«Ас некъа тIехь бераш лардо»

Россин Пачхьалкхан автоинспекцис «#Дика билгало» интернет-акци дIакхайкхийна. Акцин коьрта Iалашо ю бахархошна некъан кхерамазалла ларъяр коьрта хилар дагахь латтор.

   Россин Федерацин Госсоветан президиуман кхеташонехь дуккха а дийцира интернет-проектах лаьцна (и тайпа акци дуьххьара вовшахтоьхна Ярославски областехь). Цигахь дийцира берашна, кхиазхошна некъан бакъенаш йовзийтар, царна машенах ларбала Iамор мехала хиларх а, иштта машен хохкуш болчу нахана гIашлой ларбан безаш хиларх лаьцна.

Интернет-акцехь дакъалаца аьтто хир бу (жима вара, воккха вар аьлла ца Iаш) лаам мел болчун. ХIокху кхайкхамашца дIахьош ю иза. Машен лелорхочунна – «Ас некъа тIехь бераш лардо», дай-наношна – «Тхан доьзал – некъа тIехь берийн кхерамазалла ларъярехьа», берашна – «Суна евза некъан бакъенаш, ас уьш лар а йо».

Цу юкъахь дакъалоцуш школа я берийн беш йолчахь хуьлучу «Бераш» билгалона юххехь даьккхина сурт хила деза. И сурт графикин кепехь шайна хаза хетачу агIор кечдина хила а мега (коьртаниг и хьаьрк евзаш хилчхьана). Ша цхьаъ тIехь волуш а, я дукхха болуш а хила йиш  ю сурт. Кечдинчул тIаьхьа социальни сеташ чу даккха деза иза («Instagram», «ВКонтакте», кхийолчу а) «#ДикаЗнак» хэштегца.

Хь.БАХТАЕВА

 №35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: