Соьлжа-ГIаларчу доьзалан кепарчу заьIап берийн республикин реабилитацин туьшахь дIабаьхьира «Доза доцу кхолларалла» фестиваль-конкурсан («Творчество без границ») проектан хьалхара къасторан мур. Иза вовшахтоьхнера «Интерактив» ООО-с. Нохчийчоьнан районашкахь дIаяьхьначу «Ас дахар хоржу», «Со – донор. ЦIена цIий», «Наркотикашна – хIан-хIа! Терроризмана – хIан-хIа!», и. дI.кх. проекташ дIаяхьарца евзаш ю иза. «Интерактиван» директора Мазаева Маликас дийцарехь, оцу проекто гIо дийр ду могашалла ледара йолчу берашна юкъара похIме дерш къасто.
Дукха хаза яра конкурсан дакъалацархоша кечйина номерш. Тайп-тайпанчу номинацешкахула дIахьош бара къовсам: хелхарш дар, эшарш лакхар, музыкальни гIирсаш лакхар.
Хьалхарчу турехь дакъалоцуш 27 бер дара. Россин эстрадин артисташ, режиссераш, постановщикаш бара конкурсантийн номерийн мах хадош. Цара 20 бер къастийра.
– Уггаре а хьалха тхуна лаьа берашка дешийта, цу тIехь церан лаам совбаккхарна царна таронаш кхолла. Конкурсан дакъалацархойх цхьаболчеран кхоллараллехь беркате хиндерг хила там бу. Шина муьрах чекхбевллачу конкурсанташца кхаа баттахь, хьехархоша бина ца Iаш, психологаша а болх бийр бу. Цара хIора беран терго йийр ю. Хьалхарчу муьрах чекхдевллачу бераша кечам бийр бу, конкурс чекхъяьллачул тIаьхьа дIахьур йолчу, Гала-концертехь дакъалацарна. Россин а, Кавказан а бевзаш болчу артисташа эшарш локхур ю цигахь, – элира М.Мазаевас.
Фестивалан жюрин декъашхочо, художника, режиссера, постановщика Филиппов Алексейс хьехарш дира берашна.
– Шун хаарийн тIегIа лакхадаккха цхьа жимма мукъане а гIо дан даьхкина тхо. Шуна хаа деза кхоллараллехь кхиамаш баха дуккха а хан оьший а, къахьега дезий а. Цунна шу массо хенахь кийча хила а деза. ТIаккхий бен баккъал а кхочушдалур дац шуьга шаьш дагалаьцнарг, – билгалдаьккхира цо.
Кхаа муьрехь дIахьош ю «Доза доцу кхолларалла» фестиваль-конкурс. кхоалгIа мур жамIаш дарна а, совгIаташ дарна а лерина бу.
Гала-концерт хир ю Соьлжа-ГIалин театрально-концертни зала чохь.
Л.ДАУТОВА
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо