1995 шо. АллахIан къинхетамца Iа довха деанера. ХIусашкахь газ а, электросерло а ца хиларе хьаьжча, баккъал а боккха къинхетам бара иза. Амма Россин тIеман кеманаша чIогIа гатбина хьийзабора маьрша нах. Соьлжа-ГIала охьааьттачул тIаьхьа, кеманаш ярташна бомбанаш, ракеташ етта дуьйладелира. Февраль беттан юьхь. Кеманаш бомбанаш туьйхира Чуьрин-Эвларчу цементан заводан керта, хIокху юьртаний Йоккхачу АтагIаний юккъехула охьадоьдучу Орган хин тIай тIе. Чуьрин-Эвлахь Iаш вара ДелихановгIеран СаьIидан а, Зараан а кхо кIант: Ваха, Виса (Iали), Iумар.
ТIом болалучу хенахь Iумар «Луч» туьканна уллехь «Горпищеторган» предприятехь болх беш вара. Соьлжа-ГIала кеманаша бомбанаш, ракеташ еттачу хенахь, юххе ракеташ кхетташехь, хIума ца хуьлуш висинера иза. Амма, цул тIаьхьа цуьнан даге ца лалора кеманийн гIовгIа. Бераш а кхерийнера, Iадийнера оцу гIовгIанаша. Цара доьхура шаьш оцу къематана генадахар. Цкъа хьалха Iумар Чуьрин-Эвла схьавеара. Юха, кхуза а бомбанаш етта йолийча, ДелихановгIара сацам бира, шайн юьртарчу масех доьзалца цхьаьна, ЧIебарлойн лаьмнашка хьала даха.
Шайн сал-пал вовшах а тоьхна, новкъабевлира уьш. Цаьрца цхьаьна яра Жимачу АтагIахь ша цхьаъ Iаш йолу Зараан къена йиша, Тарамова Азман. «Къоьзан-Iома йистехь йолчу спортан базерчу, еххачу баракашкахь дIатарбелира уьш. Цаьрца цхьаьна цу чохь бара Первомайски юьртара бевдда баьхкинарш а.
Юьхьанца кхузахь тийна а, синтеме а дара. БIаьрг хьоьстура лекхачу лаьмнаша, Iоман яйчу тулгIенаша, лаьмнийн цIеначу хIуоно. Бераш, дийнахь сарралц чудерза ца туьгуш, самукъане ловзура. Наггахь, арабовлий, буьйлалора къаной а. Эсалчу мохехь ловзура якъаяла оьхкина берийн бедарш… ТIом генна хетара, иза цкъа а кхуза кхочур бу а ца моьттура. Ца моьттура стиглахь тIеман ши кема гучудаллалц.
Бохам хилале цхьа де хьалха хенан хIоттам цIеххьана хийцабелира. Шийла мох хьекха болийра. Луо доладелира. Ши кема стиглахь гучудаьллачул тIаьхьа адамийн дегнаш чу сингаттам бижира. Iумаран цхьаъ бен воцу кIант, кеманаш гучудовллушехь водий баракашна гена волура. Царна гуонаха лаьттара бевдда баьхкинчеран машенаш. Бохам хилале хьалха масех бер а эцна шайн гергарнаш болчу яхара Делиханова Зараъ.
ТIекхечира февраль беттан 23-гIа – Даймохк ларбархочун де, нохчийн халкъ махках даьккхина де… Малхбуза ламаз герга гIоьртина хан яра. Зударий мархадастарна кечамаш бан буьйлабелира (фарз мархийн Рамадан бутт бара иза). Бераш, даима санна, арахь ловзуш дара. Тамусин, Делиханов Iумаран хIусамненан, цIеххьана сакарзах делира, кхин гуш бахьана а доцуш. Бераш схьакхайкха араяла дIайолалушшехь, тхов тIебуьйжира цунна. Иза кхетамах елира. Арахь долу бераш, кеманийн гIовгIа ма-хеззина сени чу лилхира. Уьш а тIебоьжначу тхов кIелахь дисира. Кеманаш а, царна тIехь хилла летчикаш а лаьмнаш тIехьара схьалилхина, тIамах бевдда баьхкинчу къаношна, берашна, зударшна бомбанаш, ракеташ тоьхна, «Даймохк ларбархочун де» даздан дIабахара.
ТIаьхьа, коьртана а, белшана а чов хилла Тамуса цуьнан маьршичас Делиханов Iийсас саьлнаш юккъера схьаяьккхина, юьстах охьайиллира. Иза а, Висин хIусамнана Зураъ а баракаш чохь мел бисинчарна гIо деш, уьш кIелхьарабохуш хьийзаш дара, бIаьрга сара кхетча санна, гатделла…
Учахь дечиг а, бензин а, мехкадаьтта а дара. Бомбанаш, ракеташ тоьхначул тIаьхьа царах цIе летира, иза бIаьрнегIан тухучу юкъана баракех хьаьрчира. Бераш оцу цIара юккъехь дисира. Хетарехь, царна юкъахь йисира Делиханов Вахин а, Юсупова Лайлаан а ши йоI – Хеди а, Хедижат а, Iумаран а, Тамусин а кIант – Ислам. Ас «хетарехь» яздина царах йовззал бухайисина хIума ца хиларна.
Бомбанаш баракийн цхьа декъе бен ца кхеттера. Билггал оцу агIор йолчу чоьнашкахь вижина Iаш хиллера Ваха а, Виса а. Кемано тоьхна бомба нийсса церан машенна тIе кхетта хилла. Эккхаран тулгIено хьалакхоьссина йогуш йолу машен нийсса церан тхов тIе йоьжна. И шиъ а цIергахь ваьгна. Церан жимах волу ваша Iумар цу хенахь хьошалгIахь хилла Iомана гена йоццуш йолчу юьртахь. Баракаш йолчу агIор лелхаш бомбанаш хезча, шен гергарчарна орцах хьаьдира иза ког ма-боллу. Амма йохийна, йогуш йолу баракаш гича, зударша, бераша дохуш долу орцанаш, церан маьхьарий хезча, дог иккхина, ша волччу охьавуьйжира… кхин ца гIатта.
…Къеначу Азманан цу дийнахь когаш гIорийра. Цул тIаьхьа ша бакъдуьнена яххалц меттахь хан яккха дийзира цуьнан. Оцу халчу хенахь цуьнан Iуналла дира ДелихановгIеран Жимчу АтагIарчу гергарчара – Юсупов Юнусан доьзало. Къаьсттина дог лозуш хьожура цуьнга церан нус Раиса. (ШолгIа тIом болуш, Раисин цIийнда а, кIант а мангал хьакха ваханчохь мини тIехь иккхира. Ткъа ша Соьлжа-ГIаларчу юккъерчу базарара цIа йогIуш, нехаш дIакхуьйсучу бака чохь снаряд а иккхина, цхьа бIаьрг боцуш йисира).
Оцу дийнахь цигахь, Къоьзан-Iома йистехь кхелхинарг кхойтта маьрша стаг вара. Цул тIаьхьа 20 шо сов хан яьллехь а йовзийта лаьа цигахь байъинчеран цIерш: Тагиров Исхан (Чурт-ТогIи), Тагирова Iабидат (цуьнан хIусамнана Чурт-ТогIи), Байсаров Юсуп (ст.Первомайски), Байсарова Марем (ст.Первомайски), Базиева (Мукаева) Зулихан (Чуьра-Эвла), Доутова Римма (ст.Первомайски), Сайпулаев Сабраил (ст.Первомайски), Делиханов Виса (Чуьра-Эвла), Делиханова Хеди (Чуьра-Эвла), Делимханов Iумар (Чуьра-Эвла), Делимханов Ислам (Чуьра-Эвла), Делимханов Ваха (Чуьра-Эвла) Делиханова Хадижат (Чуьра-Эвла).Чевнаш йинарш: Байсарова Лиза (ст.Первомайски), Даиева (Хьалимат) Хазимат (Хой).
… Февралан къизачу 23-чу дийнахь хилларг дагалоьцуш Даиева Хьалимата дуьйцу:
– … Марха дастарна оьшучунна кечамбеш яра со. Дечиг туьллучу пешахь доттуш бепиг дара. Арахь чIогIа цIевзина шело яра, диллина доккха ло дара. Кхача кечбеш суна гIо деш бара сан кхиной Базиева Зулихан, Ампукаева Лайлаъ. Чохь ловзуш бераш дара: сан йоI Марет, цуьнан шичой Амнат, Iайшат.
… Сайх хилларг хIун ду кхетале бIаьргашна хьалха бода хIоьттира. Со кхетамах яьлла хиллера, хилларг тIаьхьо хиира суна, Россин тIеман кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхча дийна бисинчара дийцича. Сан коьртах бомбанан гериг кхетта хилла, туьта а йохош. Тхо чохь долчу цIинах цIе яьлла хилла. Со а, Зулихан а, Лайлаъ а орцах веанчу Базиев Мусас а, цуьнан накъосташа а цIерггара араяьккхина. Со, цIенна гена йоццуш лаьттачу «Уазик» машенна кIела йиллина хилла, дакъа мукъа а эрча ца доккхуш дуьсур дацара-те, аьлла.
Масех сохьтехь машен кIелахь Iиллина со гIорийна хилла. Чевнаш хилларш больнице буьгуш, со, елла ю, аьлла йитина хилла. Цул тIаьхьа тхан вашас Даиев Лечас со тхан децIа дIаяьхьна. Сан да Насрудди, нана Айзан, ткъа иштта вежарий, йижарий, гергарнаш тезет хIотто кечамаш беш хилла. Со совнах цIа чу, шийлачу охьайиллина. Суна тIехIоьттина, тIаьххьара соьга хьажа лиъна Эвтарарчу Дибиров Хьусайнан хIусамнанна Дибирова Асетана. Цунна ас садоьIу билгало хааелла. Цо кхечу зударшка аьлла: «Суна хетарехь, Хьалимат дийна ю-кх, садоьIуш…». Зударшна бакъ ца дина аьлларг. Шух эхь-бехк Дала лоьрийла, цу хенахь со пхора (доьзалхочух) яра. Мухха а, юьхьанца цо бохург, бакъ ца динехь а, зударшна со ялаза хилар хиъна. ТIаккха, массо а орцах ваьлла, суна шийла ло хьоькхуш, йохйинчу бедаршна юккъе хьерчош, чов хиллачу мете керла бийначу уьстагIан дума буьллуш, шайна хуучу кепара дарбанаш лелийна.
Iуьйранна Веданарчу коьртачу больницера валийнарчу невропотолога Чатаев Саламбека, чевне а хьаьжна, суна хирурган гIо оьшуш хилар хаийтина. Цул тIаьхьа со оцу больнице дIайигна Шахтамиров Райбекан машенехь.
Цигахь Хьалиматана доьазза операци йина. Делан къинхетамца чевнаш дIайирзина, дуьненахь рицкъа хиларна дийна йисина. Бакъду, хIинца а кест-кеста чевно, хьегIаш, и къиза хенаш юх-юха а карла-м йоху цунна.
Кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхначул тIаьхьа тIамах бевдда баьхкинарш шайн-шайн ярташка дIабахара, «Хих веддарг хьера кIел иккхина», бохучу кицанахь дуьйцучул ирчаниг а хилла. ДелихановгIар а шайн дай баьхначу юьрта юхабирзира. Амма цу тIехь а чекх ца делира царна тIехIуьттуш долу зераш. Россин эскарша кхоьссина снаряд Делиханов Iийсан цIенна тIекхитира. Оцу бохамехь кхелхира Iийса а, цуьнан нана Йисита а.
Тамуса, (ДелихановгIеран жимах йолу нус) тахана а тешаш яц шен кIант Ислам Къоьзан-Iома йистехь хиллачу бохамехь кхелхина хиларх. ХIунда аьлча цуьнан дакъа ца карийна цунна. Цу хенахь дуьйцура тIеман вертолеташа ламанца я аренца ша цхьаъ вогIуш стаг, зуда я бер гича, охьа а дуьсуш уьш дIабуьгу бохуш. Тамуса шен кIант цу дийнахь дIавигна аьлла хеташ ю. Бакъдерг ма-дарра хууш дац… Оцу дийнахь иза (Тамуса) а дIакхетта, кхетамчуьра яьлла Iийна ехха…
Шераш дIаэхарх, зама мел тояларх, хазъяларх дийна бисинчарна дицдала ца туьгу 1995-чу шеран 23-чу февралехь Къоьзан-Iома йистехь хилла къемат. Церан бехк а бац.
В.МАЦАЕВ
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо