Арсанукаев Шайхи
Ненан мотт
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» –
Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.
ЛадогIал цкъа соьга, «хьекъале корта»,
ЛадогIал, яккхий дIа лергара потт:
Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,
МостагIе вистхуьлуш – ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!
Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал цIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга,
Услара даггара хестийна и.
БIешераш хийла а ихна и бекаш.
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.
Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла
Далхадеш, къийсамна гIиттийна цо.
Нохчичун майралла, оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!
Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.
Саиев Iумар
Ларбелаш ненан мотт
Варийлаш, ларбелаш
Ненан мотт сийлахь,
Дог токхдеш бийцарца
Диканехь-вуонехь,
Цу маттахь шу вовшех
Дага ца дийлахь,
И бицлуш лаьттар бу
Даймехкан сонехь.
Лаьттар бу, къух даьлла,
Варшахь некъ санна,
Хьашт эца да воцуш,
ДIатесна гIийла.
Дуьххьара бер хьостуш
Бийцинарг нанас,
Хийла къам шен даржехь
Айъинарг сийлахь.
Лаьттар бу, меттанаш
Кхин юкъадуьйлуш,
Доьзалехь совдаьлла
Меран бер санна.
Заманан йохаллехь
Лер толкхадуьйлуш,
И бала буьсур бу
Ша и къам санна.
Варийлаш, ларбелаш
Ненан мотт сийлахь,
Дог токхдеш бийцарца
Диканехь-вуонехь,
Цу маттахь шу вовшех
Дага ца дийлахь,
И бицлуш лаьттар бу
Даймехкан сонехь.
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо
