Нохчийчоьнан куьйгалле хIоьттича, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шена хьалха хIоттийна коьрта декхар дара хIинцале а эзарнаш маьрша нах: зударий, къаной, бераш дайъина болу, вежарий вовшийн карах леш болу тIом сацор. Хьикмате стаг а, хьекъале политик а хиларе терра Ахьмад-Хьаьжа кхетара республикехь къиза хиламаш хиларна тIедалийна долу, федеральни центрана а, цуьнан субъектана а юкъахь къовсам хиларна тIедалийна долу бахьанаш дIа ца даьхча Къилбаседа Кавказехь керла тIемаш хиларх лардала аьтто хирг цахиларх. Хьекъале политик хиларе терра Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен коьрта стратегически декхар лорура регионна а, федеральни центрана а юкъахь тIейогIучу хенахь кхин цкъа а къовсам цахилийтар, хьалха къийсамаш хилла хиларан бахьанаш Iорадахар.
Дуьненан шолгIа тIом чекхбаьллачул тIаьхьа кхоллаелла йолу а, иттаннаш шерашкахь лаьттина йолу а халкъашна юкъарчу юкъаметтигийн система ши эзарлагIчу шеран чаккхенехь йоьхна дIаяьллера. Цо тIедалийра дуккха а мехкашкахь а, халкъашна юкъахь а бохаме тIаьхьенаш хиларна. И оьмар билгал ю шира пачхьалкхаш йохарца а, керла пачхьалкхаш кхоллаяларца а, цIий Iенош тIемаш а, халкъашна юкъахь къийсамаш а хиларца.
1991-чу шеран 8-чу декабрехь советийн кхаа республикин куьйгалхоша – Россин Президента Ельцин Бориса, Украинин Президента Кравчук Леонида, Белоруссин Лакхарчу Советан Председатела Шушкевич Станислава – Беловежски пущехь куьйгаш яздира йозуш йоцчу Пачхьалкхийн Содружество кхолларан хьокъехь болчу Бартана. Цуьнан преамбулехь билгалдоккхура ССР-н Союз дуьненаюкъара бакъо а, геополитикин бакъдерг а санна юкъара дIайолуш хилар.
1991-чу шеран 11-чу декабрехь СССР-н конституционни тергонан Комитето дIахьедар дира. Цу тIехь дIакхайкхадора Беловежскехь бина барт антиконституционни хилар. Цу дIахьедарехь билгалдоккхура Союзни бартана куьйгаш яздинчу ерриге а республикаша цуьнан кхолламан хьокъехь долу гIуллакх конституцин гурашкахь къастийначул тIаьхьа бен СССР йоха йиш цахилар.
1991-чу шеран 17-чу декабрехь СССР-н Лакхарчу Совето а дIакхайкхийра и Барт законца богIуш цахилар а, кхолладеллачу хьолехь советийн халкъийн дахаран хьашташца иза богIуш цахилар а. Цо лехам бира халкъан депутатийн чрезвычайни Съезд вовшахтохар тIедожош.
1996-чу шеран 15-чу мартехь Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думо тIеийцира «СССР Iалашъяран гIуллакхехула 1991-чу шеран 17-чу мартехь дIаяьхьначу СССР-н референдуман жамIаш Россин Федерацина – Россина юридически ницкъ болуш хиларан хьокъехь» №157-II ГД болу сацам. Цу тIехь билгалдоккхура Беловежскехь бинчу бартан СССР дIаяккхаран декъехь йолу положени юридически ницкъ болуш ца хилла, ян а яц, аьлла.
1999-чу шеран майхь Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думин лерринчу комиссис чIагIдира, Ельцина Бориса, Беловежски барта тIе куьг яздарца 1977-чу шеран СССР-н Конституцин 74–76-гIий статьяш; «СССР-на юкъара союзни республикаш дIайовларца доьзна гIуллакхаш кхочушдаран къепенан хьокъехь» долчу 1990-чу шеран 3-чу апрелехьлера СССР-н Закон; 1978-чу шеран РСФСР-н конституцин 4, 5, 68, 71, 76-гIий статьяш; «РСФСР-н Президентан хьокъехь» долчу 1991-чу шеран 24-чу апрелехьлерчу РСФСР-н Законан 4,6-гIий статьяш талхийна хилар. Комиссис чIагIдира Ельцин Бориса, «СССР йоха ца еш йита езаш хиларан хьокъехь РСФСР-н халкъаша 1991-чу шеран 17-чу мартехь дерриге а халкъан референдумехь бина хилла харжам тергал ца беш» пачхьалкх йохор юкъадаьккхина хилар. И дарца, комиссин декъашхошна хетарехь, цо РСФСР-н УК-н 64-чу статьяхь билгалдина долу «луьрачу зуламан билгалонаш йолу» зулам дина, «РСФСР-н конституционни статус бакъонаш талхош хийцарца, хIетахь хилла Iедалан союзни институташ хийцарца, союзни Iедал конституцица богIуш боцчу некъаца схьадаккхаран Iалашонца зуламе барт барца Даймахкана ямартло а еш». Делахь а оцу дерриге а документийн цхьана а тайпа бакъонийн а, политикин а тIаьхьенаш ца хилира.
1991-чу шеран 25-чу декабрехьлерчу шен дIахьедарехь США-н Президента Джорд Буша билгалдаьккхира: «Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобалбо Содружествон керлачу пачхьалкхаша маршонехьа бина исторически харжам. Карзахалла а, кегари а хила тарлуш хиларе хьаьжна ца Iаш, и хиламаш жоп луш бу тхан хьашташна» («Извести» газет, 1991-чу шеран 26-гIа декабрь).
СССР йохаро тIедалийра дуьненан политикин системехь синтем бохарна. Дуьненан юкъаралла сихонца гIуллакхаш дан дезаш хилира Советийн Союзан хиллачу мехкашкахь а, Малхбален Европехь а, керла пачхьалкхаш кхоллаеллачу меттигашкахь, вовшийн латташца а, бахамашца а доьзна тIеман къийсамаш хиларх лардалархьама.
1991-чу шеран 16-чу декабрехь Брюсселехь Евросоюзан Советан кхеташонехь Европин мехкийн МИД-н куьйгалхоша дIахаийтира шаьш керла кхоллаелла пачхьалкхаш къобалъян кийча хилар, нагахь санна цара массара а тIелаьцна дуьненаюкъара стандарташ ларъяхь, цара шайна хьокъала боллу тIелацамаш тIе а лацахь. Оцу тIелацамашна юкъадогIура: ООН-н Уставан положенеш, Парижски хартихула, Хельсински чIагIдаран актехула тIеэцна тIелацамаш кхочушбар, къаьсттина закон а, демократи а, адамийн бакъонаш коьрта хиларх хьакхалучу декъехь;
– ОБСЕ-хь тIеэцначу тIелацамашца нийса а догIуш, этнически а, къаьмнийн а тобанийн бакъонаш ларъяр тIелацар;
– дерриге а дозанаш дохо йиш йоцуш хиларан сий-ларам бар, уьш хийца йиш яц машаран некъаций, массеран а барт хилчий бен;
– герзаш юкъара дIадахарх а, ядерни герзаш дIаса ца даржорах а, ткъа иштта кхерамазаллех а, регионан синтемех а хьакхалуш болу берриге а хьокъала боллу тIелацамаш тIелацар;
– тIелацамаш вовшашца барт беш тIелацар, оьшуш хьал хилахь арбитраже дехар дан аьтто хилар хьесапе а оьцуш, пачхьалкхан бакъонех а, регионийн къовсамех а хьакхалуш долу гIуллакхаш къастадар.
Иштта гIулч яккхар оьшуш дара бакъонийн а, политикин а декъехь кхоллаелла йовлаза йолу пачхьалкхаш дуьненан бакъонийн а, къепенан а системина юкъаялорна, уьш вовшашца а, кхечу пачхьалкхашца а дуьненаюкъарчу бакъонийн гурашкахь латторна.
Делахь а, СССР йохар а, цуьнан субъекташ политикин цивилизацин хорша ерзо гIертар а цхьамогIа хьелашкахь кхиам боцуш хилира. Иза тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна дара, цу юкъахь Советийн Союзан федеративни дIахIоттаман башхаллех а. Мохк боьхначул тIаьхьа, цуьнан латтанаш тIехь керла пачхьалкхаш кхолларан «лазар» федеративни дIахIоттам болчу цуьнан субъекташка а кхечира. Советийн масех республика, шайна юкъахь Росси а йолуш, къаьмнийн автономеш йолуш яра, бакъонийн тайп-тайпанчу статусашца.
СССР кхоллалучу хенахь субъекташ автономни а, союзни а республикашка йоькъучу хенахь бухе диллинарг бахархойн барам а, кхечу пачхьалкхашца дозанаш хилар а, Россин имперех схьакхетале хьалха шайн пачхьалкх хилла халар а (цахилар а) дара. Билгалдаккха деза оцу билгалонех кхетор тайп-тайпана хилла хилар а, Советийн Союз йоьхначул тIаьхьа юридически ницкъ боцуш хилла хилар а. 1977-чу шарахьлера Конституци гIуллакхдечуьра сецча цхьана а тайпа бакъонийн бух боцуш йисина яра союзни республикийн а, царна юкъайогIуш хиллачу автономни республикийн а вовшашца йолу юкъаметтигаш. Цундела автономни республикаша шайн статус шаьш лакхаяккхар хир ду аьлла хеташ а дара, и бакъонца а хетара. Автономни хиллачу цхьайолчу республикаша шайн суверинитет дIакхайкхо гIертар а, Федераци юккъера дIайовла гIертар а, СССР-н хиллачу дукхах йолчу регионашкахь тIеман къийсамашка дирзина долу, советийн пачхьалкх йохаран тулгIе дIаяхар дара. Шен маьIне, бакъоне диллича, 1991-чу шеран декабрехь Беловежски барта тIе куьйгаш яздинчу Россин, Украинин, Белоруссин куьйгалхоша динарг, инарлас Дудаевс динчух кхин къаьсташ а дацара. Цара динчо тIедалийра сихха а, конституционни некъаца догIуш доцуш а Советийн Союз йохарна. И бахьана долуш Росси шен цхьадолчу латтанех елира, тайп-тайпанчу хенашкахь союзни республикашна дIаделла долчу. Цу хенахь республикашна юкъара дозанаш административни дара, союзни пачхьалкхехь уьш дехьа-сехьа озар хила дезаш дерг санна тIелоцура. СССР конституционни боцчу некъаца йохар Россин хьашташца догIуш дацара. Амма иза йохор дIадолийнарг а, юкъадаьккхинарг а Россин куьйгалла дара. Советийн пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа цуьнан хиллачу мехкашкахь тIеман къийсамаш хиларан коьрта бахьана иза вовшахтохарехь нисъялийтина галморзахаллаш хилла ца Iара, иштта, коьрта долчунна, политикин кIоршаме гIалаташ а, бакъонашца догIуш доцу гIуллакхаш дар а дара.
1977-чу шеран СССР-н Конституцин 72-чу статьяца нийса а догIуш, хIора союзни республикехь юьсуш яра паргIат СССР-на юкъара дIаяларан бакъо. Делахь а и бакъо цIархазмана, суьртана юкъаяьккхина яра. ХIунда аьлча СССР-н Конституцехь билгалбаьккхина бацара союзни республика СССР-на юкъара дIаяларан некъ.
И некъ (механизм) билгалбаьккхира «СССР-на юкъара союзни республика дIаяларца доьзна гIуллакхаш кхочушдаран къепенан хьокъехь» долчу 1990-чу шеран 3-чу апрелехьлерчу СССР-н Законехь. Документан 2-чу статьяца нийса а догIуш, союзни республика СССР-на юкъара дIаяларан хьокъехь болу сацам тIеоьцу референдум (халкъо кхаж тасарца) ярца союзни республикин халкъаша паргIат шайн лаам бовзийтарца. Референдум дIаяхьаран хьокъехь сацам тIеоьцу союзни республикин Лакхарчу Советан дIадолорца я СССР-законодательстоца нийса а догIуш, кхаж таса бакъо йолчу, биллина республикехь Iаш болчу СССР-н гражданийн уьтталгIачу декъо куьйгаш яздинчу лехамца.
Оцу законан 6-чу статьяца нийса а догIуш, СССР-на юкъара союзни республика дIаяларан хьокъехь болу сацам референдум ярца тIеэцна лору, нагахь санна цуьнгахьа СССР-н гражданех кхоалгIачу декъо цуьнгахьа кхаж теснехь. Бакъду и гражданаш биллина оцу республикехь Iаш хила безаш бу.
Законан 3-чу статьяца нийса а догIуш, шена юкъахь автономни республикаш, автономни областаш, автономни округаш йолчу союзни республикехь референдум хIора автономехь къаьсттина дIахьо. Автономни республикийн, областийн, округийн халкъашкахь юьсуш ю СССР-хь я цу юкъара дIайолучу союзни республикехь дисаран хьокъехь шеггара сацам тIеэцаран бакъо, ткъа иштта шен пачхьалкхан бакъонан статусан хьокъехь гIуллакх юкъадаккхаран бакъо.
Россин куьйгалло, халкъийн шайн кхоллам къасто а, советийн пачхьалкхан мехкан цхьааллин бакъо а талхош, дерриге а халкъан референдуман жамIаш хьесапе а ца оьцуш, сацам бира СССР-на юкъара дIадовларан хьокъехь. Делахь а Ельцин Борис дуьхьал хилира Нохчийн Республикин и бакъо къобалъярна. Хьал маьршачу некъаца къасто йолчу ерриге а таронех пайда а ца оьцуш, тIом болийра. Оцо Iаламат чIогIа вон тIеIаткъам бира Россин пачхьалкх когахIоттарна.
…Нагахь санна Ельцин Бориса, референдуман жамIашна инкарло а йина, СССР йохор дIадолийна хиллехь, шен Iалашоне кхачархьама, Дудаев Джохара пайда ца ийцира РСФСР-на юкъара дIадовларан хьокъехь референдум дIаяхьа йолчу таронах. Цунна иза дIаяхьа бакъо лора «СССР-на юкъара союзни республика дIаяларца доьзна гIуллакхаш къасторан къепенан хьокъехь» долчу 1990-чу шеран 3-чу апрелехьлерчу СССР-н Законо. Оцу документо билгалдоккхура дерриге а халкъан референдум дIаяхьарца Федерацина юкъара автономни республика дIаяларан таро. Делахь Дудаев а, цуьнан гIо лоцуш берш а тешна бацара шайн сепаратистийн ойланаш, хьежамаш халкъо къобалбийриг хиларх. Цундела, нохчийн цхьаболчу политикаша дIаяхьар лоьхуш хилла референдум дIа ца яьхьира. И дарца Нохчийчоь йозуш ца хилийтарехьа берш бакъонийн бух боцуш бисира нохчийн халкъан шайн кхоллам къасто бакъо хилар пачхьалкхехь а, дуьненахь а дIахьедан. Оцу тайпана нисделлачу хьоло дагатуьйсу хьал карзахдалале дикка хьалха дуьйна а политикин кризис тIеман ницкъаца дIаяккха лерина хиллий-те бохург.
А.ДЕЛИМХАНОВ,
Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат.
(«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа нохчийн халкъан сийлахь кIант» книга тIера)
(тIаьхье хир ю)
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо