Къийсаман эвсаралла кхин а лакхаяккха еза

Масех де хьалха Нохчийчоьнан прокуратурехь рогIера кхеташо хилира коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран ведомствошна юкъарчу белхан тобанан. Кхеташо дIахьош вара Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди. Цигахь дакъалоцуш бара бакъонаш ларъяран, терго латторан органийн куьйгалхой, юкъараллин организацийн векалш.

   Кхеташо дIа а йолош къамел динчу Ш.Абдул-Кадыровс тидам тIебахийтира коррупцина дуьхьал къийсам дерриге а дакъошкахь дIахьош хиларна. Цо билггал бакъдерш а, терахьаш а далош довзийтира коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарехь долу хьал. Билгалбехира оцу декъехь белхан тобанан хилла кхиамаш. Хьулам ца бира балхахь нисделлачу кхачамбацарийн а.

Республикин прокурора дийцарехь карарчу шеран дIабаьллачу кхаа баттахь гучадаьккхина диъ эзар талхор. Уьш дIадахаран Iалашонца кхо эзар сов акт яздина прокуратурин белхахоша. Царна тIе а тийжаш, даржера 1 424 стаг жоьпе озийна.

Абдул-Кадыров Шарпуддис билгалдаьккхира бакъонаш ларъяран органаша коррупцина дуьхьал дIахьош болу къийсам дикка жигарабаьккхина хилар. И бахьана долуш гучудаьккхина коррупци лелоран 60 сов зулам. Царна юкъахь 40 зулам кхаьънаш эцарца а, даларца а доьзна ду. ХIетте а, цунна хетарехь, республикин прокуратуро ницкъаш цхьаьнатохарехь деш долчу гIуллакхашка хьаьжна ца Iаш, бакъонаш ларъяран органаша цхьаьна белхаш бар, царна юкъахь йолу зIе хьалхахIитточу лехамашна жоп луш яц. Лакхахь далийна долу бакъдерш, терахьаш коррупцин зуламаш даран бараме диллича тIех лахара ду. Республикин цхьайолчу районашкахь коррупцина дуьхьал къийсам дIахьош бан а бац. ТIаьхьарчу 15 шарахь цигахь гучу ца даьккхина кхаъ эцна хиларан цхьа а бакъдерг. Оцу декъах жоп луш берш белхан юкъарчу гайтамашна тIехьа а лечкъаш Iаш бу. Оццу хенахь цигара кхочуш болчу хаамаша тоьшалла до латтанаш дIасадекъаран, дIасадаларан декъехь кхаьънаш эцар чIогIа даьржина хиларна. Делахь-хIета, оцу декъехь деш долу зуламаш гучудахарна къаьсттина тидам тIебахийта беза.

Шен къамел дерзош Нохчийчоьнан прокурора белхан тобанан декъашхошка дийхира коррупцина дуьхьал дIахьош болчу къийсаман эвсаралла кхин а лакхаяккхар, оцу балхахь нислуш долу кхачамбацарш дIадахар. Цо аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тидамехь латтош ду коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран гIуллакхаш. Цундела дерриге а дан деза коррупци, лахйина ца Iаш, юьззина вайна юкъара дIаяккхарехьа.

С.ХУСЕЙНОВ

 

№37, шот, оханан (апрель) беттан  2-гIа де, 2016 шо         

  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: