«Библиотекина книгица совгIат до»

Иштта яра дукха хан йоццуш Теркан районерчу Лакха-Неврерчу культурин цIийнехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетаран цIе. Иза вовшахтоьхнера Теркан районан администрацин куьйгалхочун Куцаев Шамилан  гIоьнца.библиотека

Цу мехалчу гIуллакхехь дакъалоцуш бара Теркан районан администрацин куьйгалхочун заместитель Цакаев Мухтар, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эдуард, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Минкаилов Эльбрус, иштта районан администрацин белхахой, дешаран, культурин белхахой, районан школашкара дешархой. Царах  хIора а совгIатна книгаш йохьуш веанера районан культурин цIийне.

Цхьаьнакхетар дIадолош  Цакаев Мухтара билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Культурин министерствос вовшахтухуш долу, таханлерниг санна  дика гIуллакхаш пайдехь а, оьшуш а хилар. Цо элира:

– Библиотекина книгашца совгIат даро гойту, книгаша  юкъараллехь хIун меттиг дIалоцу а, уьш вайна оьшуш хилар а, вай книгаш йоьшуш хила дезар а.

Тахана кху дикачу гIуллакхехь дакъалоцуш районан дуккха а бахархой бу. Тхан книгашъешархой тешаш бу, библиотекаш яха езаш хиларх а, тIекхуьучу тIаьхьенна книгийн фонд Iалашъян езаш хиларх а. Цундела бу уьш кхузахь. Баккъал а, книгаш йоьшуш хилча бен хир вац стаг хьекъале, кIорггера хаарш долуш, – дерзийра шен къамел Цакаев Мухтара.

Иштта, районерчу кегийрхошка вистхилира Минкаилов Эльбрус:

– Стаг муьлххачу къомах велахь а, цунна йовза еза шен къоман, Даймехкан истори. Хаа беза ненан мотт. Иза дерриге а книгашкахула бен хила йиш яц. Цундела, даима а книгаш йоьшуш а, хIуманна духе кхуьуш а хила веза, – элира цо.

Теркан районан бахархоша хаийтира районан библиотекийн кхолламаш шайна бендоцуш цахилар. «Библиотекина книгица совгIат до» гIуллакх дIадахьа долийчахьана дуьйна районехь йолчу 17 библиотекин книгийн фондаш 4600 книгица тIеюьзна.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Теркан районехь «Библиотекина книгица совгIат до» гIуллакх дIадахьар

 

№37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

          

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: