1-ра апрель, 1870 шо. Гихтахь вина Эльдерханов Таьштамир, хьехархо, юкъараллин деятель. Дешна юьртарчу хьуьжарехь, Соьлжа-ГIалахь цхьаъ бен ца хиллачу ламанхойн школехь, Буру-ГIаларчу реальни училищехь. 1893-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Тифлисера хьехархойн институт. Цул тIаьхьа пхеа шарахь болх бо Моздокехь ламанхойн школийн хьехархо-тIехьажархо волуш. 1898-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу ламанхойн школехь хьехархо лаьтта. 1906–1907-чуй шерашкахь Россин Пачхьалкхан Думе хоржу. Цигахь цо жигара хьалауьйъу ламанхошна шайн латтанаш юхадерзоран гIуллакхаш. Паччахьан Iедало 2-гIа Дума дIасахецначул тIаьхьа, юха а хьехаран балха воьрзу. Нохчийн мотт толлуш болх бо. 1911-чу шарахь, ша хIоттийна, арахийцира нохчийн абат.
Жигара дакъалоцу 1917-1918-чуй шерийн революционни хиламашкахь.
1918-чу шеран мартехь дуьйна – Нохчийн халкъан къинхьегамхойн ГIойтIарчу Советан председатель, 1920-чу шарахь дуьйна – Нохчийн райкоман, цул тIаьхьа Нохчийн автономни областан исполкоман председатель лаьтта. 1925-чу шарахь оцу даржах мукъавоккху, амма кестта Къилбаседа Кавказан крайисполкомехь йолчу къаьмнийн советан председатель хIоттаво. 1929-чу шарахь дуьйна юха а Соьлжа-ГIалахь тайп-тайпана куьйгаллин белхаш бира.
Кхалхар хилла 1934-чу шарахь.
4-гIа апрель, 1934 шо. Шелахь вина Баснакаев Махьма, яздархо, юкъараллин гIуллакххо. Дешна Ростоверчу халкъан бахаман институтехь. Белхаш бина Шелан райисполкоман председатель, Гуьмсерчу «Сельхозтехника» цхьаьнакхетараллин куьйгалхо, республикин «Селхозтехника» цхьаьнакхетараллин коьрта агроном волуш, иштта кхечу меттигашкахь а.
Литературехь шен хьуьнарш зиэн т1аьхьо волавелира Махьма. ХIетте а ешархоша дика тIеэцна масех книга арахеца ларийра иза. Царах ю «Исбаьхьа шовда», «Шли эшалоны на восток», «Гайрбеков Муслим», кхиерш.
Яздархочун кхалхар хилла 2014-чу шарахь.
5-г1а апрель, 1926 шо. ТIехьа-Мартан кIоштан ШаIми-Юьртахь вина Берсанов Хожа-Ахьмад, яздархо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин Сийлаллин гражданин. Дешна Серноводскерчу юьртабахаман техникумехь (чекхъяккхаза йисина), Соьлжа-ГIаларчу совпартшколехь. Кхалхийначохь (1944–1957ш.ш.) болх бина зоотехник волуш. 1957-чу шарахь Даймахка цIавирзичхьана ша пенсе валлалц болх бо республикин культурин министерствехь (кхетош-кхиоран методист, министерствон методически центран куьйгалхо).
Берашна лерина дуьххьарлера «АстагI алкханч», «Хьаж-Мурда лелийнарш» книгаш араевлла 1966-чу шарахь. ХIетахь дуьйна яздархочо арахецна 20 сов книга («ДоттагIий» – 1968, «Ден лорах» – 1971, «Дохковалар» – 1976, «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» – 1990, «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» – 1992, «Болатан суй» – 1994, иштта кхин дуккха а).
Яздархочо боккха болх бо кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь.
5-г1а апрель, 1953 шо. Казахстанехь вина Хасимиков Салман, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула СССР-н спортан хьакъволу мастер. Соьлжера юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь.
Спортан лакхенашка иза новкъаваьккхинарг ву СССР-н хьакъволу тренер Багаев Дэги. Спортсменан дахарехь къаьсттина дагалацаме хилла дисина 1979 шо. Юьхьанца СССР-н халкъийн спартакиадехь а, СССР-н чемпионатехь а хьалхара меттигаш йоху цо, цул тIаьхьа США-н Сан-Диего гIалахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатан толамхо хуьлу. Оццу шарахь Европин чемпион а хуьлу цунах. Амма и тIаьххьара кхиам бацара хьуьнаречу спортсменан: СССР-н а, Европин а чемпионаташкахь, дуьненаюкъарчу цхьацца турнирашкахь баьхна толамаш ца лерича а, кхин а кхузза (1981–1983-чуй шерашкахь) дуьненан чемпион хуьлу С.Хасимиковх. Цул сов Советски Союзехь дуьххьара японийн кэтч кепара латаран дуьненан чемпион ву иза.
ПаргIатчу кепара охьатохархлатарехула нохчашлахь дуьххьара доьазза дуьненан чемпион хилларг Хасимиков Салман ву.
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо