Нохчийн Республикин Автомобилийн некъийн министерствон коллективо даггара декъалво хьо винчу денца!
Оха дозалла до хьан куьйгаллица болх бан тхан аьтто хилла хиларх, Нохчийн Республикин некъийн бахам меттахIотторехь дакъалаьцна хиларх, хьоьца цхьаьна тIеш, некъаш дахка йиш хилла хиларх. Хьан урхалла дан хааран, гIуллакх вовшахтоха хааран говзалла бахьана долуш, декхарш нийса, кхеташ хьалха хIотто хаар, адамашца юкъаметтиг лело хаар бахьана долуш некъаш дахкаран министерство вайн республикехь тоьллачарех цхьаъ хилла дIахIоьттина. Ткъа вайн некъаш, тIеш Къилбаседа Кавказехь а уггаре а дикачех а, бегIийлачех а, тешамечех а хилла дIахIиттина.
Нохчийчоьнна чIогIа чолхе еана хиллачу хенахь хьо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххехь вара. Иза ву вайн кхерчашка машар а, синтем а юхаберзийнарг. Тахана а хьо тешаме хилла вуьсуш ву нохчийн халкъан сийлахьчу кIентан идейшна а, некъана а. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тешаме бIанакъост а ву хьо.
Хьан хьуьнаречу, кIадвалар девзаш боцчу къинхьегаман лаккхара мах хадийна республикин куьйгалло. Хьуна Нохчийн Республикин а, ткъа иштта Россин Федерацин а совгIаташ дина. 2015-чу шарахь хьан совгIатийн хазна тIеюьзна кхин а цхьана совгIато – РСФСР-н автомобилийн некъийн хьалхарчу министран А.А.Николаевн премин лауреат хилла хьо.
Бухарин Абубакар кхин цкъа а дIахаийта лаьа оха хьан боккха сий-ларам беш хилар, тхуна хьо оьшуш, везаш хилар. Лаьа хьан ондда могашалла, маьрша, беркате, токхе дахар хуьлийла, дуккха а шерашкахь хьо вехийла, Нохчийн Республикин дуьхьа бечу балхахь кхин а бIаьрла кхиамаш хуьлийла!
Боккхачу сий-ларамца,
Нохчийн Республикин Автомобилийн некъийн министерствон коллектив
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо