Дагестанхошна уггаре юххера бу нохчий

345345345Шина республикина юкъахь зIенаш чІагІъяран Iалашонца Дагестанера официальни делегаци хилира Нохчийн Республикин территориальни кхиоран а, къоман политикин а, шуьйрачу коммуникацийн а министерствехь еарин дийнахь. Хьеший тIеийцира оцу министерствон куьйгалхочо Хучиев Муслима, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Музаев Анзора. Дагестанан агIорхьара цхьаьнакхетарехь дакъалецира цу республикин зорбанан а, хаамийн а министра Гаджиев IумарIусмана, къоман политикин министра Гасанов Алексейс, цуьнан хьалхарчу заместитела Ильясов Зикруллас, кхечара.

Хьешашка маршалла хоттуш, вистхилира М.Хучиев. Цо ма-аллара, таханлерачу дийнахь 30 сов къам деха Нохчийн Республикехь. Царна юкъахь бу Дагестанехь дехачу къаьмнийн векалш. Республикин юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцу цара массара а.

– Таханлера вайн цхьаьнакхетар тIаьххьара а доцуш, кхидIа а вайн халкъашна юкъахь вежараллин юкъаметтигаш чIагIйийриг хиларх тешна ву со, – элира Нохчийн Республикин территориальни кхиоран а, – къоман политикин а, шуьйрачу коммуникацийн министра.

Шен рогIехь Гасанов Алексейс ма-аллара, дагестанхойн уггаре юххера лулахой бу нохчий.

– Дуккха а къаьмнаш долчу тхан республикина хьашт ю Нохчийчоьнца йолу юкъаметтигаш, – элира А.Гасановс. – ХIунда аьлча цхьа истори а, цхьа дин а, цхьа культура а ю вайн. ХIинца кхуза дахкар а вуно мехала ду тхуна, хIунда аьлча, тхайн республикин къоман политика кхочушъяран стратегин гурашкахь тхайн зIенаш шоръяран Iалашо хIоттийна оха.

Дешаран декъехь шина регионо мехала юкъаметтигаш лелош хиларх лаьцна дийцира Музаев Анзора.

– Нохчийн дуккха а студенташ Дагестанехь доьшуш бу, – бохура цо. – Иштта тхан вузашка деша богIу Дагестанера кегийрхой а. Вайн шина республикина юкъахь доттагIалла чIагIдархьама оьшуш ду хІара тайпа цхьаьнакхетарш. Хиллачу цхьаьнакхетарехь вовшашна совгIаташ дира шина регионан векалша. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу «Нохчийчоьнан дог» маьждиган сурт делира Хучиев Муслима хьешашна.

ДIабахале хьалха Нохчийчохь бехачу шайн махкахошца цхьаьнакхийтира Дагестанан делегацин декъашхой. Вайн халкъашна юкъахь доттагIаллин уьйраш чIагIлург хиларх дегайовхо кхуллуш, къамел хилира цигахь.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: