Республикин Прокуратурехь

Экологин лехамаш талхийна

   Нохчийн Республикин Iаламан таронийн а, Iалам лардаран а министерствон балхахь законан цхьамогIа лехамаш кхочушбеш цахилар гучуделира регионан прокуратурина. Ша аьлча, ведомствос шен хеннахь ца дора гуонахарчу Iаламна вуочу агIор Iаткъам барна дан дезаш долу такхарш. Цунах лаьцна хьокъала йоллучу органе хаамаш а ца белла.

Шен хеннахь такхарш ца дарна а, производствон даххашца гIуллакх дарехь экологин а, санитарно-эпидемиологин а лехамаш хьакъ ма-дду кхочуш ца барна а   республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима РФ-н КоАП-н шина статьяца (8.41, 8.2) догIуш долу таIзар дайта административни талхораш даран хьокъехь гIуллакхаш долийна министерствон хьокъала йоллучу департаментан директорна Шамурзаева Луизина дуьхьал. Цуьнца цхьаьна Iаламан таронийн а, Iалам лардаран а министр декхарийлахь вина и гIуллакх йоццачу хенахь къаста а дина, уьш нисдарна тIехьажийна гIуллакхаш дан. Лехам буьззинчу барамехь кхочушбина, бехкенаш низаман а, административни а жоьпе озийна.

 

Кхаьънашца латтош болу къийсам жигарабаьлла

   ДIадаханчу шарахь бакъонаш ларъяран органаша кхаьънаш эцарца-даларца латтош болу къийсам дикка жигарабаьлла хиларна тоьшалла до иштта меттигаш гучуяхар шозза сов алсамдаьлла хиларо. Оцу органаша коррупцина, къаьсттина кхаьънаш эцарна дуьхьал латтош болчу белхан прокуратуро хаддаза хьесап деш хиларан тIаьхье лара йогIу иза.

Цул совнаха, 2015-чу шарахь регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис кхузарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министре кхузза дийхира уггаре а хьалха кхаьънаш эцарца доьзна долу коррупцин зуламаш гучудахарехь тоъалчу барамехь гIуллакхаш дина доцчу районийн дакъошкахь оперативно-талларан белхан хьокъехь долчу законан лехамаш талхош хилар дехкар.

Бинчу лехамна жоп луш оперативни болх жигарабаккхарна тIехьажийна кхитIе а дан деза гIуллакхаш дина министерствехь. Оццу хенахь белхан декхарш кхочушдарехь кхачамбацарш  дийлийтина гIуллакхехь волу 20 белхахо низаман чIогIачу жоьпе озийна.

 

Бизнесна – гIаролехь

   Регионан прокуратурехь йолчу жима а, юккъера а бизнес ларъяран юкъараллин совето шен рогIера кхеташо дIаяьхьира Неврерчу бизнес-туьшахь. Цуьнан балхахь дакъалоцуш вара республикин прокуроран заместитель Степанов Вадим, Невран районан прокурор Сербиев Iимран, регионан прокуратурин отделан лакхара прокурор Тагаев Артур, иштта предпринимателийн бакъонашларъярехула волчу векалан аппаратан куьйгалхо Мутушев Ахьмад, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимателийн гIуллакхашкахула а йолчу комитетан председателан заместитель Джамуханов Авхан, юкъараллин  векалш, ткъеитт сов предприниматель.

Предпринимателийн балха тIехь цкъачунна нислуш йолчу новкъарлонех лаьцна ма-дарра дийцира Джамуханов Авхана а, республикин ахархойн, фермерийн «Аккор» ассоциацин председатела Татаев Лечас, бизнесан кхиболчу векалша. Цара билгалдаьккхира, предпринимателийн бакъонаш ларъярехь прокуратурин органаша лелош долу доккха маьIна.

Доккха хьашт хиларца дийцаре дира кхеташонехь Iалашонна тIехьажийна пайдаоьцуш доцу юьртабахаман  латтанаш схьадахарца, пачхьалкхан а, муниципальни а таллам латторца, бизнес лелош болчеран хьашташ кхочушдарца доьзна долу гIуллакхаш. Бизнесца гIуллакх догIуш болчарах хIоранна а шен хаттарна, буьззина кхетам луш, жоп карийра цхьаьнакхетарехь.

Оцу хорманан санехь хилар хьесапе а эцна, сацам хилла кху шарахь ерриге а районашкахь юкъараллин советан бизнесан векалшца иштта цхьаьнакхетарш дIадахьа.

 

Лачкъийнарг марахъяьлла

 Нажи-Юьртан районан суьдо дIакхайкхийна Шоьна юьртан 25 шо кхаьчначу вахархочун Успаев Наибана йина кхиэл. Иза бехке лерина РФ-н УК-н 158-чу статьян 2-чу декъан «б», «в» (къола) пункташца билгалдина зулам дарна.

Суьдан кхеташонехь билгалделира бакъо йоцуш Шоьнахь Евбулатовн долахь йолчу хIусамчу а ваьлла, бехкевеш волчо 13 800 соьмана хIуманаш лечкъийна хилар. ГIуллакх къастор дIахьочу хенахь Успаевс шена тIелецира бехк, диначунна ша дохковаьлла хилар дIа а хаийтира, дина зен метта а хIоттийра.

Суд резахилира пачхьалкхан бехкевархочунна районан прокуроран заместительна Висалимов Алиханна хеташ долчунна, Успаев бехке а лерина белхаш бар тIедожош таIзар дира цунна.

 

Таллам бар дихкина

   Россин МЧС-н Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски районехула йолчу терго   латторан отделан хьаькаман декхарш кхочушдеш волчо Октябрьски районан прокуратуре заявлени яздира махлелоран йоккхачу цхьана объектехь планаца богIуш боцу таллам бан бакъо ялар доьхуш. Иза дарна бух лорура махлелоран комплексехь цIе яларца доьзна дознаватела хIоттийна рапорт.

Амма, меттиге дIа а дахана, таллам байтар доьхуш прокуратуре еллачу материалашна юкъахь дацара цIе яьлла хилар чIагIдеш долу документаш а, ткъа иштта гражданийн дахарна а, могашаллина а кхерам кхуллуш хилла хиларан хьокъехь болу хаамаш а.

Оцу бакъдолчарна тIе а доьгIна, районан прокуратуро бакъо ца елира планаца билгалбина боцу таллам бан.

 

Наркотикаш Iалашъярна…

РФ-н УК-н 228-чу статьян 1-чу декъаца догIуш долу зулам дарна (йохка Iалашо а йоцуш, бакъо йоцуш хаъал баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцар, уьш Iалашъяр) Сагаипов Хьасанбек бехкевеш кхиэл кхайкхийна  Хьалха-Мартан гIалин суьдо, цигахь дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо Сельмурзаев Адам а волуш.

Суьдехь гучуделира кIомалан кондар тIера схьадаьхна гIаш, заза газета юккъе а хьарчийна Сагаиповс шена лерина Iалашдеш хилла хилар. Бехкевеш волчунна таIзар дина 1 шой, 6 буттий хан тохарца.

 

Харц регистраци ян гIоьртина

Дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан прокуроран гIоьнча Байханов Iадлан а волуш, Заводской районан малаIатан суьдо къастийна Дальцаева Машина дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх. Иза бехке еш яра РФ-н УК-н 322.2 статьяца билгалдина зулам дарна – шен хIусамехь кхечу мехкан гражданинна харц регистраци ян гIортар.

ГIуллакх къасточу хенахь гучуделира цу чохь баха царна бакъо яла Iалашо а йоцуш, шен хIусамехь кхечу мехкан исс гражданинна харц регистраци яйтаран Iалашонца Россин ФМС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхалле заявлени делла хилар. Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачуьнца реза а хуьлуш, Дальцаева бехке лерира суьдо. Цунна таIзар дина 130 эзар соьман барамехь гIуда тохарца.

 

Кхиазхочунна еттарна таIзар дина

Теркан районан маслаIатан суьдо, кхеташонехь дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо районан прокуроран заместитель Дельбиев Iусман а волуш, къастийра Давлетукаев Асламбекана дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх. Иза бехкевора РФ-н УК-н 116-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина зулам дарна (стагана еттар). Давлетукаевс цуьнга шен цабезам хилар гучудоккхуш йиттинера кхиазхочунна.

Зулам дарна бехке лерира иза суьдо. ТаIзар даран кепехь кхаа баттахь товаран белхаш бар тIе а дожош, цо даьккхинчу ахчанах 10 процент пачхьалкхана дIахьажо сацам бира маслаIатан суьдо.

 

Бакъо йоцуш дитташ хедийна

   Пачхьалкхан «Шелковское лесничество» учрежденин куьйгалхочо дехарца Шелковски районан прокуратуро таллам бира хьаннашкахь бакъо йоцуш дитташ хедорца доьзна. Ша аьлча, Каргалински участкехь  хьуьнан фондана пхи эзар соьман барамехь материальни зен динера.

Бинчу талламан материалаш Россин МВД-н Шелковски районехула йолчу отделе дIаяхьийтина хьокъала боллу сацам тIеэцийта. Церан буха тIехь РФ-н УК-н 260-чу статьян 1-чу декъаца догIуш долу зулам дарна уголовни гIуллакх долийна.

 

Прокуратуро лехам барца…

   Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан прокуратурехь теллина Гехаев Мохьмада бакъо йоцуш «Мерседес-С 280» дола яккхаран хьокъехь Ахаев Iусмана делла хиллачу заявленица йоьзна йолу материалаш. ГIуллакх толлура Россин МВД-н Соьлжа-ГIаларчу урхаллин №1 йолчу ОП-н дознанин органан белхахочо цуьнца доьзна РФ-н УК-н 159-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна (ямартло лелор, аьлча а, тешнабехк барца нехан хIума шен дола яккхар, хаъал доккха зен а деш) уголовни гIуллакх доло дуьхьало йина хиларх.

Оццу хенахь дознаватела тидаме ца эцнера Гехаевс Ахаев Iеха а вина, машен лачкъийна  хилар, цул тIаьхьа цунах шена пайда а оьцуш. И гIалаташ хьесапе а эцна, районан прокуроран заместитела Дадаева Неляс бина хилла сацам бух боцуш лерина, хьем ца беш уголовни гIуллакх долор хьалха а тIе а дожийна.

Прокуроран лехам нийса а лерина, Гехаев Мохьмадана дуьхьал уголовни гIуллакх долийна.

 

Ведомствон сайта тIера хаамаш
кечбинарг – Л.БАКАРОВ

№36, еара, бекарг (март) беттан  31-гIа де, 2016 шо          

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: