М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь нохчийн пачхьалкхан симфонически оркестран юбилей билгалъяьккхира. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, культурин министр Дааев Хож-Бауди, и д1.кх. а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах оркестран белхахой декъалбира М.Даудовс: «ТIеман шерашкахь масийттаза сецна оркестран болх. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас культура юхаметтахIоттор къам юхаметтахIотторца нисдора. ГIаланаш, ярташ херцалашкахь яра, юхаметтах1отто безаш бара мохк. Цхьаберш башха кхета а ца кхеташ, т1еман хенахь Нохчийчуьра дIабахна болу вайн артисташ, хелхарчаш, иштта кхиболу культурин белхахой а схьагулбира А-Хь.Кадыровс. Цундела, масех шо далале культура кхиорехь дика кхиамаш бехира вай. Цу кхиамех дара симфонически оркестр юхаметтах1оттор а».
Культурин министр Дааев Хож-Бауди а хилира вист оркестран белхахой декъалбеш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун цIарах Баркаллин кехаташ д1аделира цо оркестран директорна А.Халиловна а, солисткина А.Исаевана а, тайп-тайпанчу шерашкахь оцу оркестрехь болх бинчу дирижерашна а: В.Мнацакановна, В.Раевскийна, В.Хлебниковна. Сийлаллин грамоташ кхачийра пондарчашна Р.Паскаевна а, Н.Мерзликинина а, иштта оркестран солисткина М.Юрьевнана а. «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» аьлла цIе елира дирижерна И.Петренкона, пондарчашна: А.Аристовна, Л.Бутякинина, Л.Джамалханована, Е.Мезенцевана. «Къинхьегамехь билгалваларна» Сийлаллин билгалонца совгIат дира административни-бахамаллин отделан куьйгалхочунна Тасуев Iадланна. Цул тIаьхьа гIарабевллачу композиторийн Бахан а, Моцартан а, Рахманиновн а, иштта, нохчийн композиторийн А.Шахбулатовн а, У.Димаевн а мукъамаш хазийтира оркестро. Цу тIехь дерзийра цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
М.САДУЛАЕВН сурт
