2016-чу шеран аьхкенан муьрехь туристийн кхерамазалла Iалашъяран дуьхьа тайп-тайпанчу ведомствошна юкъара комисси ю республикехь вовшахтухуш.
Комисси вовшахтохар а, цуьнан болх цхьаьна хорша берзор а тергонехь латтор ду Нохчийн Республикин Правительствон туризман комитето. Иштта хаам баржийна республикехь чрезвычайни хьелаш дIакхайкхоран а, царах хилла зенаш дIадахаран а, цIерах республикин латтанашна кхерамазалла латторан а комиссин цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа.
Дийцаре динчу гIуллакхца хьашташ мел долчу министерствон а, ведомствон а векалш хир бу комиссина юкъахь.
– Туристийн инфраструктурин объекташ аьхкенна кийча хилар толлур ду леррина вовшахтухуш йолчу комиссис. Цул сов, къаьсттина тидам тIебохуьйтур бу туристаш совцур а, кхочур а болчу меттигашна. Карташ тIехь республикин аварийно-орцанан службаш йолу меттигаш а, туристашна цаьрца зIене бовла кепаш а къастош, хаамийн баннерш хIиттор ю цигахь, – элира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Абдулвахабов Расула.
Туристийн инфраструктурин объекташкахь бан леринчу талламийн жамIашка хьаьжжина акташ кечдийр ду комиссис. Цаьрца боьзна кхидIа болу болх Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллина тIехь буьсур бу.
Билгалдан догIу, нохчийн спасательша туристийн тобанашка а, шаьш болчу туристашка а шайн маршруташ МЧС-н дакъошкахь йийцаре яр доьхуш хилар. Цунах йоьзна ю, туристашна оьшуш меттиг хилча, спасательшкара хьашт долу орца тIекхачаран сихалла.
– Туристаша тхоьца шайн маршруташ йийцаре ечу хенахь, царна довзуьйту цу маршрутехь долу гидрологически а, метеорологически а хьал, гонахарчу Iаламех хила тарлуш болу кхерам, иштта тхайн белхахошца зIе тасаран меттигаш а, – дийцира Абдулвахабов Расула. – Туристаша тхан белхахошкахь шайн телефонийн номерш а, паспортийн хаамаш а, маршрутан карта а дуьту. Цундела, Дала зуламах ларбойла уьш, нагахь санна туристашна орца оьшуш меттиг нисъелча, тхуна уьш мичахь лаха беза хиъна ца Iаш, лахавезарг маса ву а, билггал мила ву а хаьа.
Иштта цо билгалдаккхарехь, МЧС-н дакъошкахь дIаязбина болчу туристаша спасательшца сих-сиха зIене а бовлуш, билггал шаьш долу меттиг а, шайгара хьал а довзуьйту. Амма, нагахь санна, уьш зIене бовлаза алссам хан ялахь, МЧС-н белхахой церан маршрутца арабовлу уьш лаха.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: туристаш Итон-Кхаьллан кIоштан лаьмнашкахь
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо