«Ведучи» ян йолор ю 2017-чу шарахь

Нохчийчохь ян леринчу «Ведучи» курортан проект хIоттон йолийна «Къилбаседа Кавказан Курорташ» (КСК) олучу холдинган белхахоша. 1 миллиард соьмана лерина болу проектно-лахаран белхаш кхушара чекх а баьхна, 2017-чу шеран бIаьста дуьйна дIаболор бу «Ведучин» туркластеран хьалхара объекташ яран болх. Иштта хаам бина Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Резников Андрейс.Юкъара проект

   – «Ведучи» курортан баккъал йолу проект кхушара чекх а яьккхина, тIедогIучу шарахь дуьйна и проект кхочушъяр ю тхан Iалашо, – элира А.Резниковс.

Цо билгалдаккхарехь, курортана лерина долчу проектно-лахаран белхашна финансировани Федеральни бюджетера еш ю. Проект кхочушъян хьажийна долу бюджетан а, инвестицийн а ахчанан барам 2020-чу шарахь 32 млрд. сом хир бу аьлла, тIетуьйхира цо.

Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствос бинчу хаамца нийса догIуш ду 2020-гIа шо кхаччалц «Ведучи» проектана хьажийначу Федеральни бюджетан ахчанан барам 14 млрд сом хилар, ткъа республикин бюджетан а, инвестицийн а ахча – 13,8 млдр сом.

2013-чу шеран октябрехь дуьйна Итон-Кхаьллан кIоштахь кхоьллина ю туристско-рекрационни тайпана леррина экономикин зона. Цигахь ян лерина ю «Ведучи» курортан туркластер а. Шо хьалха Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара «Ведучи» курорт нохчийн халкъан ладаме проект ю аьлла, дIакхайкхийнера. Амма, цо билгалдаккхарехь, республикин бюджетан ахча кхийолчу инвестпроекташна дIахьажор бахьана долуш, курортаца боьзна белхаш дIаболон а, бан а ницкъ болуш яцара республика. Цул тIаьхьа Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Левс Нохчийчоьнан Iедална цу декъехь гIо-накъосталла дийр ду элира.

Курорт яран белхаш кхаа декъе декъна: леррина экономикин зона кхоллар, проект хIоттор, туркластеран объекташ яр. Курортана лерина билгалйинчу 1 500 гектара тIехь хир бу 15,5 км беха а болуш, 15 лаьмнийн лыжийн некъ а, 8 подъемник а, хьешацIенойн комплекс а, шален шахьар а, сервисан туьшаш а, лаьмнийн лыжийн школа а, ресторанаш а, кафеш а, иштта кхиерш а. Цул сов, аьхка садаIа а, спортана а, рекрацина а (бассейн, спа-центр) лерина аьттонаш а бийр бу.

Курортан туркластер йинчул тIаьхьа, дийнахь 4 800 стаг тIелаца лерина хир ю иза. Проект кхочушъяран декъехь 2 000 сов стагана болх хир бу, царах 700 белхахо тIаьхьалонна болх а луш, цигахь вуьтур а ву.

 

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: курортан проект

№37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: