Нохчийн журналистикин къаночун Магомаев Салавдин 80 шо кхачар билгалдоккхуш даздарш хилира Зорбанан цIийнехь. Шен дахаран 80 шарах 60 шо хан «Даймохк» газетана дIаделла ву иза. Вайн а, луларчу республикашкахь а вевзаш ву Салавди. Цуьнан гергарлонаш ду мел генарчу ярташкахь бехачу а, тайп-тайпанчу белхашкахь къахьоьгучу а нахаца. Гочдархо, яздархо, журналист ву.
Зорбанан цIийнан актови зал юьзна яра Салавди декъалван, цуьнга болу шайн ларам гайта баьхкинчу нахах. Царна юкъахь Iедалан, Iилманан, культурин, искусствон, журналистикин дакъошкахь бевза нах, юбиляран гергара нах бара. Даздаран суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.
Салавдин цIарах хаза, довха дешнаш элира Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин интеллектуальни туьшан председатела, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, «Вайнах» телерадиокомпанин директора Ельсаев Iаламахьада, яздархочо Айдамирова Машара, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнчас Умхаев Хьамзата, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитела Мамакаев Эду-Хьаьжас.
Нохчийн халкъ дохийначуьра цIадирзича Магомаев Салавдица цхьаьна «Ленинан некъ» газетан хьалхара номер арахоьцуш а, цул тIаьхьа а къахьегна волчу Кагерманов Доккас, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан философин кафедран заведующис, профессора Гадаев Вахас а, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин гуманитарни-Iилманан институтан директора Магомадов Супьяна, профессора Осмаев Мовлас, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхочо Дадуев Мохьмада а, дуккха а кхечара.
Б.Хазбулатовс, Д.Кагермановс, Л.Гудаевс, Хь.Умхаевс, къаьсттина лакхара мах хадийра Салавдис нохчийн газетехь бинчу белхан. Республикин журналистикехь мел долу совгIаташ, Сийлаллин цIерш яьхна ву юбиляр.
Забарна комаьрша волчу юбиляран даздарш забарех, самукъанечу дагалецамех дуьзна дара. Даггара дешнаш, совгIаташ, зезагаш, эшарш, хелхарш – уьш дерриге а Салавдина лерина дара.
Гулбеллачара кхаъ хиларца тIеийцира «Даймохк» газетан редакцин ветеранийн Кхеташо кхолларан а, цуьнан куьйгалле С.Магомаев харжаран а хьокъехь болу хаам.
Суьйре ерзош ша бахьанехь гулбеллачу нахана даггара баркалла элира Магомаев Салавдис. «Сох Салавди винарш шу ду», – иштта дара цо шена бинчу лерамна дуьхьал лаьцна гIиллакх.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо