ТIекхуьуш йолу къона, тIаьхье ийманехь, оьзда кхиоран Цхьааллин Концепци кхочушъяран декъехь беш болчу балхахь жигара дакъалоцуш бу Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетан куьйгалхой а, хьехархой а. Цара бусалба динан, ийманехь кхетош-кхиоран декъехь хьехамаш бо республикерчу лаккхарчу дешаран учрежденийн студенташна, юккъерчу лерринчу дешаран учрежденийн дешархошна, кхечарна. Юьххьехь билгалдаккха лаьа къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран болх хIокху университетехь иза схьайиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна беш хилар.
Ткъа рогIерчу хьехаме ладогIа баьхкинера Нохчийчоьнан йиъе а ВУЗ-ера: Нохчийн пачхьалкхан университетера, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетера, Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетера, Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетера студенташ. Салам-маршалла хоттуш уьш тIеийцира «ШариIатан Iилманаш» факультетан декана Мутушев Iабдурахьмана а, юкъерчу гIуллакхашкахула проректор волчу Бечуркаев Iилмана а, хIокху университетан хьехархоша а. Хьехам бар актови зала чохь дIадаьхьира.
Хьехам бар дIадоладале хьалха къамел динчу Бечуркаев Iилмана дийцира, хIара санна долчу цхьаьнакхетарша, кхин хIумма а ца хилча а, исламан а, дуьненан а Iилманаш Iамош болчу студентийн уьйр-марзонаш чIагIъеш хиларх лаьцна.
Цул тIаьхьа, «Тасаввуфан» хьокъехь хьехам бира юкъарчу корматаллин (низамийн) дисциплинийн кафедрин заведующис Дадахаев Мохьмада. Цо дийцарехь, «Тасаввуф» Лекха а, Сийлахь а волу АллахI резаваре кхача гIертар ду. АллахIана герга кхача лууш верг шен дерриге а гIуллакхашкахь, ойланашкахь, лаамашкахь даггара а, цIена а хила веза. Ша мел деш дерг АллахIан дуьхьа деш хила веза, иштта нийят долуш хила веза. АллахIана герга кхача лууш дика деш хила веза, шегара диканиг бен долуш хила везаш вац. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, шух диканиг ма ву, шен амалш дика ерг» (аль-Бухари, Муслим).
АллахIан некъа тIехь Iамал-Iибадат дарца, шайн амалш тоярца, нийяташ тодарца, ойланаш цIинъярца АллахIана герга кхочуш хилар чIагIдеш вайн эвлаяийн, шайхийн, устазийн хьокъехь масалш а, тоьшаллаш а далийра хьехам беш волчу М.Дадахаевс. Леррина ладугIура цуьнга студенташа. ЛадогIаро церан ойла тойора, АллахIана тIеерзайора, цаьргахь нисдала ойла кхуллура. Цунах дерг хиира хьехам чекхбаьллачул тIаьхьа цаьрца къамел дича.
Хьаххийначуьра аьлча, студенташна а, мутаIеламашна а дика тIеIаткъам бо шайн Iамалша АллахIана герга кхаьчна болчу эвлаяийн а, пайхамарийн а хьокъехь долчу дийцарша. Ткъа хIокху университетехь эвлаяийн а, устазийн а масалш тIехь къона тIаьхье кхетош-кхиор, динан а, тIарикъатан а баххаш довзийтар даима дIахьо.
Хьехам чекхбаьлча, студенташа хIокху университетан хьехархошна даггара баркалла, Дела реза хуьлда элира шаьш дика тIеэцарна а, хьехам барна а. Билгалдаьккхира шайна бинчу хьехамо шайн ийман чIагIдийриг хиларе шаьш сатуьйсург хилар, хIара санна долу къамелаш шайна, къоначарна чIогIа пайдехь хилар.
Юха а исламан университетан хьехархошца а, мутаIеламашца а цхьаьнакхетарш хирг хиларх тешна дIабахара студенташ.
С.ХАСАНОВ
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо