Филологин Iилманийн доктора, профессора, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхочо-корреспондента Туркаев Хьасана шен керлачу книгина цIе иштта елла: «Эльдарханов Таштемир Эльжуркаевич – просветитель, политический и государственный деятель».
Т.Э.Эльдарханов санна башха (феноменальни) нах, Кавказан а, Къилбаседа Кавказан а къаьмнашлахь хьовха, паччахьан заманахь Россин лаьтта тIехь дехаш хиллачу кхечу кегийчу къаьмнашлахь а пIелгаш тIехь багарбал бен ца хилла.
ДагадогIу, 1970–80-чуй шерашкахь Ночх-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь болх беш хиллачу Казахстанерчу цхьана накъостан дешнаш: «О-о, Казахийн иза санна стаг хилча, тхан (Казахстанан) Iилманийн академехь дийнна отдел юьллур яра цуьнан дахаран а, белхан а некъ талла». ХIетахь суна дагадеара Т.Эльдархановс VII-чу Пачхьалкхан Думин кхеташонехь Къилбаседа Кавказан ламанхоша латта ца тоарна къоьлла ловш хиларх лаьцна динчу къамелана В.Ленина шен «Развитие капитализма в России» балха тIехь ссылка йина хилар.
Т.Эльдархановн дахарна лерина дуккха а белхаш белахь а, амма нийса хир дацара юкъараллин-политикин а, пачхьалкхан а, дешаран а дакъошкахь цо бинчу боккхачу белхан ерриге а агIонаш, кхачам боллуш, теллина аьлча. Цунна ду лакхахь ялийна дахарера мIаьрго ас хьахор а. Делахь-хIета, оьшуш ду вайн гоьваьллачу махкахочун дахаран а, белхан а некъ кхоччуш талларан а, бовзийтаран а Iалашонца Iилманан белхаш бар. Советийн заманахь Т.Эльдарханов, I.Авторханов санна болчу къоман сийлахьчу кIентийн цIерш йийцар дихкина хиларна, Iилманчийн таро ца хилла царах дерг кхоччуш талла. ХIинца цунна цхьа а дуьхьало яц. Къаьсттина къоначу Iилманчаша тидаме эца деза Т.Эльдархановн, I.Авторхановн, иштта кхиболчу нохчийн исторехь бIаьрла лар йитинчу нехан дахаран бакъдерг ма-дарра довзийтар.
Вай дийца леринчуьнга юхадирзича, Хь.Туркаевн книгин хIара мехаллаш билгалъяха йогIу:
1. Революци хилале хьалхарчу муьрехь Т.Эльдархановс бинчу белхан нийса мах хадор – дешаран декъехь, Россин Пачхьалкхан Думин депутат волуш; нохчийн къоман дахарехь доккхачу маьIне хилла дуьйш-дерзош лелочу лаьттан хьокъехь цуьнан шен билггал хилла хьежамаш;
2. Горски АССР-н а, цул тIаьхьа Нохчийн автономни областан а ЦИК-н коьртехь волуш бина болх а, хIетахь Нохчийчохь хиллачу хьелашкахь цуьнан нийса хьежамаш а гайтар;
3. Ислам динца а, цуьнан векалшца а хила ма-йоггIура, нийса хилла юкъаметтигаш кхачам боллуш гайтар;
4. Нохчийчоьнан ЦИК-н председателан даржах мукъа вуьтуш кхоьллина бахьанаш, данне а доцучийн буха тIехь, шайггара тардина хилар делилашца чIагIдар.
Кхузахь хьахо лаьа, 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь хилла цхьа кхеташо. Институтан белхахойл совнаха, цигахь дакъалоцуш бара: Ошаев Халид, Вахаев Хаси, Мамакаев Мохьмад, кхин цхьамогIа кхайкхина балийна хьеший. Кхеташо вовшахтоьхнера институтан директора А-Хь.Саламовссий, Iилманан декъехула директоран заместитела И.Лосевссий. Кхеташонан дакъалацархоша, цхьа масех стаг воцчара, дика мах хадийра Т.Эльдархановн юкъараллин а, пачхьалкхан а белхан.
Оппоненташа стенна бехке вора иза:
1. Пачхьалкхан Думин депутат волуш, лаьттаца доьзначу гIуллакхашкахь кадетийн программина гIо лоцура цо, цуьнца латта, долчаьргара мехах схьа а оьцуш, доцчарна дIадала дезаш дара. Ткъа и программа оцу заманахь большевикаша контреволюционни лоруш яра. Юьйцуш йолчу книги тIехь яздо, Кавказан тIеман хенахь ламанхошкара схьадаьккхина, гIалагIазкхашна декъна латта, цаьргара мехах схьаэцар Т.Эльдархановс къобалдеш цахиларх лаьцна.
2. Кегийрхойн организацеш кхиорна новкъарло йора бохург а дара дуьйцуш, цхьаболчара-м комсомолан болх цо бихкинера бохуш, чIагIдора. Амма книгин авторна цхьа а документ ца карийна и иштта хиларан хьокъехь. Цуьнца мостагIалла долчу нахана, энеевцашна, Т.Эльдархановс ларамаза аьлла дош а тоьара, муьлхха хIума, шайна хетачу агIор туьдуш, харцхьадаккха.
3. Деккъа большевикашна хилла ца Iаш, шен балха тIехь молланашна, шайхашна, иштта халкъалахь лоруш болчу нахана тIетийжаш хилла хилар а ца дезара оппоненташна. Ткъа хьанна тIетийжа везара иза, хIетахь Нохчийчохь белхахойн классан компарти а, наггахь верг бен йоза-дешар хууш стаг а ца хилча? Цундела цо балха юкъаийзабора, Советийн Iедал къобалдеш, мелла а йоза-дешар хууш, халкъалахь сий-ларам болу нах.
4. Т.Эльдарханов бехке вора 1920-чу шарахь бен партин могIаршка ваьлла цахиларна а. Советийн Iедал чIагIделлачул тIаьхьа а ца волуш, цуьнгахьа къуьйсучу хенахь хIунда ца ваьллера бохура. Шен хьашташ хьалхадаьхна, балха тIехь кхиар хилийтарна (каръерехь лакхаваларна) дина лорура иза.
Йоза-дешар а, оьрсийн мотт а хууш боцчу могIарерчу наха цунах паччахь олуш хилла хилар а новкъа дара оппоненташна. Лаккхарчу Iедалан коьртехь волчу стеган кхин цIе йоккхуш ца хезначу наха хIун ала дезара цунах?
ХIетахь, 1962-чу шарахь, Т.Эльдархановн биографин агIонаш тIехь хьоькхнаш лехначара хьегнарг а эрна къа хилар кхоччуш гучудолу Хь.Туркаевн книги тIехь.
Нохчийн къоман тешамечу кIентан Т.Эльдархановн хала кхоллам шен къоман халачу кхолламах къасто йиш йоцуш бу. Тахана мила тешар ву, нохчийн ревкоман коьртехь муха нисвелла ца хууш волу Энеев, Нохчийчоьнах а, нохчийн къомах а оцу къома юкъара ваьлла волчу Эльдарханов Таьштамирал чIогIа доглозуш вара аьлча.
Дешна хиларца а, гIуллакхан таронашца а, кхетамца а, дуьнене хьежамашца а, къоман амалан башхаллаш йовзарца а вуьстича, муьлха вара цу шиннах гIолехь? Къийса ца оьшуш, Т.Эльдарханов хилла.
ХIетте а, Энееввий, шайн махкахоьчунга йолу хьагI, шайн хьашташ хьалхадаьхна, цунна гуонаха хьийза меттигера цIуьхIаршший гIолехь хийтира. Царна ца хаьара Советийн Iедалан лаккхарчу гуонехь вовшахтоьхначу ловзаран тайнигаш шаьш юйла.
Дицдан ца деза, 1925-гIа шо дара дIадоьдуш дерг. Ленин воцу а, делахь-хIета, ленински Iедал сталински Iедало хийцина а шолгIа шо дара. Халкъан Iедалан метта дIахIоьттинера Джугашвили-Сталин коьртехь волу цхьана стеган, цхьана партин Iедал. Урхалла даран керла, шатайпа кепаш, некъаш оьшура кхузахь. Т.Эльдарханов кийча вацара оцу гIуллакхана, цуьнан дуьнене хьежамашца, кхетамца догIуш а дацара иза. Нохчийчохь урхалла даран нийса, халкъан лехамашна жоп луш йолу кеп санна, нохчийн доккхах долчу декъаца цхьаьна, гергара хеташ, тIеэцнера Т.Эльдархановс Советийн Iедал.
Ницкъ ма-кхоччу, Советийн Iедалан и керла кепаш юкъаялорна дуьхьал гIиртира Т.Эльдарханов. И дезалойла яцара Советийн Iедалан керла, сталинан некъ хаьржинчарна. Цундела, Энеевн тобанах пайда а оьцуш, Нохчийчоьнан ЦИК-н куьйгалхочун даржах вохийра иза.
Нохчийчоьнна а, нохчийн халкъана а пайде хилирий те и хийцамаш? Хиллане а ца хилира. Мелхо а, цул тIаьхьа хиллачу баккхийчу бохамашна, шайна юкъахь 1937–38-чуй шерийн таIзарш а, 1944-чу шарахь нохчийн халкъ махках даккхар а долуш, некъ бастар хилира.
Нохчийн къоман сийлахьчу кIентан Т.Эльдархановн халачу дахарх лаьцна книга йоьшуш, лаамаза нохчийн Пхьармат дагавогIу. Эльдарханов санна, ша шен ца кхоош, къам паргIатдаккха гIертарна шена къиза таIзар дина волу.
Хь.Туркаевн керла книга цуьнан кхоллараллин кхиам а, нохчийн Iилманехь хилам а лара богIу.
Чокаев Кати,
филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо