Пачхьалкхан Президента боккха тешам белла

Кхул хьалха а дукхазза а хиллачу цхьаьнакхетарех къаьсташ, ша тайпа маьIна долуш дара дIадаханчу пIераскан дийнахь, 25-чу мартехь Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Р.А.-Хь.Кадыровца хилла цхьаьнакхетар. Уггаре а коьртаниг: оцу цхьаьнакхетарехь Россин къоман баьччас даррехь дIахаийтира ша хьалха а санна Кадыров Рамзанан хьуьнарх, доьналлех, говзаллех тешаш хилар а, нохчийн халкъ цунах тоьшийла шена лууш хилар а, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кхидIа а Нохчийчоьнна куьйгалла дойла шена лууш хилар а.7AdG_FETu70

   Нохчийн дерриге а халкъана боккха юьхькIам а бу, дозалла а ду мехкан Президента республикин Куьйгалхочун хьокъехь иштта хастаме дош алар а, цо бинчу белхан лаккхара мах хадор а. Вайн халкъан дагара хууш санна, Путин Владимира оццу дийнахь куьг яздира Кадыров Рамзанна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдар тIедуьллуш.

Цу хьокъехь хаам бинчул тIаьхьа, ойланехь селханлерчу дийне бIаьрг тухуш, В.Путина элира: «Вайна дика дагадогIу социальни дакъа муьлхачу хьолехь дара, Къилбаседа Кавказехь хиллачу къизачу хиламаша, уггаре а хьалха адамийн кхолламашна бина хилла Iаткъам. Ткъа вай даима а дагахь латтадора республикин хьалхарчу Президента а шен коьрта декхар бахархойн дахар тодар, церан кхерамазалла ларъяр, Нохчийчуьра дахаран хьал тодар лоруш хилла хилар».

Россин Президента дийцарехь, Нохчийчохь деха Iаламат похIме, къинхьегам безаш долу адамаш. Церан дог-ойла, уггаре а хьалха, тIехьажийна ю республика цIинъярна, республикехь а, дийнна Россехь а дахар тодаран хьокъехь гIайгIа барна. Ткъа иза Россин Федерацин муьлххачу а субъектан, Россин дерриге а куьйгаллин, кхеташ а ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгаллин уггаре а коьрта декхар ду.

В.Путина чIагIдарехь, Нохчийчоь тIехулара тоелла Iаш яц. «Хьалха саьлнаш хиллачохь, йохийна гIаланаш, ярташ хиллачохь тахана, зазадоккхуш, цхьа а дестор доцуш боху ас, исбаьхьа гIаланаш, ярташ ю. Кхуьуш, алсамйовлуш ю Нохчийчоьно хьовха, ерриге а Кавказо а, Россис а шайх дозалла дан хьакъ долу гIишлош», – элира пачхьалкхан Куьйгалхочо. Иштта цо билгалбехира Нохчийчоьнан социальни дахарехь а, спортехь а болу башха кхиамаш.

Путин Владимира Кадыров Рамзане дийхира кегийрхошна юкъахь белхазалла лахъярна кхин а алсам тидам тIебахийтар. «Кхузахь кхин а болх бан беза, болх бан беза цIархазмана а доцуш. Ткъа хьоьга и дало. Хьан и нисло. Долуш дерг ма-дарра дIаала деза, цкъа ас хьоьга ала а элира, дахарехь янне а кхин Iалашонаш йолуш стаг хилла волчу хьох, цIеххьана кхин стаг, бахамлелорхо, дика бахамлелорхо хилира. Дика бахамлелорхо хилар Нохчийчоьнан халкъан лехам бу, хьо оцу лехамца вогIуш ву», – элира В.Путина Р.Кадыровга.

Россин Президентана Путин Владимирна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана баркалла элира шена тешам баларна а, шен белхан лаккхара мах хадорна а. Цо дийцира дукха хан йоццуш республикехь Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш йоккха митинг хилла хиларх лаьцна. «Цигахь вовшахкхеттера республикера берриге а бохург санна бахархой. Цара цигахь чIагIдира мехкан Президентан Путин Владимир Владимировичан некъана шаьш тешаме хилар, тхан республикехь кхул тIаьхьа цкъа а тIеман компанеш а, терроризм а, экстремизм а хирг цахилар», – элира Р.Кадыровс.

Юха тIетуьйхира хIокху хене Нохчийчоьнан бахархоша дукха сатийсина хилар. «Баркалла хьуна тешам баларна. Ахь сайна белла тешам ларбан хьожур ву со, бакъонца а, нийсонца а гIуллакх дийр ду», – бохура Кадыров Рамзана.

«ХIаъ, билггал и дар-кха Ахьмад-Хьаьжас сатийсинарг, цуьнан дуьхьа шен са дIа а делира цо», – билгалдаьккхира вайн пачхьалкхан Куьйгалхочо.

Россин къоман баьччанна цул тIаьхьа Кадыров Рамзана довзийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун даржехь волуш тIаьхьарчу масех шарахь ша дина гIуллакхаш, церан жамIаш. «Экономика де-дийне даларца кхуьуш ю. Тхайна хьалха хIиттийначу декхаршца кхиамца ларош ду… Республикин бахамна куьйгалла дар 2007-чу шарахь ахь суна тIедуьллучу хенахь а коьрта тидам тIебахийтира бахархойн кхерамазалла ларъярна. Оцу шарахь бакъонаш ларъяран органийн 157 белхахо вен гIоьртира, царах 56 вен а вийра. ХIетахь Нохчийчохь 56 бандтоба яра. Цара оцу шарахь 14 теракт а йира. 2015-чу шарахь бакъонаш ларъяран органашкара цхьа а белхахо ца кхелхина, оха 19 террорист хIаллаквина, 50 гергга схьалаьцна», – бохура Р.Кадыровс.

Къинхьегаман рынкехь долчу хьолах лаьцна дуьйцуш, Нохчийчоьнан тхьамдано билгалдаьккхира республикехь белхазаллин барам 12,1 процент хилар, 2007-чу шарахь белхазалла 76 процент яра. ТIаьхьарчу шерашкахь регионехь 1400 социальни объект йина, герггарчу хьесапехь оццу барамехь керла цIенош дина, некъаш, коммунальни сеташ тойина. Дан лерина гIуллакхаш кхин а алсам ду. Хийцамаш хьакхалур бу дахаран дерриге а дакъойх.

И гуш ду халкъана. Цуьнан хьокъала боллу мах а хадабо. Цундела боккха кхаъ хиларца тIеэцна республикерчу бахархоша Кадыров Рамзанан белхан лаккхара мах хадош Россин Президента Путин Владимира дина къамел а, цунах ша, хьалха а санна, боккха тешам а, дегайовхо а йолуш хилар тIечIагIдеш арадаьккхина Указ а.

 

С.ХАМЗАТОВ

Архивера сурт

№35, шинара, бекарг (март) беттан 29-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: