Кху деношкахь белхан гIуллакхашца доьзна Курчалой-Эвла дахар нисделлера сан а, сан белхан накъостийн а. Цига дахханчуьра тхо хилира юьртара №1 йолчу юккъерчу школехь. Шайн балхах лаьцна дийцира школин директора Бишиев Сайд-Эмис.
– ХIара школа 1972-чу шарахь йина ю, юьрта юккъехь а ю, 3 гектар сов меттиг дIалаьцна кхуьнан гIишлоно, 530 дешархочунна меттиг ю. Хьалха, кхо смена йолчу хенахь, чIогIа хала хуьлура тхуна. «Курчалойн районан шо» аьлла билгалдаьккхинчу 2010-чу шарахь кху кертахь керла гIишло яр бахьана долуш аттачу даьлла тхан гIуллакх. ХIинца шина сменехь доьшуш 1 540 дешархо ву кхузахь, – дуьйцура цо.
Хууш ма-хиллара, ЕГЭ а, ОГЭ (ГИА) а дIаяла кечамаш бу беш вайн республикин ерриге а школашкахь. Оцу декъехь дешархой кечбеш а къахьоьгу школин директора Сайд-Эмис а, хьехархоша а.
– Экзаменаш дIаяла 11-чу классийн дешархой кечбеш дика хьехархой бу тхан. Кхин бераш чу доьлхуш а доцуш, шайнна къастийна классаш ю ЕГЭ дIаяла езачу дешархошна лерина, хIора а класса чохь интерактивни у а долуш. Царна мел оьшуш йолу материалаш а кийча ю. Кхоъ – 11-гIий, пхиъ – 9-гIий класс ю кхузахь. ЕГЭ дIаяла езарг верриге а 64 дешархо ву, ткъа ОГЭ-на кечамбийриг 127. Царна кхин тIе Iамош къа а хьоьгу хьехархоша. Кху шарахь дешаран гIуллакх къаьсттина дика хилийта хьовсур ду тхо – бохура С-Э.Бишиевс.
Нохчийчоьнан Правительствос а, дешаран, Iилманан министерствос а Сийлаллин грамоташца а, кхидолчу совгIаташца а шайн къинхьегаман мах хадийна хьехархой бу цигахь. Цо дийцарехь вайн республикерчу хьехархошка, церан хаарш зуьйш ЕГЭ дIайолуьйтучу хенахь оцу школехь оьрсийн мотт хьоьхуш йолу Дахтукаева Хьава хьехархошна юкъахь 6-чу меттехь хилла ю.
– Бераша дукхах йолу хан шайн цIахь деца а, ненаца а йоккху. Дас-нанас хьехарш деш кхиош долу бер школехь а, нахана юкъахь а къаьсташ хуьлу гIиллакх долуш а, оьзда а хиларца. Тхуна новкъа ду берийн верасах дукхах берш кхайкхича школе цабахкар. Экзаменаш дIаяла езачу дешархойн дай-наношца сих-сиха хуьлу тхан дан дезаш къамел, амма, 64 дешархочун дех-ненах 15 стаг а ца хуьлу веанарг. Баьхкинарш а дика, тIехдика доьшучу берийн цIахьберш хуьлу. Цундела, ма-лаъара ца хуьлу тхан вовшахкхетар. «Да-нана», «дешархо», «хьехархо» – и нийса агIонаш йолу кхосаберг (треугольник) ца хилча ма-луъу гIуллакх ца хуьлу цунах, – элира директора Бишиев Сайд-Эмис.
И.МАТАГОВ
Авторан суьрта тIехь: Бишиев Сайд-Эми
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо