Къилбаседа Кавказан Юкъараллин советан кхеташо

ГIебартойн-Балкхаройн Республикин коьртачу шахьарахь – Нальчикехь Къилбаседа Кавказан федеральни округан Юкъараллин советан кхеташо хилира. Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Президента Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс.

Кхеташо дIа а йолош, ша динчу къамелехь цо билгалдаьккхина ма-хиллара, Къилбаседа Кавказехь дукха хенахь дуьйна вовшашна лулахь, бертахь бехаш бу бусалбанаш а, керстанаш а. Вовшашца дика а, вуон а декъна цара. Цкъа а вовшашца къийсамаш а, девнаш а ца хилла дин бахьана долуш. «Къилбаседа Кавказехь ю вайн махкахь уггаре а шира килсаш а, ткъа иштта маьждигаш а. Билггал кхузахь бIешерашкахь вовшашца зIенаш, уьйраш йолуш даьхна тайп-тайпанчу динехь долу адамаш. Керстанан, бусалбан, иудизман векалш вайн регионашкахь вовшашца хIумма а къуьйсуш боцу вуно дукха хан ю», – бохура Меликов Сергейс.

ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Куьйгалхочо Коков Юрийс чIагIдарехь, таханлерчу дийнахь динашна юкъахь йолчу зIенашна сагатдан оьшуш хIума дац. Делахь а, гIеххьа сагатдойтуш а, садууш а ду бусалбанашна юкъахь декъадалар, галморзахалла хаалуш хилар. Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, цуьнан коьрта бахьана ду кIорггера Iилма долу Iеламнах кIезиг хилар, бахархошна бусалба динах дерг кIезиг хууш хилар. Бусалбанийн кхетамна вуон тIеIаткъам бо радикалийн, экстремистийн боламаша. Уьш бахьанехь ду царна юкъахь цакхетарш а. «Юкъараллина радикализаци ярна ян ма езза дуьхьало берриге а бусалбанаш цхьаьнакхетча бен ялур яц. Оцу хьолан кхин цхьа агIо а ю – социально-экономикин. Оцу декъехь йолчу халонех говза пайдаоьцу тайп-тайпанчу экстремизман, радикализман векалша, малхбузерчу лерринчу службаша кхуза схьабохкуьйтуш а, ахча луш а болчу», – дIахьедира Ю.Коковс.

Делан къинхетамца, Нохчийчохь цу тайпана халонаш яц. Берриге а бусалбанаш тIарикъатан некъа тIехь а бу, церан барт а бу, бусалбанашна хьехамаш бан кIорггера Iилманаш долуш Iеламнах а бу, Iилма Iамо луучунна ехкина хьуьжарш, бусалба дин Iамош институт, университет а ю.

Кхеташо ерзош С.Меликовс, цигахь дийцаре динчу гIуллакхийн жамIаш деш, тидам тIебахийтира динах хьакхалуш долчун хьокъехь цунна охIла боцучу наха хIумма а дийца мегарг ца хиларна. ХIунда аьлча, дин кIорггера Iилма долчара хьеха деза. Цунах долу къамел а Iилма долчара дан деза.    Иштта кхузахь тидам тIебахийтира Iилма хьехар тодан дезаш хиларна а, дин хьоьхуш йолчу организацеша Iамош долчунна тIехь сема терго латто езаш хиларна а. И дар оьшу харц дин ца хьехийта, экстремистийн ойланаш юкъараллехь ца чIагIъялийта. Оцу Iалашонца экспертийн советаш вовшахтоха еза, шайна юкъахь Iеламнах болуш. Цара таллам бийр бу дин Iамочу учрежденеша бечу балха тIехь а, цара кечдечу тептарийн а.

С.Меликовс иштта хаам бира, Координационни кхеташонаш дIаяхьар юкъадало СКФО-н куьйгалла дагахь хиларх лаьцна. Цигахь дийцаре дийр ду динан хьокъехь долу гIуллакхаш, дакъалоцуш Къилбаседа Кавказехь лелош долчу коьртачу динийн векалш а болуш.

 

С.АНАДЕВ

№36, еара, бекарг (март) беттан  31-гIа де, 2016 шо          

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: