Жима я воккха вара аьлла доцуш, цамгар хьакхаелча, больнице кхочу стаг. Самукъадолу меттиг-м муххале а яцара иза, олуш ма-хиллара, ца ваьлла йоккху-кх цигахь хан. Иштта ойла хилла хир ю Соьлжа-ГIалин вахархочун Мусаев Мусан цхьа бутт хьалха Нохчийн Республикин ТIеман ветеранийн госпитале ша кхаьчча. Амма кхуьнан дика аьтто хилира – хьалхарчу дийнахь дуьйна дарба лелоран хан чекхъяллалц лоьрийн тергонехь вара иза.
– Со чохь Iиллинарг ТIеман ветеранийн госпиталан гастроэндрологически отделени яра, – дуьйцу Мусас, «Даймохк» газетан редакце ша веача. – Цхьана лазархочунна лерина, къаьсттина палата а елла, дерриге а молханаш а, мехий а латтош, хьалхарчу дийнахь дуьйна дарбанаш дIадолийра суна. Соьга лерина хьовсуш лоьраш а, медйижарий а бара. Цара шайн болх дика барна а, денна а сан терго ярна а суна сихха гIоле хилира.
Госпитале охьавуьллучу хенахь, бос баьхьна а, яахIума ца яалуш, гIора доцуш, ледара хьал дара соьгахь, амма масех де даьлча, суна гIоли хила йолаелира. Дарба лелоран хан дIаяьлча, со вуно дика то а велла, тIе бос а беана дIахIоьттира.
Тахана даггара баркалла ала лаьа суна сайна дарбанаш лелийначу лоьрашна: гастроэндрологически отделенин заведующина Дахалаева Викина, суна дарба лелийначу лоьрана-гастроэндрологана Сулайманова Асетна, лакхарчу медйишина Дадаева Дукхаяхина, медйижаршна Алмаева Маккина а, Магомадова Фатимина а. Дала меле дуьллийла царна шаьш суна дина гIуллакх, балхахь а, дахарехь а баккхий кхиамаш хуьлда церан!
Иштта, Муса санна, шайна диначу дикачу гIуллакхана баркалла ала лууш дуккха а нах хуьлу, редакце богIий. Уьш алсам мел хуьлу а тхуна хазахета, хIунда аьлча лазархойн я хьаштахойн дог эцна, дан деза накъосталла царна дина, муьлххачу говзанчо, лор я хьехархо, я Iедалан белхахо хуьлийла иза, шен белхан декхарш дан ма-деззара кхочушдича, иза ерриге а юкъараллина дина гIуллакх ду, цунах дакъа массарна а кхочу. ХIунда аьлча дикачу гIуллакхаша, хазачу гIиллакхаша кхиайо и юкъаралла, дебадо цуьнгахь ийман а, беркат а.
М. Арсанукаев
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо