан лаьмнашкахь йолчу ширачу гIопехь чIагIвелира. Гебек-ГIала цIе йолу и гIап Эндирейний, Дылыманий юккъехь яра. Россин эскарш цунна тIаьхьадевллера. Инарла Вельяминов коьртехь волчу эскаршца луьра тIом хилира цигахь. Оцу тIамехь ГIеза-Махьмин мурдашца цхьаьна дакъалецира Эндерерчу а, Акташ-Аухерчу а ополченис. Делахь а, оцу тIамехь даккхий дараш хиллачул тIаьхьа ГIеза-Махьмин Гебек-ГIала гIап йита дийзира.
Амма муридаш къар ца белира. Царна гIо а, тIетевжийла а карийра нохчийн Акташ-Аух юьртарчу бахархошкара. Гебек-ГIала гIопана гена йоццуш яра и юрт. Цара Акташ хинан бердайистошкахь тIелатар дира Россин эскаршна. Абу-Шайх а, ГIеза-Махьма а хьалха а волуш, цара дика кечам а бина хилира и тасадалар. Ларамаза дацара Абу-Шайха оцу тIамехь дакъалацар. ХIунда аьлча цуьнан дедеден Гебек-Шайхан латтанаш тIехь дIабоьлхуш бара и хиламаш. Оцу тIамехь когана чов а йира Абу-Шайхана. (Цхьаболчу талламхоша цунна чов Шемалца цхьаьна тIом бечу хенахь хилира бохуш дуьйцу. Иза бакъ дац). Цигахь хиллачу чевнах астагIа вуьсу Абу-Шайх.
Буьрса хилира тасадалар. Шина а агIор дукха бара кхелхинарш а, чевнаш хилларш а. Цхьаболчу историкаша яздина ма-хиллара цхьа а агIо ца тоьлаш дирзира и тасадалар. Шаьш тоьлла ца лерира оцу тIамехь оьрсийн эскарша а.
Дукхах долу тасадаларш хуьлура Внезапный гIопехь долчу паччахьан эскарша Накъшбандин тIарикъат а, шарI а даржарна дуьхьал дан хьакъ доцу гIуллакхаш дар бахьана долуш. Ткъа ша и гIап Эндерений Гебек-ГIаланий юккъехь яра.
Герггарчу хьесапехь XIX-чу бIешеран 30-гIа шераш юккъе доьлхучу хенахь Бешир-Шайх шен вежаршца цхьаьна Эндерера юххерчу цхьана аьккхийн юьрта дIакхелха, ткъа цигара – Нохчийчоьнна юккъе. Цо дакъалецира Кавказан имам хоржуш хиллачу диванехь. Историкаша хьахош дац хIетахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам харжа веза аьлла (хьалхатеттинарг) цIе яьккхинарг Шемал, Ташу-Хьаьжа, Бешир-Шайх хилла хилар. Бешир-Шайх реза ца хилира оцу дарже хIотта. Цо далийна хиллачу делилех цхьаъ дара паччахьан эскаршца хиллачу тIамехь, когана чов йина, астагIа хилар. Хьанна хаьа, тIемаш бан кIордийна хилла хир ду цунна. 1840–1845-чуй шерашкахь Бешир-Шайх ДаьргIахь Iийра, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имаматан паччахье цигахь хиларна. Цуьнан нана Ахав а кху юьртарчу кешнашкахь дIайоьллина. Шайхан тIаьхьенан нахана дукха хан йоццуш карийна цуьнан (Ахаван) каш.
1843-чу шарахь Имам Шемал ДаьргIахь Бешир-Шайх волчохь хьошалгIахь хилира. Ткъа гурахь имаматан эскарш Внезапни гIопана тIелетира. Башир-Шайхан дика доттагIа вара Къурайшин цIийнах волу ГIазгIумкичуьра Джалгалутдин. Эндарейхь Iаш волчу хенахь Шайх хьал долуш стаг вара. Цуьнан дуккха а латтанаш дара, дайх дисина. Бешир-Шайхан дай Накъшбандин тIарикъатан Iеламнах а, шайхаш а бара, ткъа иштта еххачу хенахь Эндери юьртан къеданаш а, имамаш а лаьттина бара.
Паччахьан эскарша ДаьргIа ягийначул тIаьхьа, имаматан паччахье Дишни-Ведана схьаеара. Цига схьакхелхира Бешир-Шайх а. Цуьнан дуьххьарлера зуда оцу юьртара а, дишнийх а хилла. Бешир-Шайха диванехь дийцира аьлла дуьйцуш цхьа хабар ду. Шемал имам хоржуш чекхъяьллачу диванехь Башир-Шайха цуьнга аьлла хилла: «Суьйли, хьайн дагт1е куралла ма тасийталахь, и тесначул тIаьхьа хьо хьайн даржах вухур ву хьуна, оьшур ву хьуна!».
Дуьйцу, цкъа шен эскарца тIаме ваха араваьлла Шемал. Юха хьаьжча шен доккха эскар гина цунна. «ХIокху эскарца-м ас милла а эшор ву!», – аьлла куралла иккхина боху цигахь цуьнан дагчу. Цу тIера дIадоладелира боху Шемалан имамалла дохар а, эскар эшар а.
Беширна шайхан дарж делла ЧIаьнти-Юьртарчу Элах-Моллас, Таьшкичуьрчу Хожа-Ахьмада, Лаха-Неврерчу Iусман-Хьаьжас, Костекарчу Герехан-Хьаьжас, Гермачигарчу Арсланукъа (Амай). Бешир-Шайхан воккхах волчу кIантана Аптина шайхан дарж делла Шеларчу СоIип-Моллас, Хьалха-МартантIерчу Солса-Хьаьжас, Таьшкичуьрчу Iабдул-ВахIаб-Хьаьжас, Гучуг-Юьртарчу (хIинца Къилбаседа ХIирийчоьнан Моздокски районера Кизляр юрт) Исхьакъ-Хьаьжас, Баммат-Юьртарчу Юнус-Шайха, Бота-Юьртарчу Мустапа-Хьаьжас (Датай). ЧIаьнта-Юьртарчу Элах-Моллина шайхин дарж делла Девкар-Эвларчу Докка-Шайха, Галнерчу Дени-Шайха.
Кху дахарехь яьккхинчу кIеззигчу хенахь Бешир-Шайхо (Абус) иттаннаш шайхаш а, Iеламнах а кхиийна. Тахана а, оццул дукха хан дIаяьллехь а, церан боккха сий-ларам бо халкъалахь, церан цIераш евзаш а, кест-кеста йохуш а ю. Вайна йовза еза берриге а шайхийн, эвлияийн дашо зIе (силсил), довза деза церан зераташ.
ДУРАЕВА Хьава,
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу
Сийлаллин мемориальни комплексан Iилманийн белхахо