Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетехь масех де хьалха дIаяьхьира Сийлахь Къуръан дика, хаза, цIена дешаран мехала конкурс. Цигахь дакъалоцуш бара хIокху университетера мутаIеламаш. Конкурс вовшахтоьхнера Элибиев Сахьиб коьртехь волчу Къуръанан а, Хьадисийн а кафедрин белхахоша.
Конкурс дIайолош къамел дира университетан ректора Мутушев Iабдурахьима. Цо юьхьанца билгалдаьккхира, «ШариIатан Iилманаш» факультетерчу а, кечамбаран отделенерчу а мутаIеламашна юкъахь хIара тайпа мехала конкурс дIаяхьаран бахьана, цуьнан маьIна. Иштта, дагадаийтира 13 шо хьалха вайн республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяьхьна хилар а, цигахь Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна хилар а. «Шеко йоццуш, Конституци тIеэцар нохчийн халкъана мехала а, доккхачу маьIне а хилам хилла дIахIоьттира. Вай тахана даггара баркалла, Дела реза хуьлда боху Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина. ТIех чолхечу, кхерамечу хьелашкахь, цо куьйгалла а деш дIаяьхьира референдум, тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци. Исторически маьIна долу и хилам хилар бахьана долуш вайн республикехь машар а, синтем а хилира.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа гоьваьлла политикин гIуллакххо а, кIорггера Iилма долуш, цIена бусалба стаг а вара. Вай даима а дозалла до цунах, даима иза иэсехь а латтаво. Дала гIазот къобалдойла цуьнан! И бахьана долуш вайн аьтту хилла тахана бусалба дин Iамо а, хIара тайпа конкурсаш дIаяьхьа а. Дала аьтто бойла шун массеран а!», – элира I.Мутушевс.
Цул тIаьхьа дIайолаелира Къуръан дешаран говзаллехь тоьлларг харжаран конкурс. Ирачу къовсамехь финале велира кегийчу нахана юккъера 10 а, мехкаршна юккъера 10 а мутаIелам. ХIинца уьш Сийлахьчу Къуръана тIера цхьацца сурат деша дезаш бара, таджвидан бакъенаш ларъеш. Массара а хаза дийшира сураташ. Царна юкъахь тоьлларш къасторан хала а, жоьпаллин а декхар хьалха хIоьттира жюрин декъашхошна. Хьахийначуьра аьлча, жюрина юкъахь вара Къуръанан а, Хьадисийн а кафедрера Темирсултанов Юсуф, Гочкарев Шемал, Мутаев Сайди. Уьш берриге а хьехархой бара. Вовшех дага а бевлла, цара кегийрхошна юкъахь хьалхара меттиг елира Махтиев Ахмарна, шолгIа меттиг – Ахаев Ризванна, кхоалгIа меттиг – Тараев Iальвина. Уьш берриге а «ШариIатан Iилманаш» факультетехь доьшуш бу.
Мехкаршна юкъахь дIабаьхьначу къовсамехь ша массарал дика гайтира Жамалуллайл Софияс. Жюрин декъашхоша цхьабарт хуьлуш хьалхара меттиг цунна елира. София «ШариIатан Iилманаш» факультетехь доьшуш ю. ШолгIа меттиг яьккхира Юсупова Хьавас. Иза кечамбаран отделенехь доьшуш ю. КхоалгIа меттиг яьккхира Микачиева Элинас. Элина а «ШариIатан Iилманаш» факультетехь доьшуш ю.
СовгIатан меттигаш яьхначарна совгIаташ дира Сийлаллин грамоташца а, мехалчу хIуманашца а. Мехкаршна, цул совнаха, зезагийн курсаш а елира.
Конкурс чекхъяьлча вистхиллачу университетан ректора Мутушев Iабдурахьима баркалла элира иза вовшахтоьхначарна а, цигахь дакъалаьцначарна а, жюрин декъашхошна а. Цо билгалдаьккхира мутаIеламаша Сийлахь Къуръан дешаран дика говзалла гайтина хилар. Iилма Iаморехь церан кхидIа а баккхий кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар дIахаийтира ректора.
С.ХАМЗАТОВ
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо