БаIисан забарш

Ахь буьйцурш хьаьмцаш бу

Шен накъосташца цхьаьна кемсаш юуш хилла БаIис. Уьш тIех дукха езарна, ца Iебаш, дийнна хорха схьа а оьций, чухьарчош хилла.

– Ахь хIун до, хIей? Кемсаш иштта юуш ма ца хуьлу. Сих ца луш, цхьацца буьртиг хорхий тIера схьа а боккхуш, яал ахь, – хьехар дина Къуддуза.

– ДIавалахь, со Iамо а ца гIерташ. Ахь буьйцурш хьаьмцаш бу, – аьлла рогIера хорха къайлаяьккхина вайн хьешо.

Со-м вац царах тера

– ЛадогIахь, БаIис, хьан доттагIчо Iаббаза суна аьллачуьнга.

– ХIун аьлла цо?

– Со Iовдалчу нахах тера ву аьлла-кх, со-м вац царах тера.

– Дера вац ванне а-м, Iовдал нах бу-кх хьох тера, – сатедина БаIиса.

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ 

 

№37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: