хилла дахарх чекхвелира филологин Iилманийн доктор, профессор Арсаханов Исраил
1960–80-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь дешначара цхьа шатайпанчу безамца дагалоьцу оцу шерашкахь университетехь хьоьхуш хилла Арсаханов Исраил.
«Массарна а цхьабосса дукхавезаш, тIех лараме хьехархо вара Арсаханов Исраил, – яздо шен цхьана статьяхь хIетахь студент хиллачу Бурчаев Хьаьлима. – Наггахь бен хир вуй хаац иза санна догдика, эсала стаг. Цкъа а, цхьана а стагана хезна дац цо аз айдеш а, я студентана халахетар дина бохуш а. Нохчийн диалекташ хьоьхура цо. Цхьажимма хилла а хьоьгахь диалектех долу хаарш хааделча, воккхавеш а хуьлура, бер санна».
Цунах лаьцна цхьа забар а ю, масех вариант йолуш. Хих цIе яьлла аьлча, тешар вара ша, амма И.Арсахановс студентана «шиъ» диллина аьлча, тешар вацара, аьллера боху цхьамма.
Хьуна хиъча а, ца хиъча а бен доцуш, оценкаш йохку бохург дацара иза. Студенташа чIогIа деша лууш а, цаьрга дешийта шен ницкъ кхочург цо деш а хилар гойту оцу забаро.
И.Арсахановн студент хилла а, юха цуьнца цхьаьна кафедрехь болх бина а ву филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент Овхадов Муса. Цо дагалоьцу:
– 1967–72-чуй шерашкахь вайн университетан филологин факультетан студент волуш, вевзира суна профессор Арсаханов Исраил. Уггаре а хьалха, студенташца кIеда-мерза, догдика, лераме вара иза. 1972-чу шарахь цуьнца цхьана кафедрехь болх бан волавелча, кхин а уллора вевзира суна Исраил. Шен белхан накъосташца а вара иза иштта ваза хууш. Iилманан талламашна мало йийр йоцуш, дика Iилманча а, шен белхан декхаршца чIогIа жоьпалле волуш, дика хьехархо а, жимачунна а, воккхачунна а гIо-орцанна кийча, дика накъост а вара. Суна а, суна санна, иттаннаш цуьнан хиллачу студенташна а, белхан накъосташна а къинхьегаман а, оьздангаллин а масал хилла висина Исраил.
Дахаро хьистинчарех вацара И.Арсаханов, цунна хила а мегара цуьнан амалшкахь адамалле дерг хьалхадаьлла.
Арсаханов Исраил вина 1916-чу шеран декабрь беттан 19-чу дийнахь Теркан областан (хIинца Дагестан Республика) Хасавюьртан кIоштарчу Бона-Юьртахь. ТIом балале хьалха дешна Буйнакскерчу хьехархойн училищехь. 1942-чу шарахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIаме воьду. Взводан командир волуш, дакъалоцу халачу тIеман тасадаларшкахь. БIаьхаллин хьуьнаршна делла пачхьалкхан совгIаташ а дара. 1943-чу шеран ноябрехь еза чов хиллачул тIаьхьа, Эскарехь гIуллакх дечуьра мукъа вуьту. 1944-чу шеран февралехь дерриге нохчийн халкъаца цхьаьна Юккъерчу Азе кхалхийна кхеран доьзал ГIиргIизойн ССР-н Ошски областан Куршабски районерчу Мирза-Ака юьрта кхочу. Хьехархойн училищехь дешна хиларо мелла а аьтто бира хинволчу Iилманчин – меттигерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх нисло цунна. Оцу шерашкахь доккха хIума дара иштта болх хилар, амма кIанта ца юьтура лаккхара дешар деша йолу ойла. Жимма а чу садеача, цо и ойла кхочуш а йира. Нохчашна юьртара юьрта баха а дихкина, хала даьхкинчу шерашкахь И.Арсахановн хьуьнар кхечира Ленинградерчу университетан филологин факультет чекхъяккха.
1957-чу шарахь Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманийн-талламан институтан меттан секторан Iилманан белхахо волуш, дIадоладо шен даго лоьху гIуллакх – нохчийн меттан диалекташ таллар.
1958-чу шарахь дуьйна Iилманийн-талламан а, хьехархочун а болх бо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (хIинца Нохчийн пачхьалкхан университет) лакхара хьехархо, кафедрин куьйгалхо, кафедрин профессор волуш. Ма-дарра аьлча, вайнехан филологин кафедра схьаелларан юьххьехь лаьттинарг а, 1962-чу шарахь и схьайиллича, цуьнан дуьххьарлера куьйгалхо хилларг а вара Исраил.
1960-чу шарахь Гуьржийн Iилманийн академин меттан институтехь И.Арсахановс кхиамца чIагIйира филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1970-чу шарахь оццу институтехь филологин Iилманийн докторан диссертаци а чIагIйира. Нохчашлахь шолгIа вара И.Арсаханов филологин Iилманийн доктор хилларг (хьалхарниг Ю.Дешериев вара).
Иттаннаш Iилманан белхийн автор ву И.Арсаханов. Царна юкъахь коьрта лара богIу:
– Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959.
– ХIинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Извести ЧИНИИИЯЛ», Т.I. Грозный, 1964.
– Чечено-аварские языковые встречи, Тезисы докладов. Махачкала, 1965.
– Чеченская диалектология. Грозный. 1969.
1965-чу шарахь И.Арсахановс арахийцира лакхарчу дешаран заведенийн студенташна лерина нохчийн меттан учебник. Иштта учебник а дуьххьара арахецна яра.
Арсаханов Исраилан Iилманан белхаш нохчийн мотт талларна юкъа йиллина йоккха хазна ю. Нийсса аьлча, нохчийн диалектологин бух биллархо лара вогIу иза.
Филологин Iилма кхиорехь бинчу белхан лаккхара мах хадош, 1973-чу шарахь РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца Арсаханов Исраилна «РСФСР-н Iилманийн хьакъволу деятель» сийлаллин цIе елла. Iилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь.
Вай сих-сиха олучех ду:
«Мотт боцуш, къам хуьлуш дац». Нийса ду иза.
Делахь-хIета, и мотт ларбеш, толлуш, Iамош къахьегнарш къам, цуьнан кхане ларйинчех хуьлу-кха. Ишттачарех вара Арсаханов Исраил, гоьваьлла Iилманча, башха оьзда стаг. Цуьнан цIе даиманна а яха йисина нохчийн меттан Iилманан исторехь.
Хь.АБОЛХАНОВ
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо