Цхьаьна болх бар кхиаме хир ду

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Грозный-Сити» комплексан бизнес-туьшехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто Нохчийн регионан юкъараллин кегийрхойн «Диалог» боламца а, «Генезис» юкъараллин Фондаца а «Цхьаьна – экстремизмана, радикализмана, терроризмана дуьхьало яр» аьлла йолу «горга стол» дIаяьхьира.IMG_8833

Цигахь, коьртачу декъана, дийцаре дира лакхахь хьахийначу организацеша 2016-чу шарахь дан лерина гIуллакхаш.

«Горгачу столехь» дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана, Нохчийн Республикин кегийрхойн «Диалог» боламан куьйгалхочо Аюбова Лайлаа, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон изза цIе йолчу департаментан директора Хатуев Ислама, иштта регионан кхечу юкъараллин организацийн векалша.

Дагадовлар дIадолош йистхилира Аюбова Лайлаъ: ««Цхьаьна» проект кхочуш еш ю ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а. Кегирхойн «Иман», «Диалог», «Ахмат» боламашна юкъара леррина Iамийна тренераш бу тхан. Цара кегийрхошна довзуьйту экстремизмах, терроризмах, радикализмах лаьцна. 2015-чу шарахь дуккха а белхаш дIабаьхьна оха цу декъехь. Тахана ас даггара баркалла боху шуна аш бечу балхана. КхидIа а иштта белхаш, дIадахьа Дала ницкъ лойла вайна».

Вайн республикехь экстремизмах, терроризмах болу коьрта лазам бовзийтира Р.Дадаевс.

– Вайн кегийрхойн коьрта проблема, иза Ислам дин нийса девзаш цахилар ю. Ткъа, вайн республикехь дуккха а гIуллакхаш ду цу декъехь дIахьош, Дала мукъ лахь, иза вайн кегийрхошна пайдехьа доьрзур ду, – элира цо.

Дуккха а дийцира «горгачу столехь» экстремизмах, терроризмах, радикализмах лаьцна, цу декъехь дIадаьхьна а, дIадахьа лерина а гIуллакхаш билгалдехира цигахь.

Хь.БАХТАЕВА

 №37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: