Урдунехь (Иорданехь) бехачу нохчех лаьцна дерг девзаш дукха хир бу вайн цIахь. Цхьаболчарна тхан дай Урдуне муха кхаьчна хилла суначул дика хууш а хир ду. Делахь а, тIекхуьуш болчу вайн кегийрхошна доцца аьлла, тхайх лаьцна довзийта Iалашо йолуш Урдунера яздо ас хIара кехат.
1901-чу шарахь дуьххьарлера мухIажарийн тоба араелира Нохчийчуьра. Цхьа эзар хиллал болу доьзалш Хонкаран махка кхечира. ЦIера дIабахаран бахьанаш дукха дара, амма коьртаниг – «Россехь зуламе Iедал хIуттур долуш ду, цу Iедало нахе шайн дин леладойтур дац», – бохуш эладитанаш нахана юкъахь даржар.
Оцу шарахь Хонкара кхаьчначу нохчех 120 доьзална цигахь Iан а ца лиъна, Шема баха новкъабевллера уьш. 1902-чу шарахь Шема кхечира мухIажарш, цу махкахь кIеззиг бен ца буьсуш, дукхахберш Урдунан махка дIабахара.
1903-чу шеран зазадоккхучу баттахь кхечира уьш таханлерчу дийнахь Урдун олучу махка. Цигара Заркъе олучу шахьарахь туп тоьхна баха хевшира нохчий. Цу хенахь Заркъе шахьар яцара. Цхьа а шеко йоцуш, Заркъех шахьар йинарш вайнах бу. Дахаран ерриге а агIонаш денъеш, юьртан бахам лелош, дукха къахьийгира цигахь вайнаха. Таханлерчу дийнахь Заркъахь цхьаъ ах миллион хиллал стаг веха. Царех итт эзар хиллал бен бац нохчий.
1905-чу шарахь мухIажарийн кхин цхьа ковр а кхечира Урдунан махка. Уьш Сувеле олучу шахьарахь баха хевшира. Иштта, 1908-гIа шо кхаччалц Урдуне дIаихира нохчий, шишша-кхоккха доьзал богIуш.
100 сов шо ду нохчий Урдунан махкахь беха. Бусалба динан «тхов-кIело» лоьхуш арабевллачеран дахар хIумма а токхе дацара юьхьанца. ГIаш а, ворданашкахь а новкъабевллачарна юкъахь дукха кхалхарш хилира оцу бехачу некъашкахь. ДIакхаьч-кхаьчначохь меттигерчу наха къобал ца беш, тийсадаларшкахь а кхелхира дукха нохчий. Уьш кIезиг хиларца дуьстича хIетте а, къар ца луш, яхь дIа ца луш, доьналлех ца бухуш, бахахевшира. ТIаьхьо, Урдунан махкахь Iедал хIоттош доккха дакъалоцуш, гоьбевлла, вайн сий айъина баьхна цигара нохчий.
Урдунерчу нохчаша шайн дай баьхна латта а, ненан мотт а цкъа а бицбина бац я биц бийр бац, мел дукха хан яларх.
Дуьххьара Урдунан махка кхаьчначу нохчийн баккхийчу наха аьлларг, хIинца а дагахь ду тIаьхьенашна: «Цхьа зама йогIур ю вайн Даймохк вай юханехьа хIижрат дечохь болуш».
Таханлера де ду моьтту суна цара дийцинарг, динан маршонна а, машарна а заза даьккхина лаьтта вайн Даймохк. Де-дийне мел долу кхуьуш, хазлуш синкхетаман бIаьцаш ю хьомечу Даймахкара схьагуш.
Дала Iалашбойла вайн хьоме Даймохк! Сан нах… сан нах… Дала Iалашдойла шу!
БАКИР Iабдул-Хьамийд
Суьрта тIехь: Нохчийчуьра гIаш Урдуне бахана нохчийн къаной
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо
Сухнеи ма ца хьахена ахь :)
Абдул- Хьаким,
Сухне юрт а Заркъе шахьар, Заркъенан кошт1 юкъ йог1уш ма ю, сан ваша.
1абдул-маджид
Баркала х1уна жоп даларна сан вокха вош.