Россельхозбанкан Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу филиало лахбина аренашкахь бIаьстенан а, аьхкенан а муьрехь бан леринчу белхашна оьцучу кредитийн ставкин барам.
Ахархоша кредит оьцуш меттиг нислахь, цуьнан ставкин барам 3,6 процент лахлур бу, ткъа кхиболчу юьртабахаман сурсаташ кхиочарна – 1,5 процент. Таханлерчу дийнахь республикехь болх беш болчу жимачу а, юккъерчу а бизнесан векалийн 15,21 процент бен ставкин барам а боцуш, кредит эца таро ю Россельхозбанкан республикерчу муьлххачу а офисехь.
Ала догIу, 2016-чу шарахь бIаьстенан а, аьхкенан а муьрана леринчу белхашна кредиташ даларан болх банко жигарбаьккхина хилар. ХIинццалц кредитана лерина кехаташ чуделла 12–15 де даьлчий бен жоп луш ца хиллехь, хIинца дуьйна и хан 5 денна тIе оьхьаялийна. Цул сов, хIинца ахархошна кредит ялтица такха а, ялта карадала а аьтто бина.
Россельхозбанкан Нохчийн Республикехула йолу коьрта филиал болх бан йолаелла 2001-чу шарахь. Тахана Нохчийн Республикин юьртан бахам кхиорна лерринчу кредиторех коьртаниг ю иза. Банкан Нохчийн Республикехула йолу коьрта урхалла йоцург, кхин а 21 филиал ю республикин районашкахь. 2016-чу шеран 1-чу мартана долчу хьолаца, филиалан кредитан «бохчанан» барам 19 миллиард бу.
Нохчийн Республикин экономике а, социальни декъе а банко хьажийначу ахчанан барам 55 миллиард соьмал сов бу.
И.ЧЕЧАНХО
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо