Цхьа-ши дош…

Шемин Iедалан эскарша а, гIаттамхоша а «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина Пальмира шахьар. ХIинца дIахьош ду цигара минаш дIаяхар.

***

   ТIаьхьарчу шина дийнахь Шемахь долчу Россин тIеман кеманаша 200 сов тохар дина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн объекташна, хIаллаквина 300 гергга террорист.

***

   Иракан коьртачу шахьарерчу Багдадерчу цхьана стадионехь теракт йина. Оцу бохамехь лаххара а 40 стаг кхелхина, чевнаш хилларш шозза гергга алсам бу.

***

   ОвгIанан малхбалехь бакъонаш ларъяран органаша хIаллаквина «Иблисан пачхьалкхан» декъашхо лоруш волу 10 террорист.

***

   Пакистанерчу Лахора гIалахь бомба эккхийтина террористаша. Цигахь 50 сов стаг кхелхина, 100 сов стагана чевнаш йина.

***

   Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Лакхарчу Суьдо кхалххалц набахтехь яккха хан тоьхна терроризмана бехкевеш волчу 11 зуламхочунна.

***

   Брюсселан (Бельги) антитеррористически полицис 13 рейд дIаяьхьна. Терроризмана бехке хиларан шеконца схьалаьцна 4 стаг.

***

   Кишиневехь йоккха митинг дIаяьхьира Молдови а, Румыни а цхьаьнатохар лууш болчу Молдовин эзарнаш бахархоша.

***

   Астанарчу аэропортехь кема охьахаорехь шайгара доккха хьуьнар а, говзалла а гайтина Bek Air кеманан летчикаша. Кеманан хьалхара чкъургаш (шасси) схьа ца еллаеллашехь, кема охьахаийна цара. Цу тIехь 116 пассажир хилла.

***

   Россин Президента В.Путина мехкан МВД-н чоьхьарчу эскарийн салтий а, эпсарш а декъалбира и эскарш кхоьллина 205 шо кхачарца.

***

   В.Путина Шемин Президент Б.Асад декъалвира Пальмира шахьар террористашкара схьаяккхарца.

***

   Ростов гIалахь «Боинг – 737–800» пассажирийн кема доьхча кхелхинчеран гергарчарна компенсацеш дIаделла девлла.

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: