Соьлжа-ГIала – маьрша гIала…

«Domofond.ru» портало шен «Avito» партнераца цхьаьна бинчу талламан балха тIехь, Россин юкъараллин-политикин «Газета.ру» коьртачу интернет-изданехь Россин гIаланашна юкъахь уггаре а маьрша ю аьлла Соьлжа-ГIала.

  Сайтах пайдаоьцучара Россин гIаланашна юкъахь шайна хетарехь уггаре а кхерамазаллин йолу гIала билгалъяьккхина. Оцу харжамашкахь дакъалаьцна 310 эзар стага.

«Кхерамазалла лакхара ю аьлла билгалъяьхна Ханты-Мансийски автономни округ, Приволжски федеральни округ, Краснодарски край. Иштта,  кхерамазаллин ю аьлла билгалъяьккхина Соьлжа-ГIала а», – хаам бо «Газета.ру» изданис.

Оцу талламан дакъалацархоша «Со кхерамазаллин районехь Iаш ву, кхузахь буьйсанна ара вала кхераме дац» аларца хадош бара мах (уггаре а лакхара мах хадор 10 балл  йолуш). Соьлжа-ГIала 9,1 баллаца хьалха яьлла. ШолгIачу меттехь Нижневартовск ю 7,6 балл. Ткъа Сочин, Саранскан, Мурманскан, Армавиран кхерамазалла цхьатерра нисъелла – 7,5 балл. Цул тIаьхьа Чебоксары, Сургут, Нижнекамск – 7,4 балл. Тоьллачу итт гIаланах тIаьххьара ю Киров – 7,3 балл йолуш.

Москва 39 меттехь ю, Санкт-Петербург – 49. Ткъа уггаре а кхераме Волгоград лерина, иза 100 меттехь нисъелла.

 

Хь.АВХАДОВА

№37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: