БIе сов шо ду Соьлжа-ГIалин бахархошна драматически театр евзина. Церан доккха ирс хилла дуьненна вевзаш волу актер, режиссер Евгений Багратионович Вахтангов вайн махкарчу Оьрсийн драматически театр вовшахтухучу юьххьехь лаьттина хиларна. Владикавказехь бехачу хьалдолчу эрмалойн дозалехь 1883-чу шеран 13-чу февралехь дуьнен чу ваьлла иза. 1904-чу Соьлжа-ГIала а вогIий, кхузахь вовшахтуху цо театр езархойн студи.
Шо а далале Вахтанговс куьйгалла деш йолу театран студи гIарайолу Къилбаседа Кавказехь. Дийца даьккхинчуьра аьлча, оьрсийн дуьххьарлера киноактриса Вера Васильевна Холодная (бакъйолу фамили Левченко) Вахтанговн театрехь, Соьлжа-ГIалахь болх бан дIайолаелла ю. Амма 1910-чу шарахь Соьлжа-ГIалара театр дIатосий Вахтангов Евгений Москварчу Константин Сергеевич Станиславскийс куьйгалла дечу МХАТ-е дIавоьду. ДIаваханчул тIаьхьа мелла а болх бо Соьлжа-ГIалахь цо вовшахтоьхна хиллачу театран тобано. Амма дукха хан ялале хьалхара Дуьненаюкъара тIом болало. Ткъа цул тIаьхьа, дукха хан ялале, 1917-чу шеран шийла октябрь схьакхочу шеца цхьана Iедалан карчам бохьуш. Революцис тIепаза, доь ца дуьтуш дIайоккху Соьлжа-ГIалара драматически театр. Амма и данне дац Нохчийн Республикин коьрта шахьар театр йоцуш синъекхаллин боданехь Iийна бохург. 1938-чу шеран бIаьстенан юьххьехь Нохч-ГIалгIайн Республикин совнаркомо сацам бо, Соьлжа-ГIалахь оьрсийн драматически театр схьаелла. Оццу шеран 5-чу ноябран суьйранна театро шен дуьххьарлера хьовсархой тIелоцу. Погодин Николайс язйинчу «Человек с ружьем» цIе йолчу пьеси тIехь, изза цIе йолу, спектакль яра Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн драматически театран хьалхара постановка. ГIарабевлла оьрсийн актераш хилла вайн театрехь болх беш: Иннокентий Смоктуновский, Леонид Броневой, Римма Быкова, Майя Слуцкая, Владимир Белоглазов, Георгий Гладких, Тамара Кулагина, Татьяна Тинаева, иштта дуккха кхиберш. 1941-чу шарахь оьрсийн сийлахь воккхачу поэтан Михаил Юрьевич Лермонтовн цIе тиллира Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн драматически театрана. 1941-чу шеран 22-чу июнехь фашисташ ямартлонца вайн Даймахкана тIелетира. МостагI луьра а, дера а вара. 1942-чу шеран аьхка Къилбаседа Кавказехь бара мостагIий. Церан зуламах а, ямартлонах а ларъеш Соьлжа-ГIалара оьрсийн драматически театр Бийск гIала дехьаяьккхира. Ши шо цигахь доккхуш а хаддаза болх беш яра театран похIме коллектив. 1944-чу шарахь Соьлжа-ГIала юхайирзира театр. Ерриге а Кавказехь тоьллачарех ларалуш яра вайн театро М.Лермонтовн «Маскарад» цIе йолчу драми тIехь хIоттийна спектакль. КIезиг яцара театро хIиттийна вайнехан драматургаша язйина пьесаш а. Боккха кхиам хилла чекхъелира Ахмадов Iумара язйинчу комеди тIехь театро хIоттийна «Хьоме нус» цIе йолу спектакль. ХХ-гIа бIешо чекхдолуш нохчийн къоман культурин мехала дакъа хилла дIахIоьттинера Соьлжа-ГIалара оьрсийн драматически театр. Амма цIеххьана вайн махка хьаьвзинчу ирчачу зуламан дарцо, цкъа а ца хилча санна хIаллакйира и театр. Оьрсийн артисташ дIабахара.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь тIамо гIелдинчу нохчийн къомана гечо делира маршоне а, маьршачу дахаре а сатийса. Болх бан йолаелира Соьлжа-ГIалара оьрсийн драматически театр а. 2006-чу шарахь дара Россин тоьллачу режиссерех цхьаъ волу Солцаев Мималт театран исбаьхьаллин куьйгалхо хIоттийча. Театр яцара. Аьлча а театран гIишло яцара. Артистийн а, режиссерийн а вовшахкхета аьтто беш цхьа чоь яра. Делахь а, артисташ дика кхетара махкахь буьрса тIом кхихкина хиларх а, кхин Дала делла хьал цхьанхьа а цахиларх а. Уьш тийна таьIана болх бан дIабуьйлабелира. «Кавказан лаьмнийн къонахий» цIе йолу спектакль яра цара дуьххьара хIотто билгалъяьккхинарг. Цуьнан сценарий Солцаев Мималта ша язйина яра. Спектаклехь ши турпалхо вара. Цу заманахь Россехь хиллачу Iедална резавоцу Оьрсийн сийлахь воккха поэт Михаил Юрьевич Лермонтов, нохчийн къоман маршонехьа къийсам латтийна волу халкъан Турпалхо Таймин Биболат. Спектакль Iаламат чулацаме а яра, хьовсархошна исбаьхьалин ницкъаца тIеIаткъам беш а яра. Цунна къеггина тоьшалла ду 2007-чу шарахь Новочеркасск гIалахь хилла Дуьненаюкъара театральни фестиваль. Россин ерриге а регионашкара театраш яра оцу фестивале кхайкхина. Нохчийн Республикерчу театре а кхайкхинера, юкъара яьккхина аьлла дегабаам ца байта. Бакъду, Нохчийчуьра баьхкина артисташ сцени тIе бевлча хьовсархойн зала чохь тийналла хIоьттира. Шайн похIмица вайн артисташа йийсаре лецира хьовсархой. Спектакло говза дIагойтура ши бIе шо хьалха а нохчашна оьшуш беана тIом цахилар, церан оьзда дай баьхначу лаьтта тIе. Ткъа ойла хецна йитина, дустар дан карахдаьлча, хьовсархой кхетара нохчийн артисташа ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь шайн махка беанчу бохамна орцадохуш хиларх. Фестивалан Гран-при Соьлжа-ГIалара еанчу театрана кхачош дIайирзира фестиваль. Мел халахеташ делахь а, «Кавказан лаьмнийн къонахий» Солцаев Мималтан тIаьххьара спектакль ю. Кечамаш бан болийна хиллехь а, «Эзоп» спектакль хIотто иза ца кхиира. Вайна юкъара 2013-шеран 11-чу декабрехь дIавахара профессор, Россин искусствийн хьакъволу гIуллакххо, Россин пачхьалкхан премин лауреат, режиссер Солцаев Мималт. Дала гечдойла цунна! Солцаев Мималтан ган доьгIна ца хиллера Оьрсийн драматически театр керлачу гIишло чу кхалхар. Шуьйрачу даздаршца билгалдаьккхира и де 2012-чу шеран 19-чу июнехь, цу муьрехь Россин Президент хилла Д.Медведев а вогIуш. Дуьненна гIарабевлла Россин дукха артисташ бара цуьнца баьхкина. Цара дуккха а довха дешнаш элира халонашна къарбелла гор ца хIуьттуш, буьрсачу зерех яхь дIа ца луш, доьналлица чекхбевллачу вайн артистех лаьцна. Тахана а театр цхьана эшшара болх беш ю, керла спектаклаш хIиттош ю. Царах вайн махкарчу хьовсархойн Iаламат чIогIа самукъа а долу. Кхин хIумма а ца хилча а хIинцца дукха хан йоццуш театро хIоттийна «Iаьржа кIант» спектакль ю вайнехан комедин тоьллачу ламасташна тIетевжаш хIоттийна. Спектаклан авторийн аьтто баьлла Нохчийчуьра театраш болх беш юй а, хьовсархойн самукъадаккха гуьнахь долуш юй а хаийта. Цундела Соьлжа-ГIаларчу М.Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн драматически театран кхоллараллин коллектив декъал ян хьакъ ю «Iаьржа кIант» цIе йолчу спектаклан кхиамца а, хIора шеран 27-чу мартехь билгалдоккхучу театран Дуьненаюкъарчу денца а. Дала аьтто бойла, халкъан дуьхьа хьанал къахьоьуш мел волчу стеган!
А.ГАЗИЕВА
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо