Нохчийн парашютисташ Арктике экспедице баха лерина бу

ХIокху шеран 29-чу мартехь дIайолийна 10-гIа апрель кхаччалц лаьттар ю Къилбаседа полюсехь ян лерина экспедици. Цига вахийта кечвина Нохчийчуьра ткъа стаг ву. Арктикехь 4 эзар метр лакхара охьабуьссур бу уьш (хIаваан кемана тIера 300 км/ч сихаллера чу кхийсалур бу парашютисташ). Кхийолчу спортехь санна атта дац парашютан спортехь, иштта корматаллин тIегIанехь ечу экспедицехь хIетте а атта хир дац.керла лакхенаш2

  Вайна ма-хаъара, Къилбаседа полюсан сахьтан аса (часовой пояс) ян а яц, де а, буьйса а эхашарахь лаьтта цигахь. IаьнтIехь температура 40 градус шийла хуьлу. Экспедице баха кечбина спецназан лерринчу декъан белхахой хIора дийнахь шайн говзалла лакхайоккхуш къахьоьгуш бу.

Оцу экспедицин гурашкахь дIадахьа лерина Iаморан кхин гIуллакхаш а ду: меттиг йовзар (ориентирование), хIаваан шийлачу хьелашкахь чекхвалар, 20 километр гIаш «марш-бросок» яр, арахь буьйса яккхар, жIаьлешна тIаьхьа тесна марш яр, мала хи лахар и.дI.кх.

Къилбаседа полюсехь охьабиссинчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу спецназан лерринчу декъан белхахоша тIеман-Iаморан а, талларан-лахаран а, кхидолу а гIуллакхаш дIахьур ду, и дерриге а уггаре а халачу хьелашахь хир ду.

Нохчийн спецназан тобано вайнехан исторехь дуьххьара тIеман-Iаморан операци дIахьур ю Арктикехь.

 

Хь.БАХТАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: