(поэтах, яздархочух, Iаламдезархочух Гелагаев Сайд-Мохьмадах дош)
Иза дара 1971-чу шарахь. Сой, тхан юьртара Яшуркаева Раисий цхьаьна еара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институте деша (хIинца Нохчийн пачхьалкхан университет).
Тхан группехь доьшуш вара хинволу поэт Гелагаев Сайд-Мохьмад а.
Тхо дешна девлла хIинца 37 шо кхаьчна, вайн махкахь а, тхан хиллачу студентийн дахарехь а дуккха а хийцамаш хилла, амма суна дерриге а, селхана хилча санна, дагадогIу. БIаьргашна хьалха лаьтта тхаьш, тIаьххьара пачхьалкхан экзаменаш дIа а елла, дипломаш схьаэцна де а, Кировн паркехь а, университетан паркехь а тхаьш цхьаьна суьрташ дахар а.
Сой, Сайд-Мохьмаддий дешначул тIаьхьа дуьххьара вовшахкхийтира 2008-чу шарахь берийн «СтелаIад» журналан редакцехь. Иза боккха кхаъ бара тхойшинне а, хIунда аьлча вовшашка дийца дуккха а IаьIнера, карладевлира студентийн шераш а. ТIамал тIаьхьа Нохчийчохь хIоьттинчу машаран муьрах а, вайн мохк а, къам а юхадендала, машаран, ирсан новкъа даларх а, доьзалх, дахарх, кхоллараллех лаьцна а хилира къамел.
2007-чу шарахь араяьллера Гелагаев Сайд-Мохьмадан «Олхазарийн дуьне – сан дуьне» цIе йолу книга. Шен автограф а юьллуш, иштта дешнаш яздира цо ша суна лучу книгин 1-чу агIон тIехь: «Асет! Олхазарийн дуьне довза а, деза а Дала хьекъал а, кхетам а лойла вайна массарна а! Ларамца автор (шен куьг…)».
Оцу доккха маьIна долчу дешнашкахь ша ма-варра гуш ву 230 олхазаран цIе дагахь хууш волу сан ваша, нохчийн поэт, Iаламдезархо Гелагаев Сайд-Мохьмад.
«Олхазарийн дуьне ду и! Дика ладогIа цуьнга массара а. Жимачо а, воккхачо а. Бовзийта шайна олхазарийн мотт, эшарш, церан амалш, вовшашца йолу уьйр-марзо, стечу олхазарний, боьршачу олхазарний юккъехь кхоллалун безам… Церан хIора тайпанан шен-шен гIиллакхаш а, ламасташ а, мотт а бу, адамашлахь къаьмнийн санна. Царах дукхахдерш адамашна уллохь хилар дезаш ду, церан къинхетаме гIо-накъосталле сатуьйсуш.
Берахь дуьйна хилла со олхазарш дезаш. ХIинца а, ханна воккха мел хили а, чIагIлуш схьабогIу сан цаьрга болу безам. Дала ма-кхоллара, цIена дуьне ду олхазарийн дуьне. И дуьне сан дуьне, шу суна тIетахь, иза вайн дуьне ду.
Бераллехь дуьйна дов хилла сан олхазарийн баннаш дохош болчаьрца, уьш лазош, заьIапдеш болчаьрца. Уьш адамех теша, ткъа цхьадолу адамаш къиза хуьлу цаьрца, цундела вовшашца а къиза хуьлу, къинхетам бохург хIун ду а ца хууш. Делах ца кхоьру хир бу-кх уьш», – яздо шен книги тIехь Гелагаев Сайд-Мохьмада.
И могIанаш доьшуш суна дагаеара 2002-чу шеран аьхке. Тхешан цIа лаьттинчохь цхьа тоьла а тарйина (цIенош тIамо дохийнера), цу чохь хан йоккхуш дара сой, сан хIусамдай.
ХIора Iуьйранна ши кхокха богIура тхан коре: Iаьржа, кIайн. Сан хIусамдас юьртара деана кIа дара цу шинна тосуш, ткъа наггахь бепигца а кхобура цо и шиъ. Шаьшшиъ схьа ма-беъана, хоуьйтура цу шимма, корехь тата дой, бекий, цхьана хазачу озаца йиш локхий. Тхан мел самукъадолура и ши кхокха схьабеача! Шелъяллалц схьаихира, сахиллалц кхуьйсучу герзаша Iуьйрене волуьйту я ца волуьйту а ца хууш, къиза яьккхина буьйса йицъеш, шаьшшиннан эшаршца машар бохьуш, дерриге а Делан карахь дуйла хоуьйтуш хилла машаран ши кхокха.
…Гелагаев Сайд-Мохьмад дуьнен чу ваьлла 1937-чу шеран август беттан 23-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалахь. ВорхI шо кхачаза хилла иза вайн халкъ махках доккхуш. Генарчу Казахстанехь кхойтта шо а даьккхина цо.
Дуьххьарлера байташ а цигахь, школехь доьшуш волчу хенахь язйина цо.
Гелагаев Сайд-Мохьмадан говзарш арайийлина республикерчу тайп-тайпанчу газетийн, альманахийн, журналийн агIонашкахь.
Шен декъазчу бераллех а, вайн халкъо лайначу баланех дуьйцуш, 1988-чу шарахь иштта яздора поэта:
Йилбазан мохо мас ловзош ма-хиллара,
Iедало сан кхоллам ловзийра атта.
Дацара дагара дийца магийна…
Магийнарг хIун дара соьга ма хетта,
Шуна дIайийца яц сан цхьа а бIаьсте,
Ткъа ирча Iа дийца хьенан дог догIу?
И хеттарш дича, дог юханехьа кхерстий,
Шийлачу цу дорцехь, борз санна, угIу.
(«Ма хетта»)
Цхьаннах тарвала а ца гIерташ, шен некъ лоьхуш схьавеана Сайд-Мохьмад. Ша юьхьарлаьцначу некъах гал ца волуш, схьаван хьекъал а, кхетам а белла цунна Дала.
Таханлерчу вайн къоначу чкъуре иштта боху поэта:
…Дай-нанойн иэс диц ма делаш,
Нохчийн кIентий, мехкарий.
Сирла дисна церан некъаш,
Лардарна шайн халкъан сий.
Лаьмнийн баххьаш теш ду цунна,
Теш ю тархийн марахь бIов.
И иэс го бакъ нохчичунна,
Бакъ хуьйдина васт ца дов…
Олхазарийн дуьне дика девзаш хилар хаало Сайд-Мохьмадан «Олхазарийн къамел» байтехь:
Карзахдаьлла хьийза чIевна,
Дусаделла оьгIазе,
Хааделла лулахь зевне
Декаш можа олхазар.
«Олу цунах маьлхахьоза», –
Ала деъна селасат.
Хиъна кондар тIе, и довза,
ВорхIе басахь стелаIад.
«Маьлхахьоза сох а ала», –
Дехар до хIуьрцIалдиго.
ЦIаьлгIарзо, лаг сийсаш олу:
«ХIан-хIа и цIе суна ло».
Дистхилира маьлхахьоза:
«Эзар бос бу дуьнен чохь…
Хиларна, малх санна, можа,
Маьлхахьоза олу сох.
Зарзар деладелла тIаккха:
«Хаза бу сан мокха бос!»
«Со а диэ сайн басах доккха!» –
Хеза эххар чIевнан дош.
Гелагаев Сайд-Мохьмад, ша меттан воккха говзанча а, мотт безаш а хиларе терра, хIора а ша олучу дашца а чIогIа гIиллакхе ву.
Ненах лаьцна язйина а дукха байташ ю поэтан Гелагаев Сайд-Мохьмадан. Йовзийта лаьа цуьнан «Ненан кортали» цIе йолу байт.
Сан ненан кортали буо дисна Iуьллу,
Со санна, дог доьхна и хетало.
Ас цунна тIе гIийла сайн корта буьллу,
Цкъа йовхо, цкъа шело цо суна ло.
И ехаш баьгна малх цу тIера гIоттий,
Схьахьерча сан дегIах ма-барра ша,
Ткъа юха, цIаьххьана шийла Iа хIуттий,
Стамбо цкъа сан даг тIе биллина ша.
Корталин тIома кIел лелийра нанас,
Товнах, шелонах со ларвира цо.
Деле сан ирс доьхуш, дора цо ламаз,
Болх бора, шен букъ тIе дIавоьхкий со.
Ненаца дахаран дитт гора томехь,
Ткъа хIинца го цуьнан цхьа жима юьхк.
Ду суна кортали дахарал хьоме:
Цо суна схьаоьхьу сан ненан юьхь.
И ехаш баьгна малх, цу тIера гIоттий,
Схьахьерча сан дегIах ма-барра ша,
Ткъа юха цIаьххьана шийла Iа хIуттий,
Стамбо цкъа сан даг тIе биллина ша.
Кегийрхошка ала лаьара, гой шуна мел хьоме ю поэтана Гелагаев Сайд-Мохьмадана шен нана! Мел чIогIа еза цунна иза! И дIаяьлча а, ненан безамна цо лелийна кортали ду цо шеца даима лелош. ТIаккха муха елхор ю тахана ша вина нана, шен къена да, йижарий, вежарий. Цуьнан ойла йойла лаьара тахана дахаран новкъа бовлучара. Уггаре а хьалха Сайд-Мохьмад хьехархо ву. Кегийрхошна ненан мотт хьоьхуш, цуьнгахула дуьне а, дахар а довзуьйтуш, гIиллакхе, оьзда кхиош, дукха къахьегна цо. Цундела цецволийла дац цуьнан ерриге а кхолларалла адамашка, Iаламе безам кхиош хиларх. ХIара могIанаш зорбане кечдеш хиира суна сайца цхьаьна дешначу Гелагаев Сайд-Мохьмадан, «Дийнатийн а, ораматийн а дуьне» цIе йолуш, керла книга араяьллийла а. Суна санна, цунах кхаъ хилла хир бу дуккха а книгашъешархошна. Дала тIаьхье беркате йойла!
АРСАМИРЗАЕВА Асет,
Россин Федерацин Журналистийн союзан декъашхо
Суьрта тIехь: Нохчийн пачхьалкхан университетан 1978-чу шеран выпуск, юккъерчу могIарехь мехкаршна юкъахь верг Гелагаев Сайд-Мохьмад
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо