Айдамиров Абузаран «Вайн амалш» араелира 2003-чу шарахь.
ХIинца кхойтта шо кхечи яздархочо нохчийн сиркхонаш, къинош, лазамаш балхийна.
Муьлхачу сиркхонах цIанделла-те вай?
Ларделлий-те вай къинойх?
Хьулбеллий-те лазамаш, сингаттамаш?
Кхойтта шо! Адаман дахаран йоккха оьмар ю и зама!
Историн амалехь цхьа хIума ду – доцург дукха хьехадар. Цуьнан муьлхха а акъари хьалаайбича а дукха карадо цунна масалш. Тахана нохчийн керла истори кхуллучу заманчохь вай багара охьа ца дуьллург – нохчийн гIиллакх а, дин а ду. Кхин цхьа хIума а ду адаман иэсехь билгалдаьлларг – мел мерзачу а, хазачу а хIуманах догдолу иза барамал тIех совъяьлла юуш, гуш я хезаш, хьехош елахь.
Iадатан бух бу гIиллакх. Ткъа Iадат – этикин, синмехаллийн, динан, юкъараллин Iер-дахаран гураш ду.
Эзар шерашкахь дуьйна схьа нохчийн кхетамна хийра яра Европин, Малхбалин, Азин, кхийолчу а пачхьалкхийн дIахIоттаман кепаш, хьоладай – лай. ХIунда аьлча, къомана юкъахь оцу тайпана антагонистически декъадалар нуьцкъалниг-гIорасизниг, хьолахо-ялхо нохчичун хьесапехь, Дала нийсонна тIехь кхоьллина шира дуьне дохаран билгалонаш хилла. Хьал-бахаман къестамаш бахьана дацара адам сийсаздеш Iазапехь латтор. Массо а заманахь нохчий кхечарех къасториг – Далла хьалха цхьатерра хилар, вовшашлахь нийсо латтор дара. Нохчичун кхетамехь маршо – и ши ламаст лардар хилла.
И ший а талхадоьлча, нохчийн бIешерашкахь кхоьллина экама дуьне эккха новкъадаьлла.
Хьалха заманахь нохчий дуьххьалдIа хилла, нийсаниг нийса ду, харцдерг харц ду ала доьналла а долуш. Шечунна я мостагIчунна ямартло гечъеш а ца хилла. Мехк-Кхиэло лардеш хилла и низам. Цара юххе яьккхинарг Нохчалла яра, гIиллакхах пхьор оьцуш дегI хецна, цкъа а лийр йоцу Нохчалла.
ХIинца ХХI-гIа бIешо ду.
Тахана вайн республика шен коьртехь къона, тIахъаьлла куьйгалхо а волуш, заза тесна, массо а цецвоккхуш денъелла. Цкъа а тIом ца хилча санна, къизачу тIеман, лараш а дIаяьхна. Латаран спортан къийсадаларшкахь тоьлла меттигаш йохуш, нохчийн культурин исбаьхьалла гойтуш, цхьана хенахь шуна моьттина «варварш», «дикараш» дац тхо бохуш тоьшаллаш деш дуьненахь турпала хьуьнарш гойтуш бу вайн махкахой.
Вайн къоман доьналлех, хазаллех цецбуьйлуш схьачугIерта туристаш, геннара хьеший.
Вай дезарш а, ца дезарш а.
ТIаьхьарнаш дукха а болуш. Церан хьагI-бIаьргах кхоьру-кх.
Олуш ма ду, цхьа доккха хазахетар хилла, ирсах воккхавуьйш, воьлуш гIадваханчохь, тIаьххье цхьа вуониг хьехарна кхералой, адамо «Дала диканна дойла-кх сан велар», олуш.
Дала куралла даг чу эккхарх лардойла-кх вай!
* * *
Цхьана заманахь нохчийн къоман карахь доккха герз хилла лаьттина Нохчалла. И ницкъ шеца болу къам цкъа а иэсах ца долуш, кхиарехь совдуьйлуш, дуьненан гIараевлла цивилизацеш кхуллуш доккха дакъалаьцна схьадеана. Иза нохчийн къоман дин дара, Дала Шен Сийлахьчу нуьрех суй белла. Иза нохчийн къоман хIаваъ дара. Оцу суйнан нуьрех кхерч латто а, и кхерч ларбан а ондда доьналла а, адамалла а, бакъдолу ийман а оьшура. Оцу динца къизалла яцара, тешнабехк, сутаралла, цхьа а моттаргIа яцара. Сица комаьрша, диканца совбуьйлура. Даима Делаца къамелехь, Цунна гергахь бара.
Оцу Нохчалла бохучуьнца беха нохчий шайга бусалба дин схьакховдийча дукха цец а ца бевлира. И дин шайца долу хан царна дага а ца йогIура – дин лелорехь цхьа кIеззиг арканаш тIекхетар бен, кхин хийцамаш бацара цара шайн даг чохь кхиийначу эхь-ийманан оьздачу кхерчахь.
Тахана вай дукха хьехадо нохчийн къоман дайна тептар. И тептар лоьхуш кхин йорт етта а ца оьшу, я цуьнан къайле яста гIерташ нехан кортош лебан а. Каро луучунна тоххарехь карийна и тептар, цуьнан къайле а яьстина – иза Нохчалла шен цIийца, амалца йолчу хIора нохчичуьнгахь ду. И шеца дан а доцуш и лоьхуш леларг тилавелла, цхьана варшашкахь вуьсур ву.
Амма, абстрактни а доцуш, зайлйозанашца яздина и тептар хилча а, тахана и схьаэца а, талла а, цунах пайдаэца а йиш яцахь, цунах хIун до тIаьхьа гучудаьккхина а?!
«Кхетамна кхиъна халкъаш масех бIе шо хьалха чекхдевлла тайпанийн юкъараллин дIахIоттамах. Царех къаьмнаш хилла юкъара мотт, истори, культура, экономика йолуш. Ткъа нохчий шайн ницкъ ма-кхоччу оцу заманна тIегIерта», – яздо Айдамиров Абузара «Вайн амалшкахь». И масал далочу муьрехь Нохчийчоь яго кечъеш яра. И йоккха цIе яла а елира.
Хьалха-хьалха заманца богIуш, оьшуш бара тайпанан юкъараллин дIахIоттам. Амма цуьнан а хилла шен этика – тайпанан демократин принцип. Оцу системехь дIахIоттийначу Iедало вовшийн сий лардора, цхьана а тайпанна Iоттабаккхам, эшам ца хуьлуьйтура. Оцу принципо Iедал лардора хьагI-гамонех а, галморзахаллех а, оьгIазлонех а.
Вай муьлхачу заманахь деха кхета деза, тIаккха цуьнан хIоттамехь дIанисдала цхьа гечо лаха а. И ца дахь вай тилалур ду заманан кегарехь.
Хенан нийса мах хадо ца хуучунна, хенан пусар ца дечуьнга цхьа а лакхе яккхалур яц!
Цуьнан маьIнех дика кхетта вайн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Ша мел дийриг бIешерашна кхуллуш ду цо: йохийна, аьтта, хьакхлагIаш хилла республика юхаметтахIотторал сов, дуьненахь сийсазйина нохчийн цIе ойбуш ву, зIенаш – меттахIиттош.
Нохчийн къам бердах доьдучура кIелхьара даккхархьама дукха кIентий турпалаллица эгна вайн. Тхо тхайн эзаршерийн терахьашкахь йийца истори, культура йолуш, йоккха кхане йолуш, дуьненахь йита сийлахь цIе а йолуш къам ду аьлла дIакхайкхийна вай. ХIинца къам хилла дIахIотта уггаре а хьалха вайна оьшург – къоман идей ю. Цунна гуонаха дерриге а къам гуллур долуш, оцу къоман син-хIумаллин лардарехь а, цуьнан кхидIа кхиарех цхьа биллам а болуш.
Нохчий шайн къоман идей йоцуш баьхна хуьлийла а дац – иштта ца хилча, къам санна иза ларделла а хир дацара. Идей хилла, амма цхьацца субъективни а, объективни а бахьанашца историн гIаьттанашкахь къайлаяьлла йисина. Делахь а, даго хьехарца оцу идейх йисина цхьацца кодексашца баьхна вайн дай.
Амма хIинца, цхьацца кхерамаш тIегIоьртича юкъ-кара деган хьехамашца гучуйийлар а доцуш, тIаккха цхьана муьрана тIепаза яр а доцуш, хIора нохчичун кхетамах ондда орам тесна хила еза къоман идей – дахарехь кхиа, дендала, лардала оцу къомана некъ гойту сирла седа а хилла дIахIотта.
Республикехь гIаланаш, ярташ меттахIиттийна, дуккха а деш ду вайн Iер-дахаран хьашташ кхочушдарехь а. Делахь а, боккха белхи оьшуш цхьа хIума ду, уггаре а коьртаниг – къоман синмогашалла тояр. ТIаьхьарчу технологешца бIе гIат долу цIа-гIала дукха сиха хьалайоттало, амма синбIаьвнаш юхаметтахIитто инзаре хала ду, хIунда аьлча, цунна мух-мухха а гIирс ца мега. СинбIов ян Делера эхь-ийман оьшу. Иза цхьана шарахь ялуш яц, цунна дуккха а хан оьшу. Ткъа хан боккха хьал-бахам бу таханлерчу хьеречу заманахь. Нуьцкъаша тIетеIор а гена ца долу – ишттачу сихалло адам карзахдоккху.
Цкъа вай шаьш ма-дарра девзина девлча, кхидIа даха атта хир дара.
ХIун дан деза? Стенна тIера дIадоло деза?
Къоман синмогашалла денъярехь хьан-хIун меттиг дIалаца еза?
Къам шена тIеозо идей муха каро еза?
Вай муьлш ду? Вайн орамаш мича доьлху?
Тахана вайн республикехь схьайиллина хьуьжарш ю, исламан туш а ю. Политикехь а, юкъараллехь а жигара дакъалоцуш ю динан дайн туш – муфтият. Iаьрбийн пачхьалкхашкара сих-сиха вай долчу хьошалгIа богIу шайн махкахь гIарабевлла бевза Iеламнах, шайхаш. ХIумма а царал кIезиг Iилма долуш вайн Iеламнах а бац.
Амма вайна майра ду аьлча а, шатлакхаш кхуьйсуьйтучуьра ца девли-кх вай хIинца а.
Иштта хастаме дош лере деача хийла цIерга лилхина нохчий. Яхь дIа ца яла, бIо ца къажо. Толамаш а баьхна, эшамаш а хилла.
ДIадаханчу 2015-чу шеран июнь баттахь конференци хилира вайн республикехь. И дIаяхьа дагадеанарг Европин Совет яра. Царна болх бан бух а кечбина, хьошалла дира Нохчийн Республикин Юкъараллин палато. Даима ма-хиллара, тIебиссина хьеший вайна хьехарш дан буьйлира – тIамо хIун дохьу, и ца хилийта хIун дан деза, тIебеана баьлча муха лела деза, хьаьнга орца-арз дан деза, оцу тIеман кIуьрлахь хьалакхиъначу къоначу тIаьхьено хIун сингаттамаш бохьу, уьш нийсачу новкъа баха цаьрца хIун болх бан беза, иштта дIа кхин а. ЛадугIурш кхийтира – дозанал дехьара схьалестина хьеший шаьш мича кхаьчна а, шаьш хьанна, мича къомана тIебиссина а дика кхеташ цахиларх. ХIинц-хIинцца къизачу тIеман багара даьллачу халкъе тIамо дийриг дуьйцура. Шаьш нохчашна схьакхийдайо Европин культура вайн къомана хийра, акха юйла а ца хаьара. Ткъа цунах кхета, шаьш Нохчийчу схьакхачале, оцу чохь дехачу къоман Iадаташ теллина, девзина хиллехьара, шаьш муха лела деза хуур дара хьешашна. Къаьсттина цара тидам тIебахийтинарг – ХХI-чу бIешеран къоначу тIаьхьенан кхане а, цаьрца дIабахьа беза болх а, политика а яра. Цара дийцарехь, оьрсийн-нохчийн тIеман кIуьрлахь хьалакхиъна нохчийн къона чкъор, ишттачохь зеделла ма-хиллара, яйна тIаьхье яра – «потерянное поколение».
Амма, царна моьттинарг дохийра кхидIа цара йинчу докладийн жамI деш, хаттарш хIиттийнчу вайн къоначу адвоката – Садаханов Заура. Дуьхьал дала нийса жоп доцуш, боьхна хьаьвзира дуьненнал Iилма шайгахь хиларан шеко йоцуш лелла хьеший.
Дозанал арахьара кху махка чуоьхучу цхьадолчу зуламашна тIехь Iилманца толамаш бохурш лакхахь вай хьахийнарш саннарш а, кхиболу а вайн хьекъалчаш, хьикматхой бу. Ишттачу толамаша хьекъал-кхетамца къоман граждански позици а, синкхетам, коьрта долчунна Iилма а гойту.
Айдамирова Машар,
яздархо
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо