Дешарна модернизаци ярна – 22 миллион сом

Россин Федерацин Правительствос 22,186 миллион сом лур ду Нохчийн Республикин дешаран системина модернизаци ярна. Иштта хаам зорбане тоьхна Россин Федерацин Правительствон сайта тIехь.ио

   Дешаран системина модернизаци ярна 247 миллион сом дала леринчу Россин Федерацин 24 субъектех Нохчийн Республикина уггаре а доккха дакъа кхаьчна. Цул сов, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектех а Нохчийн Республикина бен ца хьажийна оцу Iалашонна федеральни бюджетера ахча.

Школашкахь таханлерчу хьашташца йогIуш йолу хаамийн-библиотекийн туьшаш кхолла а, школин библиотекийн фондаш тIеюза а хьажор ду и ахча.

Иштта, хьехархойн корматалла лакхаяккхар а, царна стажировкин майданаш яр а, предметан а, книгийн а сеташкахула йолу юкъараллаш кхоллар а Iалашоне эцна ду.

Билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин 2016-чу шеран бюджетехь дешарна  билгалдинарг 14 232,57 миллион сом ахча хилар.

И.ХАНОВ

№37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: