Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительца Тумхаджиев Iийсаца дийцаре дира республикехь социальни а, промышленни а объекташ яран гIуллакхаш.
I.Тумхаджиевс Р.Кадыровга дийцира таханлерчу денна республикехь берийн 11 беш а, Керла Бена юьртахь 360 меттигана школа а еш хиларх лаьцна. Объекташ чекхъяха билгалдеш ду дешаран керла шо доладалале.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикехь юкъарадешаран а, школе доьлху хан кхачазчу берийн а учрежденеш цатоар хаалуш хилар, и гIуллакх кхочушдар коьртачу маьIне лоруш хилар.
«Берийн бошмаш а, школаш а санна йолу социальни объекташ цатоар вайн республикина йоккха проблема ю. Бераш шина сменехь ца дешча ца довлу, ткъа берийн бешана йолчу рогIе шерашкахь хьийса дезаш хуьлу. Цундела и гIуллакх вайна чIогIа мехала ду. Школаш а, берийн бошмаш а ярна юкъаоза беза инвесторш», – элира Р.Кадыровс.
Цо I.Тумхаджиевна тIедиллира, инвестицеш юкъаяхкаре а ца хьоьжуш, оцу гIуллакхана бюджетан доцу ахчанаш юкъа а узуш, «Россин Къилбе» программина юкъаяийтина йолу объекташ яр дIадолор.
I.Тумхаджиевс иштта дийцира кIезиг таронаш йолчу 36 доьзална республикин Куьйгалхочун тIедилларца хIокху герггарчу хенахь хIусамаш лург хилар.
Республикин Куьйгалхочунна иштта хаа лиира «Шела-Сити» комплексан объекташкахь гIишлошъяран балхах лаьцна а.
«Шелан район тIейогIучу хенахь республикин промышленни йоккха центр хир ю. Кхузахь ю цементан завод, билгалдеш ду гIишлошъяран материалаш арахоьцуш йолу кхузаманахьлера инновационни гIишлошъяран технопарк яр», – элира Р.Кадыровс.
Хьалхарчу вице-премьера иштта хаам бира хинйолчу «Шела-Сити» комплексан гIишлошъяран майданахь белхаш графикаца нийса а догIуш дIахьош хилар.
«Тхан хьесапашца, шо чекхдалале комплексан хьалхара кхо гIат чекхдер ду. Маьждигаш дарх аьлча, суна билгалдаккха лаьа и гIуллакхаш къаьсттинчу тергамехь хилар. Билгалйинчу планаца нийса а догIуш, дIахьош ду Теркан районехь маьждиг дар, жигара дIахьош бу Чечана-Эвлахь а, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районехь а маьждигаш дар. Ленински районехь маьждиг дан меттиг къастийна, цигахь хIокху герггарчу хенахь дIабуьйлалур бу белхаш», – дийцира I.Тумхаджиевс.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикехь 6,5 миллиард соьмана инвестицийн проекташ кхочушъеш хилар.
«Иза Нохчийн Республикин бюджетах 10 процент хуьлу. Оцо тоьшалла до республикехь инвестицийн хьал дика хиларна. Кхузахь билггал дерриге а хьелаш кхоьллина бизнес кхиамца кхиорна а, лелорна а. Республикехь кхочушъеш ю «Ведучи» санна йолу инвестицийн яккхий проекташ, еш ю гостиницаш, самукъадаккхаран центраш», – элира республикин Куьйгалхочо.
I.Тумхаджиевс дийцарехь, сане а, дика таронаш йолуш а йолчу проектех цхьаъ ю Ассиновски станицера минеральни хи арахоьцуш йолу завод.
«Завод немцойн гIирсашца кечйийр ю. Уьш сентябрь бутт кхочуш схьакхочур болуш бу. Яккхийчу проекташна юкъахь ю лаккхара дикалла йолу, шега доккха хьашт долу кибарчигаш арахоьцуш йолу завод а. Иза болх бан гуьйранна йолаялийта билгалдеш ду. Гуьмсехь болх бан йолаялийта кечъеш ю кондитерски сурсаташ арахоьцу фабрика. Оцу предприятешна гIирсашна заказаш йина, шо чекхдалале дIахIиттор бу уьш», – билгалдаьккхира хьалхарчу вице-премьера.
Цо иштта хаам бира Къоьзан-Iома юххера 220 меттиг йолу гостиница карарчу шеран июлехь йина ериг хиларх лаьцна.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,
Правительствон пресс-служба