ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран- концертийн залехь дIадаьхьира Культурин белхахочун а, Театран а денна лерина даздарш. Цу самукъанечу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, иштта культурин белхахой.
Цхьаьнакхетар дIадолийра республикехь йолу театраш, библиотекаш, музейш, кхийолу культурин учрежденеш гойтуш, царах лаьцна доцца дуьйцуш йолу видеоролик гайтарца.
Цул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан: – «Культура йоцург къам дац» аьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Иза иштта дан а ду. Вайн Iер-дахар дерриге а аьлча санна, культурица доьзна ду. Стага илли олуш хилар, иза хелхавала хууш хилар – ца Iа культура хилла. Цуьнца доьзна дуккха а ду: гIиллакх, оьздангалла, тIекхуьучу тIаьхьенна къоман истори йовзийтар, Нана, Даймохк хестор. Цхьаболчарна артистана, актерана совгIат дича, царах лаьцна дика дош аьлча новкъадогIу, «со а Iемар ма вара хелхавала», – бохуш хеза. Иза нийса дац. Культура вайн къоман истори ю. Цхьаболчарна моьтту хелхарча я актер хила атта ду. Данне а дац. Цара чIогIа къахьоьгу.
Цхьа хан яра нохчийн къоман тIаьхье хир яц, кхане хир яц, бохуш къамелаш хезаш. ШолгIа тIом баьллачул тIаьхьа республикера дIа мел вахана актер, артист, шу тхуна оьшуш дара, вай нохчий дара бохуш, дуккха а культурин белхахой цIаберзийра. Къомана тIаьххье культурехь берш цIабирзира. Тахана вайн республикехь схьайиллина а, схьайоьллуш а ю культурин тайп-тайпана объекташ. Вай маьрша, ирсе дехаш ду. Дала тIаьхье беркате йойла вайн! – дерзийра шен къамел Кадыров Рамзана.
Цул тIаьхьа цо культурин хьаьрмахь дуккха а шерашкахь къахьегначарна «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» цIе а луш, мидалшца а, Сийлаллин грамоташца а совгIаташ деш билгалбаьккхира культурин цхьамогIа белхахойн болх.
Тайп-тайпанчу берийн ансамблаша хелхарш деш, артисташа эшарш лоькхуш, театрийн актераша спектаклан кийсакаш гойтуш дIадаьхьира даздарш.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Культурин белхахочун денна лерина цхьаьнакхетар
№36, еара, бекарг (март) беттан 31-гIа де, 2016 шо