Цхьа-ши дош…

Къилбаседа Корейс юха а ракета кхоьссина Японски хIорд болчу агIор. Цуьнца доьзна США-н а, Къилба Корейн а, Японин а куьйгалхоша тахана дийцаре дийр ду Къилбаседа Корейн хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

   Еврокомиссин куьйгалхоша дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь дуккха а лахделла Хонкаран махкахула Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхашка мигранташ дIаэхар.

***

   Шемахь, дуьззина схьаэцча, ларъеш ю герзаш деттар сацоран раж, алсамбовлуш бу машар а, маслаIат а дар къобалдеш болу бахархой.

***

   «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех паргIатъяьхначу гIаланашкарчу а, ярташкарчу а шемахошна гуманитарни гIо дар тIеттIа алсамдолуш ду. Хомс а, Хама а гIаланашна 6 тонна сов гIо дахьийтина Россис.

***

   ОвгIанехь доьхна США-н тIеман С–160 кема. Цу тIехь хилла пилоташ белла. Кема дохаран бахьана хууш дац.

***

   Пакистанехь, 50 сов стаг а вуьйш, теракт йинчул тIаьхьа бакъонаш ларъяран органаша леррина операци дIахьош схьалаьцна 5 эзар сов стаг.

***

   Россина дуьхьал йина санкцеш дIаяхаран хьокъехь йолчу резолюцин проект къобалъярехьа кхаьжнаш тосур ду Францехь герггарчу хенахь.

***

   Мисарара пассажирийн кема Кипре дадийна волу мисархо Сейф ад-Дин Мустафа Кипран Iедалан каравахана, цо амалтана дIалаьцна хилла пассажираш, зен-зулам ца хуьлуш, шайн цIа бирзина.

***

   Россин Президент В.Путин Нижни-Новгородехь йолчу «Алмаз-Антей» концернан заводехь а, аэропортан дуьненаюкъарчу керлачу терминалехь а хилира.

***

   Россин Премьер-министра Д.Медведевс дIаяьхьначу селекторийн кхеташонехь дийцаре дира махкахь бIаьстенан-аренийн белхаш дIабахьарца доьзна долу гIуллакхаш.

***

   Бакухь Россин а, Иранан а, Азербайджанан а кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствийн куьйгалхоша дийцаре дира вовшашца йолу доттагIаллин юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: