Путин Владимира шен Указца Кадыров Рамзан ханна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже хIоттийна де
Россин Федерацин Президента Путин Владимира Кадыров Рамзанна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдар тIедилларан хьокъехь Указна куьгъяздарх боккха кхаъ хилла республикин бахархошна. Цунна лерина Нохчийчохь сагIанаш дехира, мовладаш дийшира, даккхий тойнаш, ловзарш дира.
Соьлжа-ГIалахь а, Шелахь а, Хьалха-МартантIехь а, Веданахь а, Хоси-Юьртахь а, кхечанхьа а сагIанаш дехира. Цуьнца цхьаьна мовладаш дийшира.
Иштта Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а, Шелахь а, Хоси-Юьртахь а, Джалкхехь а, Шелковскехь а, Нажи-Юьртахь а, Девкар-Эвлахь а кхечанхьа а даккхий тойнаш хIиттийра, ловзарш дира. Ткъа Грозненски кIоштан Галнехь спортан къийсадаларш хилира.
Цул сов, Соьлжа-ГIалахь шатлакх кхоьссира. Иза гIалин а, гуонахарчу яртийн а массо маьIIехь а гуш, йоккха а, инзаре хаза а яра. «Грозный-Сити» лекхачу гIишлойн комплексан пенашна тIехь серлонан гайтамашка хьовса таро хилира республикин бахархойн а, хьешийн а. Цкъа хьалха Нохчийн Республикин байракх а, герб а гойтуш, цул тIаьхьа республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийна волчу Кадыров Рамзанан суьрташ гайтира. Баьхкинчу хьешаша билгалдаккхарехь, «нохчийн халкъо ша цхьаъ хилар а, мехкан Куьйгалхо шена мехала хилар а гайтира кху 2–3 дийнахь».
Республикин бахархоша тIаьххьарлера масех бутт синтем боцуш баьккхира. Уьш саготта бара республикин Куьйгалхо шен даржера дIавала мега бохучунна. Цундела Россин Президентан Путин Владимиран ойла шайн ойланца цхьаьна йогIуш юйла хиъча, цунах боккха кхаъ хилира нохчийн халкъана а, республикехь дехачу кхидолчу къаьмнашна а.
– Дукхах болчу политикаша дан дезарг дуьйцу, ткъа Кадыров Рамзана, дийца а ца дуьйцуш, до. Цундела суна иза дозалла а, сий а ду. ТIом бахьанехь бералла ца хилла сан, амма тахана суна а, суна санна кхечу кегийрхошна а таханлерчу маьршачу дахаро ирсечу кханенах тешар делла. «Далла хастам бе, Цо вайна муьтIахь а, беркате а Куьйгалхо ваийтарна!» – олу соьга сих-сиха нанас, – дийцира Шелковски кIоштарчу вахархочо Магомадов Iумара.
Цо гойту, «кхидIа хIун хир ду?» бохуш, тIаьххьарчу масех баттахь республикин бахархошна синтем ца луш лаьттинчу хаттарна беркате жоп карийна хиларо уьш ирсе бина хилар а, цунах царна баккъал а боккха кхаъ хилла хилар а.
Р.Кадыров республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIотторна лерина цхьаьнакхетарш кхидIа дIадахьа лерина бу Нохчийчоьнан бахархой.
И.ЧЕЧАНХО
№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо