Хонкарахь юха а теракт йина. Оцу бохамехь 7 полицейски кхелхина, 27 полицейскина чевнаш йина. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна цхьана а террористически боламо.
***
Шемахь герзаш деттар сацоран хьокъехь болчу бартана тIетайна 53 юьртара а, гIалара а бахархой, Iедалан эскаршна дуьхьал тIом беш хилла йолу 44 тоба.
***
Шемара Пальмира шахьар минех цIанъярехь дакъалоцуш бу Россера сапераш. Дуьненахь уггаре а тоьлла техника ю цаьргахь.
***
Таиландан къилбехь цхьамогIа теракташ йина. Оцу бохамашкахь маьрша цхьа стаг вийна, 11 стагана чевнаш хилла.
***
Вьетнаман исторехь дуьххьара Парламентан Председатель зуда хаьржина. Цуьнгахьа кхаьжнаш тесна дукхах болчу депутаташа.
***
Ядерни кхерамазаллин хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре деш дуьненаюкъара саммит дIаяьхьира Вашингтонехь. Цигахь дакъалаца ца яхара Россин делегаци.
***
Польшин Iедал шайн махкахь болу советски бIаьхойн берриге а хIолламаш дIабаха лерина ду. Уьш цигахь 500 бу. Нагахь цара иза дахь, Росси и тергал ца деш Iийр яц.
***
Францехь йоккха забастовка дIаяьхьира мехкан профсоюзийн декъашхоша. Цара дIахьедира къинхьегаман законодательствехь бинчу хийцамашна шаьш реза цахилар.
***
Россис ГIиргIизойчоьнна гIо дийр ду лаккхара корматалла йолу эскар вовшахтохарехь. Оцу Iалашонца оцу махка леррина инструкторш хьовсор бу, церан эпсарш Россин дешаран заведенешкахь Iамор бу.
***
Россин Президента В.Путина куьг яздина хIокху бIаьстенан-аьхкенан муьрехь 155 эзар жима стаг эскарехь гIуллакхдан кхайкхаран хьокъехь долчу Указна.
***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс хаам бина Россехь 45 спортивни объект ярна 2,3 миллиард сом ахча хьажориг хиларан хьокъехь.
***
Дагестанерчу Каспийск гIалина гена доццуш полицейскин ши машен эккхийтина. Цигахь 1 полицейски велла, 2 полицейскина чевнаш йина.
№37, шот, оханан (апрель) беттан 2-гIа де, 2016 шо