«Россин доьзална – хIусам» программа кхиамца кхочушъеш ю

  Нохчийн Республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос гуттар а тергонехь латтадо республикин пачхьалкхан «Нохчийчоьнан бахархошна дика а, лахарчу мехах а йолчу хIусамашца а, хIусамийн-коммунальни бахаман хьашташца а кхачояр» программин декъехь «Россин доьзална – хIусам» подпрограмма (кхидIа – программа) кхочушъяр. Оцу программин декъехь гIишлошъярехь дакъалоцуш болчаьрца массарца а хIора кIирнах кхеташонаш дIахьо.23

    Программин коьрта Iалашо ю Нохчийн Республикин бахархошна (программин дакъалацархошна) лерина лахарчу мехах гIишлош яр. Цуьнан  декъехь йина йолу хIусамаш цхьана квадратан метрах 30-35 эзар соьмал сов мах ца боккхуш, юхкур ю.

Вайн республикехь билгалъяьккхина программа кхочушъяран декъехь иштта белхаш бина:

– лаьттан дакъош а, гIишлош йийрйолу организацеш а, гIишлошъяран проекташ а къасторан къепе чIагIйина (Нохчийн Республикин Правительствон 2014-чу шеран 30-чу июнехьлерчу №125 йолчу сацамца);

– лахарчу мехах йолу хIусамаш эца бакъо йолу бахархой къасторан бехкамаш билгалбаьхна, церан рагI нисъяран а, уьш дIаязбаран а къепе тIечIагIйина (Нохчийн Республикин Правительствон 2014-чу шеран 9-чу сентябрехьлерчу №155 йолчу сацамца);

– Нохчийн Республикин Правительствон 2014-чу шеран 2-чу октябрехьлерчу №258-р йолчу сацамца лаьттан дакъош къасторехула комисси кхоьллина.

Лаьттан шина декъа тIехь гIишлошъяран белхаш дIадахьаран проекташ а, уьш кхочушйийр йолу организацеш а къастийна:

Хьалхарниг ю  хIусамийн юкъара барам 30,80 эзар квадратан метр а болуш (440 петар), «Маьлхан» микрорайон» Iер-дахаран комплекс» проект. Соьлжа-ГIала, Старопромысловски шоссе, 24  адресца, 4,68 гектар йолчу лаьтта тIехь йийр ю и гIишлош Нохчийн Республикин «Дирекция» предприятис. Цу юкъахь ду 7 гIат долу цхьа цIа, цу чохь 56 петар хир ю (ерриге а 56 петар); 9 гIат долу диъ цIа, хIоранна чохь 96 петар хир ю (ерриге а 384 петар). 2016–2017-чуй шерашкахь кхочушъян лерина ю проект. 7 гIат долу цIа кху шеран 31-чу мартехь схьаделла лерина ду, карарчу хенахь пенаш тIехула кечдаран белхаш бу беш (чекхбовла герга бахана), чохь токан серий дIатасар, чоьхьара пенаш хьахар, иштта кхиболу кегий белхаш а чекхбевлла. 2016-чу шеран декабрь баттахь 9 гIат долу ши цIа а, 2017-чу шеран декабрь баттахь дуьсуш долу (9 гIат долу) ши цIа а  дина далийта лерина.

ШолгIаниг ю 27,92 эзар квадратан метр (408 петар) хIусамийн юкъара барам а болуш, Хьалха-МартантIера «Къилбаседа» Iер-дахаран комплекс микрорайон» ярна лерина проект. Иза кхочушйийр ю «Евро-Телеком» ООО-с Хьалха-МартантIехь, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу урамерчу, 4 гектар меттиг дIалоцучу лаьттан декъа тIехь. Цу юкъадогIу исс-исс гIат йолу 4 цIа (хьалхарчу цIа чохь 96 петар хир ю, шолгIачу а, кхоалгIачу а цIенош чохь 128 петар (хIоранна чохь), доьалгIачу цIа чохь – 56 петар). 2017-чу шеран декабрь баттахь дина довлийта лерина ду и цIенош.

Нохчийн Республикехь «Россин доьзална – хIусам» программа кхочушъяран декъехь дIахьош ду юкъара барам 58,72 эзар квадратан метр хир болуш, лахарчу мехах хинйолу хIусамаш яр (ерриге а 848 петар).

Россин гIишлошъяран министерствос а, Нохчийн Республикин Правительствос а, Ипотекин-хIусамийн кредитовани яран агентствос а бинчу бартаца билгалдаьккхина ду Нохчийн Республика «Россин доьзална – хIусам» программин декъехь юкъара барам 41,744 эзар квадратан метр а болуш, лахарчу мехах хIусамаш ян а, инженерни-технически кхачояран объекташ эцарна 167 миллион соьме кхаччалц ахча хьажо а, 2016-чу шеран чаккхенехь Хьалха-МартантIехь ечу гIишлойн а, 2017-чу шеран чаккхенехь Соьлжа-ГIалахь еш йолчу хIусамийн а гIишлошъяран белхаш чекхдаха а декхарийлахь хилар.

Инженерни-технически кхачояран (хица, газаца, электроэнергица кхачояр а, чуьра хи арадаккхар нисдар а) объекташ эцаран хьокъехь болу барташ боцуш, коьчалшца кхачо еш йолчу предприятешца кхин а тIе барташ бина. Цул сов, «ХIусамийн гIишлошъярна финансировани яран агентствоца» барт бина Соьлжа-ГIалахь ечу «Маьлхан» микрорайонан гIишлошъяран майданахь инженерни сеташ (кхидIа коьчалшца кхачояран организацешна аренде дIалур ю уьш) ярна 27,99 миллион сом ахча (декхар) лур долуш. Нохчийн Республикин Правительствос оцу бартан (декхаран) хьокъехь пачхьалкхан чIагIо йина. Оцу декхаран процентан ставкаш мелла а лахъярна лерина ахча лур долчу конкурсехь дакъалацарна кехаташ а кечдинера, амма цигахь дакъалацархьама кхочушдан дезачу гIуллакхашна ахча ца тоьира, республикин бюджетан хьал ледаро хиларна.

Хьалха-МартантIехь еш йолчу «Къилбаседа» микрорайонна социальни инфраструктурица кхачояран Iалашонца (билгалъяьккхина проект кхочушъяран декъехь) 600 меттигана лерина школа ярна федеральни бюджетера ахча билгалдаккхаран конкурсехь дакъалацархьама кехаташ вовшах а тоьхна, уьш Россин гIишлошъяран министерстве хьажийна республикин правительствос.

Лакхахь билгал ма-даккхара, «Россин доьзална – хIусам» программин декъехь йина йолу хIусамаш, цхьана квадратан метрах 30-35 эзар соьмал дукха ца доккхуш, лахарчу мехах юхкур ю.

2016-чу шеран февраль беттан чаккхенехь хиллачу терахьашца оцу программехь дакъалоцуш верг верриге а 133 стаг ву.

Билгалъяьккхина программа кхочушъяр бахьанехь Нохчийн Республикин Iер-дахаран тайп-тайпанчу хьелашкахь болчу бахархошна лахарчу мехах хIусамаш хирг хилар вуно мехала гIуллакх ду.

А.СУЛИМАНОВА

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: