Нохчийн халкъан хиндерг къастийна де

f21fdc2619ec5fc66efd4b8eb2c68d13

Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо  Кадыров  Рамзана референдум  дIаяьхьна а, Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна  а 11шо кхачар даздарна кечам баран вовшахтохараллин комитетан кхеташо дІаяьхира.

Цо билгалдаьккхира  23-гIа  март  нохчийн халкъан  историно  ха къастийна де  хилар.

«Оцу исторически дийно совцийра вайн халкъана хуьлуш долу вуонаш а, бохамаш  а. Референдум  дIаяхьар  юкъадаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу  Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо  шен  халкъана  маьрша   хиндолчун  бух биллира. Ахьмад-Хьаьжас  олура, ша референдум  халкъан  лаам, иза  мухха а  белахь а, кхочушбархьама  дIахьош  хилар. Оцу дийнахь  Нохчийн Республикин халкъо  тIеийцира  хIинца  цхьаьнгга а, цкьа а  хийцалур  боцу   исторически   сацам – Россина юкъахь  даха. Иза бакъонца  дерриге а халкъан  референдум   яра», – элира  Р.Кадыровс.

Цо билгалдаьккхира тахана  республика шен кхиарехь  хьалхахьа дIайоьдуш  хилар. «Кхузахь вовшахтоьхна Iедалан дерриге а дакъош, болх  беш ду закон, кхочушъеш ю инзаре  яккхий проекташ. Вай  долчу богIучара массара а  билгалдоккху  республика  сиха  кхуьуш хилар, тамашбо цуьнан бахархой   къинхьегам  безаш а, яккхий  Iалашонаш йолуш а хилар  бахьана  долуш  баьхначу баккхийчу кхиамех. ХIинца  вайн декхар ду  кхиамаш кхин а  алсамбахар», – элира  Р.Кадыровс.

Цуьнца цхьаьна   цо  билгалдаьккхира  шен  истори йицъян нохчийн  халкъан  бакъо  цахилар.

Цо  билгалдаьккхира  референдум  дIаяьхьна  а, Конституци  тIеэцна а  11 шо кхачарна лерина долу даздарш   а лакхарчу   тIегIанехь  дIадахьа   дезаш  хилар.

Вовшахтохараллин  комитетан председатела   Абдурахманов Дукхувахас дийцира дезачу  дийнан  гIуллакхийн план кечйина а, чIагIйина   а  хиларх лаьцна.

«ДIахьош  ду  республикин  гIаланаш  а, ярташ а  тематически   кечъяр. Коьрта даздар  хир ду  Соьлжа-ГIалин коьртачу   майданахь. Цигахь  хир ю дезачу дийнан  концерт. Дезачу дийнан дуккха а  гIуллакхаш  кечдеш  ду  дешаран  учрежденешкахь, министерствошкахь, районийн администрацешкахь. Iилманийн  академи а, Яздархойн  союз а Россин  Президентан  Путин Владимиран,  Нохчийн Республикин  хьалхарчу  Президентан  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  гIуллакхийн  хьокъехь  болу  болх арахеца   кечбеш ю. Иштта гайта  кечъеш ю референдумана  лерина  йолу   передачаш. Референдуман  уггаре а жигара  дакъалацархой  билгалбохур   бу совгIаташ  дарца», – элира  Д.Абдурахмановс.

Вовшахтохараллин  комитетан кхеташонехь  дакъалецира   республикин  Правительствон Председатела Эдельгериев  Абубакара, Республикин  Куьйгалхочун, Правительствон  Администрацин  куьйгалхочо Даудов  Мохьмада Правительствон  вице-премьераша, декъашхоша.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон  пресс-служба   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: